Коррупцин дуьхьалло йар …

 

Къилбседа Кавказехь кхерамазалла ларйар а, коррупцин дуьхьалло йар а, законца дог1уш долу низам лардар а дуьйцуш, шинара дийнахь д1айаьхьинчу кхеташонехь дакъалецира Меликов Сергейс. Иза д1ахьош верг вара Президентан СКФО-хула волу векал Чайка Юрий.

Кхузахь дакъалоцуш бара Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон Къилбседа Кавказехь йолу Коьрта урхаллин куьйгалхо Бачурин Сергей, СКФО-н Нацгвардин буьйрадийриг Захаров Сергей, Ставропольски краехь ФСБ-н куьйгалхо волу Усов Олег, Транспортни прокурор Крук Геннадий, СКФО-н Роскомнадзоран куьйгалхо Поляничев Дмитрий, РЖД-н меттигера филиалан куьйгалхо Задорин Сергей, иштта д1а кхин а.
Цара дийцаре дира транспортни комплексаш а, иштта цаьрца йоьзна йолу кхин йолу г1ишлош а антитеррористически хьокъехь ларйеш хиларах лаьцна. Цул совнаха, оцу г1уллакхна информационни аг1орехула белхаш жигара баха безаш хилар а ч1аг1дира коьртехь болучара.
Гулбеллачаьрга вистхуьлуш, Чайка Юрийс билгалдира, йийцаре йина теманаш йерриге а коьрта йу аьлла, къаьсттина СВО д1ахьош йолучу ханна. Х1унда аьлча, мостаг1чо лелабо берриге а бохург санна, г1ирсаш, вайна бохам бан 1алашо йолуш.
«Цхьа а шеко йоцуш, вайн болх жигара баккха безаш бу. Меттигерачу бахархошца а д1адахьа деза цхьаьнакхетарш. Информационни г1ирсашах пайда а оьцуш, довзийта деза бахархошна хила тарлуш долу чолхе хьал. Ткъа вуон дериг ца хилийтар ду вайн массеран а декхар,» — элира Чайка Юрийс.
Кхеташонан жам1ашца, регионийн куьйгалхошна а, иштта гулбеллачу нуьцкъаллин структурийн векалшна а т1едехкина цхьамогг1а декхарш, бахархойн кхерамазаллина а, церан сирла дахарна а цхьа а новкъарло цахилийта.
Дагадоуьйту, мосийтта де хьалха Къилбседа Кавказан масех регионашкахь, ткъа церан йукъахь Дагестан а йара, мостаг1аша чу хецна беспилотникаш дара. Цхьа а шеко йоцуш, вайн бахархошна зулам дан лелийна дара иза. Йог1учу ханна, ишттачу вуочу г1уллакхах бахархой ларбан 1алашо йолуш д1айаьхьина йара и кхеташо.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля