Нахана хьалха шен бер хьастар, кара лацар, ура-атталла цуьнан тидам бар а гIиллакхехь дац вайнехан Iедалехь. Къаьсттина цунах ларлуш хилла да. Бакъду, беран дахарна я цуьнан могашаллина кхерам хилча, гIиллакхаш лелор тIехь дац стагана. Цигахь милла велахь а, берана (муьлххачу стагана а) орцахвала веза. Да берана массо хIуманна тIехь масал хилла. Цунна иза дукха хьолахь...

