«Путин Владимирца шеран жам1аш» ц1е йолчу программин гурашкахь Россин президенте хаьттира, муха аьтто бо вайн пачхьалкхан шен кхиар дӀадахьа а, «дуьне галдаьллачу » хьелашкахь.
Президента шен жоп делира: «Дерриг а тийна хила «к1ордийна вайна», цундела вайна оьшу «болам» аьлла. Цул т1аьхьа мехкан куьйгалхочо махкахь шеран экономикан жам1ех лаьцна дийцира.
Цо бахарехь, шина шарахь Россин экономика кхиъна 8% гергга. Цу йукъана 1амеркехь иза 5-6% ду, ткъа Еврозонехь 1% бен дац.
Коьртачу гайтамех цхьаъ бу белхазалла. Россехь иза лахарчу тӀегӀанехь ду – 2,3%.