Чекхдолуш ду х1ара дешаран шо… Х1окху деношкахь т1аьххьара горгалеш бекар бу вайн пачхьалкхан ишколашкахь. Массо а лакхарчу классийн дешархоша сатуьйсуш болу лаам бу иза.
Цигахь лакхарчу классийн дешархоша шайн хьехархошна баркаллин дешнаш олуш, вовшашца д1асакъастаран къамелаш хезар ду ишколийн керташкахь а, залашкахь а.
1адатехь уьш шаршца а, транспаранташца а, зезагашца а хазйина хир йу. Оцу дийнахь к1енташа шайн тоьлла костюмаш т1ейухур йу, ткъа дукхахболу лакхарчу классашкахь доьшуш болу зудабераша к1айн фартукашца а, банташца а д1ахьур ду и де.
И дерриге а д1адолалур ду ламастан гуламца. Цига бог1ур бу арахецархой а, церан уллера накъостий а, дай-наной а, хьехархой а, кегийра дешархой а. Директоро д1асакъастаран дешнаш эр ду, ткъа лакхарчу классийн дешархоша шайн ишколин сий деш эшарш лоькхур йу, байташ а йуьйцуш. Ткъа чаккхенехь бераш хелхадер ду.
Цул т1аьхьа актови залехь даздарийн цхьаьнакхетар хир йу. Сцени т1ера арахецархоша хьехархошна а, дай-наношна а баркалла олуш, хелхарш деш, самукъане видеош йохур йу, гойтур а йу уьш. Чаккхенгахь т1аьххьара горгали бекар бу массо а арахецархошна.
1адатехь хьалхарчу классехь доьшуш йолчу йо1а бантикца кечбина горгали бекор бу. 11-чу классан дешархочо шен белш т1е а х1оттийна, йерриг а залехула йа мог1анехула д1асалелор йу иза.
Т1аьххьара горгали хаза, дог хьостуш хилам бу. И де даздийр ду самукъадаккхаран паркашкахь, кафешкахь а, ресторанаш чохь а и д1.кх.
Иштта 1адаташкахь д1абоьду т1ьаххьара горгали. Ткъа хьалхара экзаменаш д1айала йолаелча ишколашкахь, дешна бевлчийн хинйолу говзалла харжар — хьалхара хаттар хуьлу. Дуккха а некъаш схьадоьллу царна хьалха: «Деша мича ваха веза?», «Муьлха говзалла харжа йеза?». Иза атта дац дукхахболчу арахецархошна. И хаттарш коьртехь хьийзаш хир ду, дог сиха детталуш, мелла а сингаттам кхуллуш…
Амма х1ора стагана лаьа кхиаме, ирсе хила, говзанча санна, стаг санна, кхузаманан йукъараллин декъашхо санна. Оьзда, лакхара алапа луш йолу балха д1ах1отта, кху заманахь оьшуш йолу говзалла а харжа лаьа дукхахболчу ишколийн арахецархошна.
Мехала ду кхета, нагахь санна дешна бевлчийн лаамаш а, 1алашонаш а хенан йохалла хийцалуш йелахь, шаьш хаьржина аг1о хийца а, кхин а дешар деша а йиш хиларх.
Коьртаниг — цхьана аг1ор волавала. Шайн ницкъийн, лаамийн, хьуьнарийн ойла йар. Ойла йан йеза шаьш дан товш долчун, уггаре а дика деш долчун. Цхьаболчарга сурт дика дилла хуур ду, йа кхечу къаьмнийн меттанаш атта хуур бу, йа техникан г1ирсех кхетарехь говзалла ч1ог1а хир йу. Цу дерригено а нийса харжам бан г1о дийр ду.
И шун харжам хир бу, хьоме арахецархой, шун лаамца а, мехаллашца а хаьржина болу. Шайн сацамах а, кхиамех а тешна хила!
Бибулатова Iайнаъ