Къонахалла


Г1араяьлла хаза йо1 хилла цхьана юьртахь ехаш. Хьал долчу доьзалехь кхиъна хилла иза. И йо1 езаш хилла къечу ден-ненан к1ант. Къелла ца хьехош, цу к1анте маре яха сацам бина хилла йо1а. Хан хене яьлча, йоь1ан дена-нанна хиъна шайн йоь1ан дагара. «Цу къечу писе йодахь, дуьне дуьсуьйтур охашимма хьох», — ч1аг1о еш аьлла дас-нанас. Шаьш санна хьал долчу к1анте шайн йо1 маре яла сацам бина цаьршимма. И тосаделлачу йо1а хабар кхетадайтина т1ехьийзачу к1анте. Ницкъ ца кхаьчна к1ентан еза йо1 къайлах д1айига. Ша оццул атта хетар хиъна к1антана масех де даьлча. Кхана сарахь марзахой нус д1айига бог1у боху хабар кхаьчначу 1уьйранна, хица юьхь юьлуш хилла йо1, шен б1аьрхиш лачкъо а лууш. Оццу миноташкахь, шен п1елгах йоллу дашо ч1уг бага а тесна, юьхь т1е хи тоьхна цо. Шозза-кхузза, юьхьах хи тоьхначу хенахь, багара дашо ч1уг легэшка а иккхина, са а ца даккхалуш, ша йолччохь ц1енкъа охьайоьжна иза. Кхин иза метта янне а ца еача, орца даьккхина нанас. Ио1 елла хилар ч1аг1дина баьхкинчара. Тезет х1оттийна, цу дийнан делкъал т1аьхьа йо1 кешнашка а яьхьна, д1айоьллина. И йо1 езаш хиллачу к1ентан ц1енош, ков-керт юьртан йистехь хилла, корах арахьаьжча кешнаш а гуш. Дика толлу ж1аьла (эр) хилла к1ентан, з1енаца ч1ог1а дихкина а долуш. Йо1 д1айоьллинчу суьйранна дуьйна, ца соцуш, леташ хилла ж1аьла. Ши де а даьлла, хьалха санна ж1аьла летачуьра а ца соцуш я юучух бат ца тухуш, б1аьргех хиш а ледаш. — Ванах, х1окхо дан мукъана х1ун до-те? Х1инццалца ца лелийнарг ду-кх х1окхо лелориг, — аьлла, г1айг1ане хиллачу к1анта, ж1аьла д1ахецна буса. Д1а махийццинехь, кешнаш долчухьа д1адедда ж1аьла. Боккъал цецваьлла ж1аьлин да, иза кешнийн керт йолчухьа дедча. Карахь герз а доцуш, ж1аьлина т1аьхьа вахана к1ант. Д1айоьллинчу йоь1ан кошан, борза т1е а даьлла, уг1уш, лат-та ахка доьлла ж1аьла. Шекваьллачу к1анта ведда вахана ц1ера бел а, лами а беана, даьстина каш. Т1аьххьара лахьта даьстича, доккха са доккхуш хезна кхунна. Х1ара кошара хьала а ваьлла, ла-дег1а х1оьттина. — Х1ей, хиъна 1ийриг, хьо мила ву? — халла хезаш аьлла кошахь йоллучо. — Со-м цхьаъ хир вара, хьо мила ю? Са ду хьо, ц1ий ду хьо? — кхайкхина к1ант. Йо1а шен ц1е яьккхина. К1анта аьлла: — Хьо муха хуьлу иза, ахь ц1е йоху йо1 д1айоьллина ши де а хилча? Хилларг ма-дарра дийца а дийцина, к1ант тешийна цо. Ц1ера шена т1еюха бедарш яр а т1едиллина. Цо ма-бохху, ц1а а вахана, йо1ана т1еюха бедарш еана, йо1 цу кошара хьала а яьккхина, юьрта веана к1ант, ур-атталла дош а ца олуш. — Хьалха со хьайн дола яккхийта, — аьлла йо1а, — т1аккха йог1ур ю со дена-нанна дуьхьал. — И г1иллакхе доцуш х1ума ду. Х1инца суна т1аьхьа а х1оттий, хеттарш ца деш, йолол, — д1аволавелла к1ант. Некъехьа долу кор диллина хилла к1еззиг озийчахьана долуш. Меллаша йо1 цу корехула чу а ялийтина, т1аьххье чуваьлла к1ант. Кадаме баьхкина зударий хьалхарчу ц1а чохь хилла бийшина. Хан яьлла хан хиларна, йоь1ан да-нана долчу х1усаман не1 ца хьаеш, 1еш хилла и шиъ. Тийжаш хилла йоь1ан нана. Жимма 1ийча, ма тийжахьа, х1ай зуда, йо1арий-м неха а беллий, — бохуш, дов дан х1оьттина йоь1ан да. Меллаша не1 а херъеш, буьйса декъала еш, чуваьлла к1ант, йо1 ша йолччохь а юьтуш. Да-нана къаьрззина хьаьжна. — Шуьша доха оьшуш дац… Со хаза кхаъ бохьуш веъна, — аьлла к1анта. — Тхойшинна хила хаза кхаъ дуьнен чохь бан а бац. Чехкка кехвала! — т1ечевхина да-нана. — Со-м буьйса яккха веана вац. Г1иллакх-оьздангалла ларйина ас, тахана а цунах хервала ойла яц сан. — Схьачуйола х1инца, — йоь1ан ц1е а йоккхуш, не1 херъеш вистхилла иза. Товш т1едуьйхина духар а долуш, ела а къежаш, дена-нанна хьалха х1оьттина «елларг». Нана кхетамах яьлла. Метта еача: — Х1ара бахам хьуна бели охашимма, къинт1ера а даьлла, эхь-бехк дала лоьрийла, к1ант, х1ара йо1 хьуна ели охашимма, — хазийна дас-нанас. Къахкийча воьлхуш, хьаьстича воьлуш товш вац къонах. Суна х1умма ца оьшу шуьгара. Шун йо1 юьгур яц ас. Хьанал къоьлла тоьлаш хета суна, хьарамчу хьолал, — аьлла, йо1 ца ялош, ц1а веана к1ант. Цу дас-нанас шаьшиъ даллалц некъ ца хадийна боху оцу к1ентан. Кхечуьнга маре ца йоьдуш, къанъелла боху и йо1 а.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля