Накъост

– ХIай сан дика накъост! Масех шо ду хьо сан са дадийна лела… – лекхачу лаьмнашкахь шен тешамечу динца къамеле велира обарг. – Массарна а санна, суна а дезара маьрша дахар… Сийдоцчу Iедало нехан сий хьоьшуш лан а ца делла, ваьлла со кху новкъа, безачех, бевзачех а хаьдда. Цу дийнахь соьца цхьаьна хьо а йуьртах ваьлла, – кIац йиллина лаьттачу говрана тIе дайн куьг а хьаькхна, дIатийра обарг.
Буьрсачу Iаьнан цIевзина йеана шийла буьйса йахйеллера шинне а. Стигалара бутт а, седарчий а, кхушинна уллехь йогу цIе а, шайн махуьллу церан дахар серладаккха а, дохдан а гIертара, амма церан ницкъ ца кхочура и дан. Обарг вехха Iийра, вист a ца хуьлуш. Эххар а цо элира:
– Наха шайн дой довхачу божал чохь, луш хIоъ а болуш, хьаьвда дуьззина хьалха дуьллуш докъар а долуш, кхобу. Ткъа хьо, сан дика накъост, суна томана санна, дитта тIера ас даьхна генаш а дууш, лаьтта кху гIорийнчу ломан чIожахь. ТIекIел ши буьйса цхьанхьа йаккха йиш
йоцуш со лелар бахьана долуш, дукха цатемаш хуьлу хьуна. КъинтIера йериг хир йу-кх хьо суна… хьан къинна со валарг?!
Беречо дуьйцучух кхеташ, къонахчунна синтем бан санна, цуьнан белша тIе корта а биллина, дIахIоьттира дин. Жимма Iийча, ша лаьттачохь наб озийра говрана. Попах букъ тоьхна, обарг a дIатийра…
Iаьнан йеха буьйса йуккъе йаханера…
Генарчу кIотарахь йоккхачу стагана гIан дайра. Шен кIант гора цунна, топ а буйнахь, попах букъ тоьхна Iаш. Йайначу цIеран йисинчу алу тIе мох хьаькхча дуьйлучу суьйнаша цкъацкъа мелла а серладоккхура цуьнан сих схьаваьллачун йуьхь-сибат.
– Со йала хьан къинна, – хорамо эшийна, легашкахь сецира Ненан мохь.
Ша везаш кхиийнчо бекъа йолуш дуьйна йезаш кхиийна дин гора йоккхачу стагана гIенах. Цо кIанте ден къамел а хезара: «Со къинтIербаккха декхарийлахь вац хьо, сий долу къонах! – элира дино. – Ас хастам бо вайшиъ Кхоьллинчунна, Цо сайн букъ тIе хаийнарг букъ тIехь лело сийлалла йерг хиларна. Ткъа хIара дуьне-м, вайшиннах дисина а ца Iаш, оцу довхачу божалшкахь дежачу дойх а, йовхачу хIусамашка чубирзинчу берех а дуьсур долуш дай!.. МостагIчуьнгара чIир эца воьдуш, хьан оьгIазло хаайелча, чехка хьо цунна тIекхачо хьожу со. ЧIир
эцна, йухавирзича, кIиллоша кIело йина хиларна кхоьруш, адамех хьулвеш, къайлаваккха сихло. Хиндерг хууш верг Дела бен вац!.. Кхоьру-кх, со Iожалло хьол хьалхабаьккхина, хьо накъост воцуш висарна а; хьо хьалха а ваьлла, со цхьалха бисарна а. Везачу Дала, цхьаьна а долуш, машаречу дахаре йухадерзадойла вайшиъ, йа шиннан а дахар цхьана дийнахь хададойла… Хастам бу-кх вай кхоьллинчу Далла…»
Ломахь сатесира. Ламаз а эцна, лай тIе ламазна верта а тесна, къилбехьа вирзира къонах…
БIаьсте йала генна дара, ткъа нохчийн къоман маршо а, бусалба динан паргIато a тIекхача-м бIешераш довла дезара…
Ельсаев Iаламахьад

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля