«Муьлхха а мотт, шен г1иллакхашца, 1адаташца, кхоллараллица болу, хуьлу ч1ог1а мехала а, ша-тайпана а, х1ора адаман дахар санна… «
Иштта мах хадийна хилла ЮНЕСКО-н коьрта куьйгалхочо Коитиро Муцуурас масех шо хьалха.
Шеко йоццуш, 1адаташ, г1иллакхаш, къоман ша-тайпа башхаллаш, халкъан синкхетам, г1иллакх-оьздангалла — массо а х1ума дог1у цу йукъа.
Амма массо цхьатерра ца кхета, вай муха 1алашбан беза, кхио беза ненан мотт, къоман г1иллакх-оьздангалла.
Меттанийн талламхоша биначу белхашкахь билгалдаьккхина ду, кху б1ешарахь дуьненчуьра барна кхерам бу аьлла 90% меттанаш.
Мел халахеташ делахь а, цу бовш болчу меттанашна йукъабог1у Дег1астанера къаьмнийн меттанаш а.
Цу йукъабог1у т1аккха Дег1астанера ишколашкахь 1амош болу нохчийн мотт а (аьккхийн диалект а).
Цкъа «Дег1астанара хьехархо» ц1е йолчу газета т1ехь билгалдаьккхира, ненан мотт 1амо лууш болчара заявленеш йаздан деза аьлла. Дукхахболу дай-наной т1аккха нийсса б1останехьа кхийтира. Сихбелира заявленеш йаздан, шайна чохь бийцича тоьа ненан мотт, бовш болчу ненан матто дешар кхиарна т1ехь новкъарло йо аьлла. Конституцино ненан мотт 1амо шен лаамехь ду аьлла билгалдаьккхира, шена луъу мотт харжийтар- да-нана тайп-тайпана къомах хилча.
Ненан маттах йукъахбитина бераш новкъарло йан буьйлабелира.
Со ненан мотт хьеха йолайелла Хасавюьртан к1оштара Хамавюьртарчу йуккъерчу школехь 1986 дуьйна.
Х1инца тхан школа А. Аджиевн ц1арах йу.
Тхан йуьртахь бехаш бу нохчий, г1умкий, суьйлийн масех доьзал.
Дег1астанахь меттанаш бовш хиларан бахьанаш массарна а девзаш а, гуш а ду.
Тахана интернет-ресурсаш, телефонаш, гаджеташ, телевизорш чухула буьйцуш хезаш берг оьрсийн, ингалсан мотт бу дукхахьолахь.
Иштта а к1езиг долу сахьташ х1ора шарахь хедош ду.
Цкъа Хасавюьртара педколледжехь научно-практически конференцехь аса масал далийра куйнаш дечу пхьерах лаьцна, цхьана ц1оканах ворх1 куй бина волчу шена т1едилларца. Ворх1 куй-м цунна тегабелира, амма цу куйнаша муьлха корта бохбийр бу, йа муьлхачу стеган сий лардийр ду? Куйнан сий ворх1е дайша ч1ог1а лардеш ма хилла. Йа музейш чу бахка бина хилла уьш?
Иштта хир дуй-те вайн меттанашна т1ехь х1оьттина хьал аьлла хаьттича аса, зала чохь массара а ч1ог1а т1араш диттира, хьала а г1овттуш.
Амма, схьахетарехь, халкъана лаарх, цхьаболчеран кхин 1алашо йара.
И куйнаш санна, сахьташ а лахдира.
Х1окху дешаран шарахь программица билгалдаьхна сахьташ вуно к1езиг ду.
1/1.Цхьа сахьт нохчийн маттана, 1сахьт литературина.
Бакъду, Дег1астанахь массанхьа цхьатерра а дац. Хасавюьртахь2/1, Новолакски к1оштахь а иштта, цхьайолчу йарташкахь а иштта.
Тайп-тайпана къаьмнаш дехачохь бераша вовшашка дукхахьолахь оьрсийн мотт буьйцу.
Берашна дика ца хаьа йа дийнатийн, бецийн, диттийн а ц1ерш. Нохчийн маттахь арадолуш цхьа а берийн журнал а дац республикехь.
Нохчийн маттахь арадолуш цхьа газета ду «Нийсо — Дагестан», йерриге материалаш а нохчийн маттахь ца йовлу зорбане.
И газетан тираж а де-дийно лахлуш йу, бакъду, коьрта редактор волчу Якиев 1умара къа ца хьоьгуш а дац. Шен маттах ч1ог1а доглозу цуьнан, амма вукху газеташна санна цунна йазвалар т1едиллина дац, мел халахеташ делахь а. Аьтто бац, йа деша хан йац олурш а бовлу.
Ишколера йа йуьртара библиотекашкахь цхьа а нохчийн исбаьхьаллин литература йац берашна йеша, церан йеша лаам хиларх а.
Нохчийн мотт безаш а, хаарш долуш а бераш хиларх а, ишкола чекхъйаьккхинчул т1аьхьа школе балха бахка ца лаьа царна. Хьуна санна и балур бац тхуна олуш берш а бовлу, алапа к1езиг ду а олу.
Цундела хаза кхаъ хилира, сан хилла дешархо школе лахарчу классашка хьеха еача.
Бакъду, мел халачу хьелашкахь болх беш хиларх а, Дег1астанара нохчийн меттан хьехархой мотт д1атесна 1аш бац. Шайн ма-хуьлу тайп-тайпана белхаш, цхьаьнакхетарш, ламасталлин йоцу урокаш а, поэташца, йаздархошшца цхьаьнакхетарш а, бераш музейшка буьгуш а, ненан матте безам кхиош, вайн дайн хилла г1иллакхаш, 1адаташ довзуьйтуш белхаш бо цара,ИКТ-ресурсех пайда а оьцу.
Беркате хилира Бергоева Азас 2017 шарахь ша кхоьллинчу тобана йукъа тхо озор а. Х1инца иза цу нохчийн меттан хьехархойн тобанан Ассоциацин куьйгалхо а йу, х1инца Азин тобанехь кхо б1е гергга стаг а ву. Байташца, забар йарца мотт 1амор а нисло. Цхьаммо а низам а ца талхадо, дегабаамаш а ца бо, муьлххачо жоп а ло хаьттинчунна. Аьтто хилира цахуушверг т1екхио, зеделлачух пайдаэца, вовшашна г1о дан, меттан къайленаш йовзийтар, мотт кхиорехь дакъалаца, 1илманчашца, яздархошца з1е латтор, вовшашна хьал довзийтар.
Дешаран министр хилла волчу Байханов Исмаь1ала ч1ог1а аьтто беш схьадаьхкина ду тхо а, Дег1астанара хьехархой. Тхуна даима методически г1ирсашца г1о дина, ч1ог1а лерам а бина. Массо а мероприятешка а кхойкхура тхо.
Кхушара август баттахь хиллачу Ассоциацин кхеташонехь министр волчу Дааев Хож-Баудис дегайовхо кхоьллира, кхул т1аьхьа а ненан маттана тидам т1ебохуьйтур бу аьлла. Ша а мотт к1орггера дика хууш хилар а гайтира цо.
Дуьненна а вевзаш хиллачу политолога Авторханов 1абдурахьмана аьлла дешнаш дало лаьа суна:»Беккъа цхьа ненан мотт бу 1амо безаш шен лаамехь хилла а ца 1аш, декхарийлахь а волуш х1ора. Ткъа оьрсийн мотт 1амо ца беза иза Ленина бийцина аьлла, и мотт (оьрсийн) Пушкинан, Лермонтовн, Тургеневн, Толстойн а мотт болу дела.»
Бийца вай, ларбе вай, марзбе вай ненан мотт!
Дала совг1атна белларг…
1едало вайна 1амо бакъо йелларг…
Ненан маттах доглозуш йолу ненан меттан хьехархо
Хьурмат Татаева
(Эскиева)