Нохч-Г1алг1айн АССР-н халкъан поэт Сулейманов Ахьмад вина 1922-чу шеран х1утосург беттахь 1-чу дийнахь Хьалха-Мартан к1оштарчу Олхазар-к1отарахь Горский АССР-хь. Дешна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Дуккха шерашкахь хьехархочунна, школин директоран белхаш бина, яздархойн Союзан исбаьхьаллин литературина пропаганда йаран Бюрон куьйгалхо лаьттина. Сулейманов Ахьмад — нохчийн 1илманча, кавказйовзархо, хьехархо, поэт, художник, музыкант хилла. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу...





