Ца хууш кхаьллина хьач

Сарралц кха т1ехь болх бина, суьйренца ц1а вог1уш вара Аюб. Хьоча т1ехь цхьа хаза хьечаш гина, цергех хи тесна, дукха хазбелла, хьоча т1ера хьач баьккхира Аюба. Хьач биъна ваьлла, шолг1аниг баккха куьг кховдочу хенахь ц1аьххьана дагаиккхира цунна, ша ца хууш неха керта йистера хьач а баьккхина, и кхаьллина хилар. Дукха холчу х1оьттира Аюб.
— Ой, х1ара ма тамашийна х1ума ду ас динарг? — бохуш ша-шега лен вуьйлира, юьхь т1ера бос хийцалуш. Х1инца дера веза со, оцу хьочан х1усамда волчу вахана, цуьнга айса кхаьллина хьач хьанал сайна байта.
-Ассаламу 1алайкум, Дауд, ц1ахь вуй хьо?
-Ва1алайкум ассалам, дера ву-кх, схьа чоьхьа вала.
-Х1ан-х1а, со чу веана ца 1а. Могуш-парг1ат 1аш дуй вай?
-Далла бу хастам, дика 1а ! Вай дуй могуш-парг1ат 1аш?
— Аллах1ан хастам бу, вай ду дика 1аш. Со, хьо сайна къинт1ера ваккха веана. Тахана сарралц кха т1ехь болх бина, ц1а вог1уш ойлане ваьллачохь вицвелла, хазбелла, ца хууш хьан керта йистера некъаца долу аракхевдинчу га т1ера хьач баьккхина и кхаьллина ас. Со и хьоьга хьанал байта веана. Суна хьанал бахьара ахь.
— Цкъа чоьхьа вала, т1аккха жоп лур ду ас хьуна.
Юьхь т1ера бос хийцабелира Аюбан.
Аюбан коьрте ойланаш хьийзара, х1инца х1ун олу-те, сох бехк баккха воллу-те, я хьанал ца бан воллу-те? — бохуш.
-Дика мел дерг дог1ийла кху керта!
-Диканца дукха вехийла хьо а! Зуда, сихха юург- мерг охьайилла!
Ма хьее юург , х1инцца йиъна вог1уш ву со, — элира Аюба.
-Х1ан-х1а, кху кертахь йиъна яц.
Валол, шун т1е воьду вайша. Шуьнехь дара дукха хаза дакъийна жижиг, ахьар галнаш, к1он берам, ч1епалгаш, хингалш, кхехкийна г1абакх, хьечин, баьллин мутт.
— Аюб, хьо г1айг1ане гуш ву суна, ас хьанал бина хьуна ахь кхаьллина хьач. Со къинт1ера ваьлла хьуна ц1енчу даггара. Дела реза хуьлда хьуна, Дала сий дойла хьан!
Хьо ву хьуна вайн нохчийн хьанала, бусулба, вуьззина къонаха. Ма дика, оьзда, хьанал к1ант кхиийна хилла хьо кхиийначу нанас, ма масала эца хьакъ ву хьо. Дала сий дойла, оцу хьо кхиийначу ден, ненан. Хьо иштта хьанала, бусулба к1ант хилча, хьоьца гергарло, доттаг1алла дезара суна.
-Дала мукъ лахь, ши ваша, ши доттаг1 ву-кх вайша!
-Дала мукъ лахь! Аюбан юьхь, малх кхетча санна, серла елира цунах кхаъ хилла.Ас, айса синтарш д1адоьг1учу хенахь олу, ц1енчу Дела дуьхьа, адамашна, олхазаршна, кхийолчу муьлххачу садолчу х1уманна а, йиъначунна хьаналъеш, сайна, тхан дайшна, наношна т1ера, тхоьгарчу саг1е са мел туьйсучарна т1ера, саг1ийна дуьйш ду-кх хьо синтар, олий д1адуьй ас, Дала мукъ лахь.
-Дала мукъ лахь, Дела реза хуьлда хьуна! Аллах1 Дала саг1а хуьлийтуьйла хьан уьш!
Ма доккха саг1а ду и дуьненахь а, эхартахь а.
Зайтемиров Сайдик

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля