Харц хир дац, нагахь Керла шо даздар бераллехь суна уггар дукхадезаш хилла де дара аьлча. Иза тIекхочуш суна а, сан йижаршна а, вежаршна а луш хиллачу мерзачу совгIатийн хьожано тахана а ойланца вуьгу со цу, дIоггара токхе ца хиллехь а, ирсечу замане.Iаьржа а, кIайн а шоколадаш, юкъахь хьечийн а, Iежийн а, кхечу а тайп-тайпанчу стоьмийн...
