И де дуьненчохь хIора шарахь даздеш ду, вайн махкахь Беламан де олу цунах, ткъа, масала, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь «Iовдалан де» а олу – иза 1-ра апрель ду. Цу дийнахь забарш еш, беламе хIуманаш лелош, хаза хIуманаш дуьйцуш, самукъадоккху наха.Иштта нисделира 1-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь, Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь и де даздар. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн...
