Къонахий леш бац!

Даймехкан к1антана — Сулейманов Ахьмадана.
Хьо-м парг1ат ма Іуьллу, х1умма а ца хилча санна, баьццарчу юрг1анах а хьерчаш. Стиглара буссучу баланал т1ех сов дазделлачу лаьттара г1уьттучу зуламо хеназа къандинчу, къоьжачу лаьмнийн бІаьргашца дуьнене а хьоьжуш, хилларг ца хууш я хиллачо 1адийча санна. Хьо йоха а ма ца юьйхи я дог а ма ца иккхи хьан, я мохь узар а, дена к1ант санна, хьайна тешаме хилла таханналц хьайн дуьхьа деттаделла дог, т1улг хилла, сецча, шена чохь хьо таръяллал доккха хилла долу. И хьан когашкахь кхиъна ма вара, ден когашкахь кхиазхо санна, хьох дерг бен Іилма а я къилба а доцуш, ненах бер санна, хьох ойла а хьерчаш. Цо хала ма ловра хьох хьакхаделларг. Берд такхар а, мохо поп божор а, шовда лакъар а, къаночо уьстаг1ан пханара т1ера санна, хьан т1улгийн бердаш т1ера кхолламан йозанаш а доьшуш, юха и дерриге а, ден цІийца лозу беран вуо санна, шен цІийца лаза а лозуш. Цо дуккха а ма дуьйцура хьан гуш йоцчу дахаран агІонех. Эвхьечу мехкарийн син цІергахь баьгначу аьрхачу къонахийн синхаамийн ц1еналлех а, мехкан эшам къоман иэсе санна, лайн хьаьттах лаьтта т1е юьжучу къорачу тийналлех а, син цхьалла язъелча, баттана уг1учу берзан амал йовза хьаьгна ламанийн хьаннашкахь кхерстачу цхалхачу илланчийн деган лехамех а, дахаран хазаллех а, юха цуьнан къизаллех а, юха еххачу ханна хьан цхьалха цхьа йиссарх а, адамийн йовхонах хьега. И геннара ма вог1ура хьуна т1е, кхане гена а хетий, Іуьйрана хьо шен меттехь ца карорна кхоьруш, хьан когашка вижа, Далла хьаставала, хьан букарчу бердех дагавийла, хьан стиглахь аьрзунах тахка, ре1анна а доцуш, боккъал а хьан къина доьлхучу шовданех 1аба, б1ешерашкахь хьо дан ца кхиъна деза до1а а хилла, лаьттах хьоналла санна, хьох д1аэн, хьан кийрахь хьулвала, я абаде абдалца хьо шен дагчохь къийла. Делахь а иза адам ма дара, г1орасиз адам, цуьнан ницкъ ма ца кхочура (шел хьалхалерачийн а санна) хьан орцанан мохь дуьненна дІахазийта, цхьалхачу берзан кураллий, стешхачу чангІалкхийн къизаллий, цхьана т1eг1aна т1е а хІоттийна, мекарчу дуьненна къежа а, я цу заманан лехамех кхета а. Иза къийсамехь кхиъна ма вара, толаман дех стаг хоьгур воцчу къийсамехь. Цуьнан дерриге дахар а, вахаран маь1на а къийсам ма бара. И ша цхьаъ ма вара цу къийсаман арахь (цхьа кІеззиг болу накъостий ца лерича) шен нуьцкъалчу герзаца, онда хилла долчу дашца харцонна дуьхьалх1уттуш, къонахчун цІийнан маь1иг чукхетта хир ю бохучу кицанан масал а хилла. Иза къонаха ма вара, цІийнан а, юьртан а хилла ца Іаш, — мехкан къонах. Иза кхоьллина а ма вара къонахашна масална аьлла, ишта дІа а ма вахара, цкъа мацца а баьгна бовр болу малх санна вага а ваьгна, цкъа а йовр йоцу серло т1аьхьа а юьтуш. Цундела хир ду-кх хьан парг1ат Іиллар, баьццарчу юрг1анах а хьерчаш, къонахий леш бац бохучу дашна т1е а доьг1на, Делан ницкъана хьан к1ел сацар а, х1ай декъала хиллачу к1ентан нана — декъаза Нохчийчоь.
Малаков Ваха

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля