«Кхолламан некъаша дуьне мел ду даржийна лелачу вайна гIаддайначу хенахь бен дага ца йогIу ваьш кхиъна юрт. Ирсо букъ берзийча, даима а къизчу дахаро шен ямарт тохар дича, цига, вешан орамаш долчу, дIахьолху вай, цигахь лоху синпаргIато.
Алхаст юьрта вогIура.
Хьажа-хIотта, бералло хьистинчу меттигашка бIаьрг тоха дацара иза. ХIан-хIа. Алхаст гуттаренна а цIавирзинера. Кертара колл-баI хьакха, кхерча цIе лато, шен дех йисина лаьттан коржам кхин цкъа а дIа ца таса…
Лаьмнашна герга мел гIоьрти а хьийзаш, гунах хьалатасалуш, юха цу тIера чукерчаш, боьрахь хебаш – дукъахь шорлуш, хьуьнан IиндагIехь тIунлуш – басенца кхарзалуш, цкъа ахкана гергагIоьрташ, юха, цуьнах къаьхкича санна, цIеххьана голатухий, бодуш, Гумсан аьтто бердаца хьалабоьдура некъ. Сих-сиха нислора цхьана дикчу адаман беркатечу куьйгаша лерина гуо тобина сирла шовданаш. Царна тIе моссазза кхочу соцура Алхаст, хьогах ца хилча а, цхьаъ бой а, къурд бора. Иштта шовданаш а ца муьйлуш диънарг хIун дуьне ду!? Суо хIаллаквеш хилла-кх, оцу гIала а хиъна! ХIинца-м хала дацара шух ца вала! Булкъ-булкъ-булкъ деш апари чуьра чуоьгучу шовдано цхьа хьуна бен ца хуучу маттахь дагарадуьйцуш хетало, леррина ладоьгIча, хьан дагах кхеташ а, ойланашна жоп луш а хуьлу цуьнан декар. Цундела деригге а дицлой, хилла цатемаш гуш лаьтташшехь жимлой, гIайгIанаша базбинчу кийра малх кхетий, дIаваха ца сихлуш, лаьтта кIадвелла некъахо оцу хазчу туьйранехь…
Белшах кхозу тIоьрмиг диттан ганах хьала а оьллина, кIедачу бацала охьалахвелира Алхаст. Юха а, хIокху тIаьххьарчу хенахь, гуттар а санна, гIийлачу ойланаша дIалецира кIентан горга корта…
Дуьне яI, маржа дуьне! Ма Iехий-кха ахь, Iеха-м, хIай! Ма ямарт а хилла-кх хьо, эла хила гIерта лай санна! Ма къиза хилла-кх хьо, Дела воцу адам санна! Сан ду моттуьй¬туш айхьа суна схьаэхьначу диканех цхьа а ца дели ахь, ткъа цкъа а гойтур дац баьхначу вуонех дахар дуьзи. Хийлазза, хийлазза, цхьана дагахьдоццучо бIаьрг хьаьстина, ойла серлаяьккхина, дог дузийна паргIатваьллачу хенахь, букътIехьашха тохар дина, галваьккхи-кх ахь, хIай дуьне, дера чов еш, я тиларчу ваххал тентак воккхуш. ЦIенаниг бехдеш, хазаниг эрчадоккхуш, сийлахьниг емалдеш, оьзданиг сийсаздеш, ткъа дастам мел дерг тIеттIа дебош, ловзий-кха ахь тхо, йилбазмохо чемхалгаш санна. Воьлхучух къа а ца хийти хьуна, воьлучун тойне хаа а ца деши хьо. Адаман хьеначу цIийца хьайн сутара кийра бузош, цуьнан дуьрачу бIаьрхишца хьайн тIулган дог таIош, адаман декъазчу меженех сов алсамдуьйлуш, ма чIогIа севси-кха хьо, хIай дуьне, хIай! Хьо маца дузадоллу, хьо маца Iабадоллу?
Цхьана хенахь-м моьттура, хIай дуьне, вайшинна юкъахь цхьа нахана хаа йиш йоцуш къайлах гергарло ду. Дера моьттура. Моьттура вайша Дала вовшашна кхоьллина ду, ткъа диснарг деригге а вайшиннан дуьхьа, вайшиннан сийлаллина. Ма бакъ ца хиллера-кх и, хила-м хIай! Ма бакъ ца хиллера-кх! Дац-кха хьо, дуьне, я доттагI а, я йиш-ваша а, я накъост а!
Со жима хийтира хьуна, сан хьекъалх, сан кхетамах кхаьрдира хьо. Сох ца даша, суна куралла ян мегар ду моьттира хьуна. Хьайн гIулгех со иэван а гIоьртира хьо, дуьне, гIоьртира дера. Хаац, сох тайниг ялур ю моттал, сан бух ледара хьуна хьан бийцинера – цхьана хьох Iеминчо Iехийна хир ду-кха хьо а – амма сама ца ваьлча йиш ма яцара сан, наб мел яхъеллехь а. Со-м деккъа ялта даа а, бедарш йохо а кхоьллина вацарий Дала, суна тIехь-м декхарш а дарий, сан метта кхечо кхочушдан йиш йоцуш. Эхь ма дара суна, бехк ма бара хьан олаллина кIел хьевелча!
Вацара, вацара со, дуьне, хьуна ма-моьтту жима. Нийса ца хиллера хьан хьесап. ДоьIучу сица юьстира ахь сан оьмар, ткъа ас заманан терзанна тIе иэс, кхетам, Iилма диллира. Хьуна сан ткъе пхиъ шо бен ца гина, амма суна шера девзина хьан ткъе пхиъ бIешо…»