«Доьзал» дешан маьIна дан гIоьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь» шен маьIница «хIу» дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна хIокху тайпанчу аларшкахь: «доь доцуш вайна», «доьза вайна». И бохург цхьа а лар а йоцуш, тIаьхьадисина цхьа цуьрриг хIума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (хIу) хилар, доь долор ду....
