ЛЕКСИКОЛОГИН МАЬIНА

Меттан дерриге а дешнех лексика олу. Ткъа лексика Iа-мочу Iилманах лексикологи олу. Меттан дерриге а дешнаш а, церан кхиар а, меттан дешнийн коьрта хазна а, цуьнан кхиар а лексикологехь Iамадо. Нохчийн меттан лексика исбаьхьа а, хьалдолуш а ю. Дуьненчохь гIарабевлла хилла болчу оьрсийн сийлахь-баккхийчу Iилманчаша лерина нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь. Меттан дешнаш (лексика) алсам хууш стаг мел хили, дешнийн маьIнаш а, церан кхолладалар а, хийцадалар а, церан тайпанаш а, маьIнийн башхаллаш а дика хууш мел хили, стаг маттана шера а, мотт дика буьйцуш а хуьлу. Дешнийн маьIнаш цадовзаро, дешнаш цахааро мотт къен хоьтуьйту. XIX-чу бIешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу Iилманчас Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна ша язбинчу Iилманан балха тIехь (I888 шо) кху кепара яздина нохчийн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт чIогIа къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт шен гIоьнца адаман ойланан уггаре а кIоргера агIонаш а йийцалур йолуш, чIогIа хьалдолуш бу». Меттан дешнаш а, церан маьIнаш а Iамор доккха маьIна долуш гIуллакх ду. Лексикологи юкъайогIу семасиологи а. Иза дешнийн маьIнаш Iамочу Iилманах олу. Семантика а олу цунах.

ДЕШНИЙН МАЬIНАШ

Дош олу вай, цхьа мотт буьйцуш долу адамаш дерриг а кхеташ а долуш йолчу, цхьана хIуманна я ойланна тиллинчу цIарах. XIop дешан ши aгIo ю: 1) аьзнийн aгIo; 2) маьIнийн aгIo. Аьзнийн агIонгахьара дош къаьст-къаьсттинчу аьзнашка а, дешдакъошка а декъало, масала, гIала боху дош аьзнийн агIонгахьара кху кепара декъало: гI-а-л-а, гIа-ла. МаьIнийн агIонгахьара дош декъало дешан маьIнийн дакъошка: хъе-ха-р-хуо, коре: кор дешан лард ю (орам бу), цуьнан хIумаллин маьIна ду, ткъа -е чаккхе ю, цо меттиган маьIна билгалдоккху. Дешан маьIнийн aгIo а шина кепара ю: 1) лексически маьIнийн aгIo; 2) грамматически маьIнийн aгIo. Тхуна гена йоццуш куолл яра. Уллорчу куллах а тешам ца хеташ, лаьтта и, кIорнина шога мотт хьоькхуш. Меттан лексикехь ма-дарра, хийцаза долчу, юьхьанцарчу формехь долчу дешнийн лексически маьIнийн aгIo хуьлу, ткъа грамматически форма хийцинчу дешнийн маьIнийн ший a aгIo а хуьлу: лексически а, грамматически а.

ДЕШАН НИЙСА А, ТIЕДЕАНА А МАЬIНА

Дешан коьртачу декъана юкъара маьIна хуьлу, масала: гIала, хи аьлча, вайна дагахь муьлхха а гIала, хи хила тарло. Дешан ши маьIна хуьлу: нийса а, тIедеана а. Дешан тIедеана маьIна цуьнан коьртачу маьIнех схьадолуш а, цунах кхуьуш а ду, масала: корта (стеган, тхьамда, хин корта, книжкин корта, масала, мIара (пIелган, чIерий лоьцу, хIума юу). Дешнийн тIедеанчу маьIнийн коьрта тайпанаш къастор вай. Дешнийн тIедеана (тардина) маьIна коьртачу декъана шина кепара ду: 1) билгалонаш цхьатерра хиларна, цхьана хIуманан цIе кхечу хIуманан цIе хуьлий, лелаш ду дешнийн тIедеанчу маьIнийн цхьа тайпа, масала: нийсачу маьIнехь: кIоран цIе, дечиган цIе, тIедеанчу маьIнехь: тIеман цIе; нийсачу маьIнехь: адаман мара, тIедеанчу маьIнехь: кеманан мара; нийсачу маьIнехь: регIан дукъ, тIедеанчу маьIнехь: ворданан дукь, меран дукъ, халонан дукъ; нийсачу маьIнехь: стеган ког, тIедеанчу маьIнехь: хечин ког, гIантан ког, стоьлан ког; нийсачу маьIнехь: адаман бIаьргаш, тIедеанчу маьIнехь: ко¬ран бIаьргаш, кIадин бIаьргаш; нийсачу маьIнехь: багара мотт, тIедеанчу маьIнехь: доьхкаран мотт; нийсачу маьIнехь: говр уьду, тIедеанчу маьIнехь: хан-зама уьду; 2) хIуманийн вовшашца маьIнийн уьйр хилар бахьана долуш, цхьа хIума дагалацарца, цуьнан гIоьнца кхин маьIна билгалдеш а нисло дешан тIедеанчу маьIнийн шолгIа тайпа, масала: нийсачу маьIнехь: деши (золото), тIедеанчу маьIнехь: стеган дика амалш, оьзда гIиллакхаш, цIена дог хилар билгалдеш олу: цIена деши ду и кIант, - олий; нийсачу маьIнехь: дашо сахьт, тIедеанчу маьIнехь: дашо куьйгаш. ПхьегIийн а, царах тера йолчу кхечу хIуманийн а цIерш яха тарло, царна чохь йолчу хIуманийн а, церан масаллин а маьIна билгалдеш, масала: ши хедар диира, тac дIакхосса яхара и. Бадуев воьшуш сакьерало сан. Хан хене яларе терра, дешнаш а, церан маьIна а хийцало, масала: хIонс хIирийн маттахь даьхни бохург ду, цу маьIница вайн матте схьа а эцна иза. Зама замане яларца, цу дешан коьртачу маьIнал сов, кхин цхьа маьIна а тIекхетта цу дашна, масала: ижу бохучу дешан маьIна а тIекхетта цу даш-на, иза а тIедеанчу маьIница олуш ду.

ДЕШНИЙН ТАЙПАНАШ А, ЦЕРАН МАЬIНАШ А

Дешнаш шайн маьIнашца а, билгалонашца а, башхаллашца а тайп-тайпана хуьлу. Цу агIонашкахьара дешнийн xIapa тайпанаш къаьста: омонимаш, синонимаш, антонимаш, идиомаш, табу, эвфемизмаш, неологизмаш, историзмаш, диа-лектизмаш, терминаш, профессионализмаш.

СИНОНИМАШ

Цхьадолу дешнаш дIаалар а, яздар а тайп-тайпана делахь а, маьIна гергара долуш хуьлу. И тайпа долчу дешнех синонимаш олу. Масала: маса, чехка, сиха; хаза, исбаьхъа, товш, куц долуш; стогар, чиркх, къуьда, лампа; хIусам, петар, цIа; гIорза, бIал; хьаша, доттагIа, накъост, гIоьнча; сирла, къегина, екхна. Синонимаш нохчийн маттахь кхоллаялар, коьрта долчу декъана, нохчийн меттан дешнийн хазна кхиарца доьзна ду. Цул сов, синонимаш вайн маттахь яржарехъ хаъал меттиг дIалоцу кхидолчу меттанашкара дешнаш тIеэцаро а. Масала: хIусам, шахьар, квартира; метиг,цел, гам; зIе, телефон; дошло, бере; стогар, къуьда, лампа; жигархо, удар¬ник; хьоста, шовда. Тайп-тайпанчу диалекташкара дешнаш литературни матте кхачар бахьана долуш а, кхоллало синонимаш. Масала: нIаьна, боргIал; шаптал, гIаммагIа; кхор, хьормат; экъа, зайла; аьшпаш, пуьташ. Шайн маьIна дуьззина цхьаьна нислуш, хила йиш яц синонимаш. Синонимаш кхуллучу дешнашкахь долу маьIнаш тайп-тайпанарчу даржашкахь хуьлу. Синонимийн могIанаш шина дашах я масех дашах лаьтташ хила тарло. Масала, шина дашах: шовда, хьоста; ахьар, сискалгIа; дера, оьгIазе; масех дашах: сиха, чехка, маса; хьал, таро, токхо; йол, буц, докъар. Ша-къаьстина йолчу жанрашкахь бен лела йиш цахиларца къаста тарло синонимийн могIанашкахь долу деш¬наш. Масала: беснеш – чIишталгаш, воI - кIант, сира - чола, оба - барт, йоI - зудабер, поэт - яздархо. Нохчийн маттахь цхьадолчу дешнашца синонимийн метта дешнийн цхьаьнакхетар лела а тарло. Масала: велла - кхелхина, дIаваьлла, дикачу дуьнена дIавахана, бакъдуьнена вахана, юха ца вогIу волчу дIавахана, шен да ваханчу дIавахана. Цхьана хIуманна я хиламна, я мухаллина ша-тайпа сурт хIотторца цIе туьллуш а, кхоллало синонимаш. Масала: бIаьрмециг, сутара, саьхьара; къайладаккха, лачкъо, хьулдан; эхье, оьзда, гIиллакхе; къиза, буьрса, къинхетам боцу. Нохчийн маттахь синонимаш табу кхоллаялар бахьана долуш а хуьлу. Масала: стим - къаьхьниг, велла - кхелхина, аьшпаш - харцдерг, лаьхьа - текхарг, пхьагал - лергъяхар. Ша-къаьстина маьIна долчу дешнех лаьтташ хилла ца Iаш, синонимаш фразеологически цхьаьнакхетарех лаьтташ хила а тарло. Масала: корта а оллийна, гIийла; цIе йожа кху белхан, да вала кху дуъненан; жолам яI, никказ яI. Синонимаш вовшех къаста тарло шайна чохь йолу мухалла тайп-тайпанарчу даржехь гучуяларца. Масала: дика, башха, исбаьхьа. Цу дешнашкахь йолу мухалла тайп-тайпана ю, и мухалла тайп-тайпанарчу даржехь гучуйолу. Далор вай кхин а масалш: кхоьлина, бодане, Iаьржа; мела, йовха. Синонимийн хIоттамехь долу дешнаш цхьана грамматически категорин дешнаш хила деза. Коьрта долчу декъана нохчийн меттан синонимаш лаьтта цIердешнех, билгалдешнех, хандешнех. ЦIердешнийн синонимаш: дошло - бере, цIогIа - мохь, юьхь - бат, говр - дин - алаша, амал - Iедал, къинхьегам - болх, бала – гIайгIа - бохам - вон, эхь - юьхьIаьржо, кхиам -толам, доттагIа - хьаша - накъост, таро - хьал - бахам - токхо, тур - гIама, стогар - чиркх - къуьда, кIант - воI, зока - куршка. Билгалдешнийн синонимаш: чехка - сиха - маса, тIеда – тIуьна, буьрса - аьрха - оьгIазе, къиза - луьра, хаза - исбаьхьа, къена - шира, къона - жима, гIайгIане - сингаттаме, сирла - къегина. Хандешнийн синонимаш: къега - лепа, латкъа - далхо, гIайгIа бан - къахьега, гечдан - дита - къинхетам бан, лачкъо - къайладаккха. Маттахь синонимаш хиларо таро хуьлуьйту маьIнийн тайп-тайпана агIонаш билгалъяха, мотт хазбан, дуьйцучуьнан исбаьхьа сурт хIотто, меттан исбаьхьаллин aгIo шоръян. Гергара маьIна шаьш билгалдаккхахь а, синонимаш къаьста вовшех: 1) маьIнин тайп-тайпана агIонаш билгалъяхарца; 2) сурт хIотторан хьолаца (эмоциональни сурт); 3) кхидолчу дешнашца цхьаьнакхетаралла кхолла таро хиларца; 4) тайп-тайпана йолчу жанрашкахь я стилешкахь хиларца; 5) маттахь лелар кIезиг я алсам хиларца (къуьда - лампа). А. Х. Абубакаровн лекцийн йукъара дакъа Зорбане кечйинарг БАЙМУРАДОВ Мовсар