Вайн республикас дакъалецира х1ора шарахь д1ахьочу «Дашо гуьйре» Йерригроссин агропромышленни гайтамехь.
Иза д1айехьира Москохарчу Тимирязевн ц1арахчу гайтаман центрехь эсара беттан 12-г1а де т1екхаччалц.
Форумехь хиллачу регионан делегацина, Дагестанан Республикин Куьйгалхочун Меликов Сергейн ц1арах, коьртехь вара регионан Правительствон председатель Абдулмуслимов 1абдулмуслим.
Вайн стендо гайтира республикин юьртабахаман таронаш, экологин ц1ена а, дикачу а сурсаташца хьал долуш хилар. Республикин агропромышленни комплексан шиъ платформа йара: продукци йовзийтарна а, з1енаш тасаран а, проблемаш йийцаре йарна а, зеделларг вовшашца довзийтарна а; шолг1аниг — дийцарш д1адахьа а, контракташ йан а, тайп-тайпана официалан делегацеш т1еэца а лерина йолу.
Гайтам вовшахтоьхначара билгал ма-даккхара, стенд гайтамехь уггаре а дукха хьовсархойх цхьаъ хилира.
Гайтаман хьалхарчу дийнахь республикан стендехь хилира Дагестанан Правительствон председатель Абдулмуслимов 1абдулмуслим. Цо къамел дира хьешашца.
Дуьххьара стенд т1е баьхкинчарна юкъахь вара мехкан коьртачу юьртабахаман К.А. Тимирязев университетан дешархо, дагестанхо Багаудин Османов. Хlинца иза 4-чу курсан студент ву.
Багаудина элира, Дагестанан Правительствон председательца цхьаьнакхета дукха хенахь дуьйна шен лаам бара, аьлла.
Дешархочо билгалдаьккхира, ша и билггал йолу дешаран заведени а, «Ларйина а, йиллинчу а латтанийн ораматаш кхиор» аг1о а ша хаьржина хилар ларамаза ца хилар, х1унда аьлча, оцу говзалло кхид1а бан безачу балхана хаарш ло.
«Карарчу хенахь агрономийн говзанчаш ч1ог1а лехаме хуьлуш бу, ткъа вайн республикехь шортта бу дика а, говза а агрономаш. Цундела оцу университете деша вахара со. Хlинца т1аьххьарчу курсехь ву, дипломни болх ларбан дагахь ву со», — элира Багаудина.
Йуьртабахаман а, пачхьалкхан урхаллин а декъехь кхиамийн масал ду шена Дагестанан Правительствон председатель Абдулмуслимов 1абдулмуслим, аьлла, билгалдаьккхира цо.
«Стендах дерг аьлча, Дагестан кхечарех къаьсташ ю шен тайп-тайпаналлица а, хаза чам болу сурсаташца а. Ас ч1ог1а дозалла до кхушара «Дашо гуьйре» гайтамехь сан республика дакъалоцуш хиларх. Кху шарахь иза шен дерриге а сийлаллица гучуйелира, ахархойн кхиамаш а гайтира. Суна а, сан накъосташна а ч1ог1а хазахийтира дерриг а.
Стендан дуьххьарлерчу хьешашна юкъахь вара Оьрсийчоьнан чаг1аран а ассоциацин кхочушдаран директор Плотников Алексей.
Цо лаккхара мах хадийра стендийн арахьара д1ах1оттаман а, стилан а, къаьсттина кемсийн экспозици йолчу меттиган. Иштта цо билгалдаьккхира кемсаш кхиорехь Дагестанан кхиамаш.
Карарчу шарахь 296 эзар тонн кемсаш гулйан лерина вайн республикехь, иза стохкачул 13 эзар тонн алсам ду. Т1едог1учу шина шарахь 1354,8 гектар гергга керла кемсийн бошмаш д1айиллина йу.
Иштта Дагестанерчу стендехь хилира Волгоградан к1оштан губернаторан заместитель Иванов Василий а.
Цо ша къилбаседан к1оштахь хиллачу хенахь цуьнан хазаллех воккхавеш лаьттира, аьлла, хадам бира.
Регионан Премьер-министра Абдулмуслимов 1абдулмуслима хьешашна йуьртбахаман брендийн совг1аташ дира.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ