Тахана вайн пачхьалкхехь боккха хилам бу – Путин Владимирера д1ахьош йу ламастан «Прямой лини» лини. И цхьаьнакхетар х1ора шарахь хуьлуш йу халкъан вайн куьйгалхочуьнца. Шеран жам1аш ду уьш. Хаттаршна жоьпаш деллачул т1аьхьа Путина йоккха пресс-конференци д1ахьур йу.
Билгалдаккха деза, вайн куьйгалхочо гуттаренна бахархошца къамел дан доккха маь1на ло.
Мехкан куьйгалхочо х1ора шарахзь йеш йолу з1ено дуккха а нехан хаттарш х1инцале д1адерзийна.
Суна хетарехь, иза халкъана шен хьалха лаьтташ болу кхачамбацарш а, баланаш а берзорехь доккха г1о ду.
Х1окху минотана вайн куьйгалхочо массийта бахархойн хаттаршна жоьпаш делла.
Президентана х1инцале а йевзина шен схьадеана хаттрш. Дукхахболчу бахархош луш ду х1усамийн а, транспортан инфраструктуран а, медицинан а, 1едалан хьукматийн а, таро хилар а, пособеш а хилар тидаме оьцуш долу хаттарш. Кхайкхамийн коьртачу теманашна юкъахь ю леррина т1еман операци д1айахьар.
Президента Путин Владимира д1ахьедира, Курскан к1оштахь т1ом беш болчу Тийначу х1ордан флотан 155-чу бригадерчу Северан т1еман гонан эскархоша шайн т1еман байракх йелла шена аьлла. Мехкан куьйгалхочо иза «Шеран жам1ашкахь гайтира гулбеллачарна. Цо ч1аг1дира, йерриг а фронтехула оьрсийн эскар хьалхадолуш хилар.
«Вайн т1емалоша вайн латтанаш йухаерзош йу, хӀора дийнахь бакхий кхиамаш бу вайн», — элира цо «Шеран жам1аш» д1ахьош.
Ала дог1у, шен луш долу хаттарш т1е боккха тидам т1ебохуьйту вайн куьйгалхочо. Вайн пачхьалкхан бахархойн хьашташ кхочуш дан аьтто лоьхуш а, церан дахар дикачу т1ег1ене даккха а г1ерта куьйгалхо.
Бибулатова Iайнаъ