Хууш ма-хиллара, вайна тIе беана гIурбан бутт. Кху беттан чохь бу бусалбанаша кхочуш бан безачу богIамех цхьаъ – хьадж дехкар. Иштта, Iелам наха билгала ма-даккхара, вайна хууш ду, хьалхара деношкахь марха кхабар а, аьтту болчо гIурбана урс хьакхар а деза дуй. ХIокху беттан дозаллех лаьцна дийцира Хасавюртан кIоштан Новосельское юьртарчу имама Бацаров Iелас. -Ассаламу Iалайкум ва...
