1941-чу шеран 22-г1а июнь – иза уггаре сингаттамечу терахьех ду Россин исторехь — Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман хьалхара де. Сатосучу хенахь, 1941-чу шеран 22-чу июнехь, т1ом кхайкхаза Советски Союзана т1елетира фашистски Германи. Цуьнан х1аваан кеманаша даккхий т1етохарш дира аэродромашна, ц1ерпоштнекъашна, т1еман дакъош лаьттачу меттигашка, дуккха а йолчу г1аланашна. СССР-на дуьхьал т1ом бан х1иттира иштта Румыни,...









