Нохчийн Республикин йаздархошна совгIаташ делира

Чиллин беттан 28-чохь, Соьлжа-гIалахь Къоман библитекехь Нохчийн Республикин йаздархошна ахчанан совгIаташ делира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо. Цул сов, Нохчийн Республикин йаздархойн союзана «Гранта» цIе йолу 4 машен а йелира.
Къоман библиотекин йоккхачу зала чохь цу мериприяте кхайкхина Нохчийн Республикин Правительствон а, Парламентан а декъашхой а, йаздархой а, журналисташ а, вузийн студенташ а, нохчийн литература йезархой а бара.
СовгIаташ дIадала веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо ГIалас Таймасханов. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, нохчийн халкъан историко-культурин тIаьхье ларйар а, кхиор а Iедалан коьртачу тергонехь хилар. Цо НР-н Хьалхарчу Президенто, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла дешнаш далийра: «Халкъ, къам санна, деха, цо шен мотт а, культура а мел ларйо».
Нохчийн къоман гуттар а хилла цIейаххана йаздархой. Цара шайн кхоллараллица доккха дакъа лаьцна халкъан культура кхиорехь. Таймасханов ГIаласа элира, йаздархошна совгIаташ даларан хьокъехь Правительствон кхеташонехь предложени йалийнарг НР-н Правительствон Председателан заместитель Кадырова Iайшат йу аьлла.
Шайн балхахь баккхий кхиамаш баьхначу йаздархошна Iедалан цIарах кхин а совгIаташ делира кху цхьаьнакхетарехь. Иштта, нохчийн мотт а, литература а, къоман культура а кхиорехь доккха дакъа лацарна, «Нохчийн Республика кхолларан бIе шо» цIе йолу медаль йелира йаздархочунна Мамакаев Эдуардана. «Нохчийн Республикин халкъан йаздархо» аьлла цIе йелира йаздархошна Ахматукаев Адамна а, Цуруев Шарипна а, Тугузов Асламбекана а. Ткъа иштта нохчийн мотт а, литература ларбарехь а, кхиорехь а жигара дакъа лацарна НР-н куьйгалхочун цIаран Баркаллин кехат делира НР-н йаздархойн союзан председательна Ельсаев Iаламахьадана.
Йаздархойн союзан цIарах Ельсаев Iаламахьада Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна лерина Айдамиров Абузаран 90 шо кхачаран хьокъехь йолу медаль йелира, цуьнга дIало аьлла.
Цхьаьнакхетар дерзош, Йаздархойн союзан председатела массо йаздархочун а, шен а цIарах даггара баркалла элира шайн белхан терго йарна а, гIо дарна а. Иштта цо баркалла элира НР-н Правительствон Председателан заместительна Кадырова Iайшатна йаздархошна совгIаташ далар цо йукъадаккхарна.
Арсанукаев Муса

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля