Марха кхабарх лууш дерг, цуьнан коьрта Iалашо ю бусалба стаг Делах кхоьруш хилар, тIаккха цигара схьа цуьнан амал тоялар, иза дикачахьа хийцавалар. Дала Ша бусалба нахана мархин бутт кхабар парз даран бахьана довзийтина вайна, «шу Делах кхоьруш хилийтархьама» аьлла долчу Шен сийлахь дезчу дешнашца (Сурат «Ал-Бакъарат», 183 аят). Марха кхобучо дагахь латтадо ша яахIума ца...








