Х1ун меттиг д1алоцу дас доьзалехь


Нахана хьалха шен бер хьастар, кара лацар, ура-атталла цуьнан тидам бар а гIиллакхехь дац вайнехан Iедалехь. Къаьсттина цунах ларлуш хилла да. Бакъду, беран дахарна я цуьнан могашаллина кхерам хилча, гIиллакхаш лелор тIехь дац стагана. Цигахь милла велахь а, берана (муьлххачу стагана а) орцахвала веза. Да берана массо хIуманна тIехь масал хилла. Цунна иза дукха хьолахь вевзаш хилла цуьнан гIуллакхашца а, ненан бIаьргашца а. Нохчийн гIиллакхаш чIогIа лелочу доьзалшкахь бераш дена хьалха охьаховшуш а, хIума юуш а ца хилла. Кхиъна, кога даххалц бераца ден кхин башха уьйр хуьлуш а ца хилла.Бер кхиъна даллалц цунна мелла а «юьстах» лаьтта да. Амма иза дац дас оцу гIуллакхехь дакъалоцуш а ца хилла бохург. Берана цуо беш болу тIеIаткъам ненехула хуьлуш хилла, ткъа нанас гуттар а ден сий а, цIе а ларъеш, йовзуьйтуш, кхиош хилла бер. Амма доьзал гIеххьа боккха хилча, царна ненехула тIеIаткъам бина ца Iаш, ша хьехам беш а хилла дас, къаьсттина боьршачу берашна. 
1. дас хьехам бо берашна, «дера», «дов деш», хIунда аьлча, дай аьлла хIума беран кхетамо дIа ца лаца тарло;
2. дас шен денда а, ворхIе да а хьахаво, берашна царна хьалха долу жоьпалла довзуьйтуш. Цуьнца цхьаьна дас берашна хоуьйту уьш шайна луъург лелон «маьрша» доций, царна тIехь дайн сий лардар а дуйла;
3. дас билгалдоккху, шена хетарехь, стагана уггаре чIогIа оьшург: комаьршалла а, гIиллакх а. Цо иштта стагана уггаре хала ю аьлла хета киртигаш а билгалйоху (чIир, такха ца даллал доккха декхар);
 Дийца бер кхетош –кхиоран коьртачу тег1анех
Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дIадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дIадоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а хIума а дац кIезиг.Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гIуллакхе. Бер дуьненчу даьлча, цунна цIе тиллар тIедужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. цIе бен а доцуш, шена дагаеънарг, бегашийна тилла мегар дац. Берана цIе къаьркъанаш муьйлучохь, эрна хабарш дуьйцучохь тилла мегар дац, хIинццалц цхьаболчу нохчийн доьзалшкахь и хуьлуш ма-хиллара. ЦIе тиллар Дала оцу беран дена тIедиллина ду, цунна тIера хьакъикъат а дуьйш. Иза бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа ворхI де даьлча деш хуьлу. ДIаяханчу заманахь доьзалхо дуьненчу ваьлча, иштта сагIа даьккхина ца Iаш, говраш хохкуьйтуш а, ловзар деш а хилла. Цхьаболчу доьзалшкахь лелош гIиллакх ду: жимчу беран дуьххьара хедийна мIараш Къуръан юкъа йохкуш — Iеламстаг хилийта, чорха чу кхуьйсуш (йоьIан мIараш) — хIумнаш тега говза хилийта… Шайн бер хьанала къахьоьгуш, дика адам кхиийта, цуьнан дахар ирсе хилийта лаам бу дас-нанас оцу гIуллакхца гойтург. Амма бусалба дино тIедиллина хIума-м дац иза. Бер жимма доккха хилча, нанас иза Iамош хилла массо а дикачунна, цIена лела, ялтин хама бан. Беран ира хьекъал, кхетам кхиорна тIехьовсийна хилла царна Iамадо дагардарш а, тайп-тайпанчу ловзаргашкахь олу дешнаш а, хIетал-металш а. Берана мотт ма Iемми, «Бисмилла» даккха Iамош хилла. Къуръан деша Iамон а доладо ийман долчу доьзалшкахь. Беран пхийтта шо кхаьчча, дIайоьрзу цуьнан бералла. И баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн доллу декхарш тIе а оьций.Цо шен юкъ йоьхку. Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а, цунна Далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ тIедожар а хоуьйтуш, уьстагIа а боьй, сагIа доккхуш гIиллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь.
«Маршо» бохучу дешан маь1на.
Маршо—иза стага, цхьамма а ницкъ беш а воцуш, шен лаамехь оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар ду. Стаг диканиг дан паргIат хилар—иза ю маршонан билгало. Зуламаш дан маьрша хилар — иза къоман оьздангалла йохор ду. Стеган маршо — ша санна, шена уллора стаг а маьрша вуйла хаар, цуьнан маршо ларъяр ду. Бакъду, юьззина маршо стеган хила йиш а яц. ХIунда аьлча, стаг дуьненчу валарца тайп-тайпанчу низамийн (Iаламан, хенан, валаран, юкъараллин, доьзалан…) гурашкахь хуьлу. Цундела маршо—иза стагана и хьелаш а (Дала кхоьллинарш а, вуьшта адамаша шаьш юкъадаьхнарш а), цаьрга хьаьжжина шен декхарш а довзар, уьш шена тIелацар а ду. Маршо—адамашна Дала, хIаваъ, хи, малх санна, елла ю дуьненчу довллушехь,—шена Iамалъян, оьзда ваха, лаьтта тIехь Дика, Серло алсамъяккха.
Х1ун чулацам бу «сий» бохучу кхетаман. 
«Сий» — иза стагана деза хета, дохо я кхечуьнга дохадайта йиш йоцу, цо ша шен лаамехь тIелаьцна оьздангаллин декхарш а, уьш хаддаза кхочушдеш IаIийна дикчу гIуллакхийн мохь а, гонахарчу наха церан мах хадош шен дIаяхна дика цIе а, и бахьанехь нахана юккъехь корта айбина дIалела юьхькIайн а хилар ду. Стеган сий дайа гIортар (дечуьнца я дашца) и стаг верал дайн ца хетта нохчашна. Дукха хьолахь кхечун сий дайа гIортар и стаг верца, цIийца дIанисдеш а хилла. Ткъа шен сий а, шен ворхIе дена, ворхI тIаьхьенна хьалха жоьпалла а долу стаг кхечун сий дайа гIуртур а вац. ХIунда аьлча, кхечун сий а дойуш, сийлахь хила йиш йоцу дела. Боккъал дерг аьлча, цхьаьннан а таро а яц кхечун сий дайа, и дан гIерташ цо дойург шен сий ду.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля