Динашна йукъахь барт хиларх лаьцна…

 

Дерриг а дуьнент1ехь чиллин беттан 1-чу дийнера 7-чу дийне кхаччалц даздеш ду динийн йукъарчу йукъаметтигийн барт болу дуьненайукъара к1ира. Цо дагадоуьйту массо а нахана, таханлерчу чолхечу хенахь дуьненахь доттаг1аллин а, динашна а йукъара йукъаметтиг ч1аг1ъйар а, жигарайаккхар а мехала хилар.
Адамашна йукъахь вовшех кхетар, барт, цхьаьнаболхбар ч1аг1дархьама тайп-тайпанчу динашна йукъахь сихонца цхьаьнакхетарш д1адахьа дезаш хилар тидаме а оьцуш, Ассамблеяно кхайкхам бо массо а пачхьалкхашкара динашна йукъахь барт хиларх лаьцна хаам баржо килсашкахь, маьждигашкахь, синагогашкахь, кхерчашкахь, кхечу меттигашкахь. 1ибадат дар дуьнент1ехь оцу к1иранах, шайн динан ламасташца йа тешаршца а дог1уш.
Таханалерчу бакъдолчунна, цкъа а ца хиллачу кепара, вайн махкахь динан дайн цхьаьнакхетар оьшу экстремизман а, динашна йукъарчу довнан а кхерамечу кхачамбацаршца а къийсам латторехь… Вайн пачхьалкхехь динан дайша цхьаьнатоьхна дог-ойла йовзуьйту лакхахь хьахийначу кхерамашна цхьаьна дуьхьало йар.
Х1инца, ламастан динашна йукъахь дика цхьаьнакхетар д1адахьар а, динийн йукъарчу йукъаметтигийн бартбаран Дуьненайукъара к1ира а дика бахьана ду иза вайн махкахь ч1аг1дан.
Динан векалшца цхьаьнакхетарш д1ахьуш ду вайн республикехь а.

 

Иштта Хасавюрт г1алин динан векалш хилира МКОУ-н №8 йолчу йуккъерчу ишколехь. Цара т1екхача аьтто болчу кепехь дийцира дешархошка бусалба динан оьздангаллин барамех а, хьехархочуьнца, деца-ненаца, баккхийчу нахаца хила йезачу йукъаметтигех а лаьцна.
Шайн хааршца, дешарца, дикачу амалшца, уггаре а дика дог-ойла гайта йеза деца-ненаца, хьехархошца, элира цара. Баккхийчеран а, вовшийн а лерам баран хаттарех лаьцна а, къаьмнийн йукъаметтигаш ларар деза хилар а, дуьненан динаш маьрша а, барт а болуш дахар хила дезар а дийцира.
Къамелан коьрта маь1на дара динан дозалла кхиор, х1унда аьлча тайп-тайпана динаш доллушехь, х1ора къомо лара деза кхечеран ламасташ а, г1иллакхаш а, лаьтта т1ехь машар хилийтархьама.
Иштта дийцира 1илма карадерзоран мехаллех а, 1илмане г1ерта дезарх а лаьцна.
1илма х1ора стеган дахарехь коьрта меттиг д1алоцуш ду, иза доцуш стаг боданехь санна хетало. Бусалба дино хьехам бо 1илма карадерзоре, дешаре. Хаарша аьтто бо стеган дахаран синтеме хьелаш хилийта, корматаллин г1уллакхехь хилла ца 1аш, денна долчу дахарехь а г1о до.
Муртазаалиев Камила бусалба дин машаран дин хилар ч1аг1дира, даима а дай-наношка а, хьехархошка а, 1илма луш болчаьрца а ларам болуш хиларе кхойкхуш.
Х1инцалера йукъараллин хьалха лаьтта алсамбовлуш болу баланаш а, кхерамаш а. Цундела вайн ч1ог1а оьшу и тайпа цхьаьнакхетарш.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля