Кизлярехь дIадехьира «Дагестанан доьзал» цIе йолу дезде

Кизлярски районехь Аверьяновка ц1е йолу юьртан Культуран а, сада1аран а центран территори т1ехь масех сахьтехь йоккха четаран г1ала д1ах1оттийна яра.
5 йа цул сов бераш кхиош болчу боккхачу доьзалийн а, лерринчу операцин декъашхойн доьзалийн а, буобераш кхиош болчу доьзалийн а республикан «Дагестанан доьзал» ц1е йолу дезде д1адахьа д1ах1иттийра 18 муниципалитетан четарш.

Оцу даздаршна куьйгалла деш йара Дагестанан Республикин Правительствон Председатель Абдулмуслимов 1абдулмуслим коьртехь волу йоккха 1едалан делегаци. Сийлахь хьешийн юкъахь бара министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, Дагестанан Къоман Гуламан депутаташ, юкъараллин белхахой и д1. кх. а.
Гуламехь сирла а, хаза а духарш алссам дара. Хlора четар чохь гуш дара пох1мечу пхьераша дина куьйган говзаллаш а, мерза кхачанаш а, дашочу гуьйренан комаьрша стоьмаш а. Махкахь а, дозанал арахьа а вевзаш волчу г1оьнчин Газимагомедов Газимагомедан доьзало дечиг т1ехь дина плов а, инзаре йаккхийчу самоваран чохь чам болуш чай а долуш, д1адехьира доггаха дезде. Цара мероприятин декъашхошна кечдина 4000 эзар сов чайнан бокал а, 1 эзар сов порци плов а дара.
Оьрсийн кухнин кхачанаш а, самовар чуьра чай а, мотанка куклаш а, тайп-тайпана йург1анаш а, кхин а дуккха а х1уманаш гайтира кизлярхоша. Четар чохь оьрсийн а, казакийн а культура йовза йиш яра хьабеанчу нахана. Кизляран культуран центрера а, г1алин берийн исбаьхьаллин ишколашкара а белхалоша дийцира цуьнах лаьцна оцу четарна т1е мел веъначуьнга. Кизляран мэр Шувалов Александр а, Кизляран к1оштан куьйгалхо Микиров Аким а оьрсийн кертахь цхьаьнакхийтира Дагестанан Правительствон председателца Абдулмуслимов 1абдулмуслимца а, министерствийн, урхаллийн куьйгалхошца а, кхечу хьешашца а.
Хьеший бепигца т1елецира Пачхьалкхан Кизляран Терекан казакийн иллин ансамблан артисташ. Оьрсийн кертахь лекхира казакийн а, халкъан а иэшарш. Премьер-министро, мероприятешкахь дакъалаьцначу кхечу нахаца цхьаьна, массо а четаршка хьаьжина, къамелаш дира муниципалитетийн векалшца, пхьерашца, артисташца. Цунна ч1ог1а хазахийтира ц1естан чаьмза пхьегlаш йеш волчу говзанчо бина болх.
Шейхов 1умар Хасавюьртан к1оштан Ичичали юьртара кхоалг1ачу т1аьхьенан говзанча ву, Дуьненаюкъарчу а, Ерригроссин а фестивалийн а, гайтамийн а декъашхо ву. Цо куьйга йинчу пхьег1аша а дезчу дийнан массо а хьешийн самукъадаьккхира. Массарна а гуш, кхин цхьа хаза пхьег1аш йинера цо. Кизляран берийн а, кегийрхойн а ц1ийнан исбаьхьаллин майданахь хилира Дагестанан премьер-министр Абдулмуслимов 1абдулмуслим.
Шен къамел динчул т1аьхьа премьер-министро совг1аташ а делира дукха бераш долчу доьзалшна. Кизляр йовзийтира боккхачу Газимагомедовг1еран доьзало. Шаьшшиъ даьхначу 28 шарахь Салихьа а, Парисас а 6 бер кхиийна. Тайп-тайпанчу г1аланашкара а, к1ошташкара а 18 доьзална кхаьчира совг1аташ. Даздарш йоккхха концертаца д1адирзира.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля