Вай жоп дала деза…

 

Социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а тахана алсам гуш йу вайн махкарчу тайп-тайпанчу ишколашкара дешархоша шайн нийсархошна а, цхьана классехь доьшуш болчу дешархошна а т1ехь ницкъ беш йолу видеош.
Х1инца цунах ингалсан маттара схьаэцна «буллинг» олу — кхечу стагана ницкъ бар санна гочдеш ду. Дукха хьолахь, хьийзор хуьлу ишколашкахь йа кхечу дешаран хьукматашкахь.
Дукха хан йоццуш цхьа видеоролик йара д1асакхуьйсуш: тийна лаьтташ волу к1антана т1е а ведда, шен ницкъ ма хуьллу йуьхь т1е буй туьйхира кхечу жима «къонаха». Кхетамчуьра ваьлла, охьавоьжира важа пекъар. Иза дийна висина йа ца висина ца хаьа суна, х1унда аьлча, охьавужуш, корта уллера пенах инзаре ч1ог1а кхийтира цунна.
Цхьаболу мехкарий к1ентел а галбаьлла хуьлу. Цара шаьш вас йеш йолчу йо1ана го а бина, цунна йетташ, и йелхош, та1зар до, ткъа цхьаммо телефонан т1е д1айаздо и шадерг.
Ишколехь берашна т1ехь къизаллаш-м хьалхе йара йеш. Цхьажимма дег1ана онда болчара даима а вас йина г1ийлачарна.
Суна дагадог1у, со жима йолуш ч1ог1а г1арайаьлла йара «Чучело» ц1е йолу кино. Цу чохь коьрта роль йара иллиалархочуьнгахь Орбакайте Кристинехь. Массо а бохург санна, классерчу накъосташа хьийзош йара и, шайх тера ца хилар бахьана долуш.
Г1ийлачунна т1ехь та1зар деш верг хуьлу кхечу дешархошкара г1о-накъосталла долуш волу дешархо. Иза тхьамда хила г1ерта, цундела шен классера бераш хьийзорна йукъа а озой, г1ийла бераш кхерамехь латтош лела зуламхо.
Ишттачо вас йеш берш цхьа пекъарш хуьлу, шен дег1ан ницкъ ледара хилар бахьана долуш, хьийзорна жоп дала йиш йоцуш.
Цу тайпа видеошка хьаьжначул т1аьхьа ойла кхоллало, х1унда ду таханлера бераш оццул къиза? Х1ун ду церан и х1уманаш лело дог доуьйтуш дерг?
Цуьнан масех бахьана ду, аьлла хета суна: дешархойх цхьаъ ша иштта дика ницкъ болуш гайта лаьаш хуьлу, шен нийсархошна хьалхахь ша «турпалхо» хоьтуьйтуш.. Цунна ша вон х1ума лелош ца хета, йа, барт хаьттича, ша «забар» йина олу.
Вай дукхахьолахь сихло хьехархошна бехк баккха, цара дешархой нийса кхетош-кхиорехь, диканиг а, вониг дийцарехь а болх ца бо, олий. Амма бехк уггар хьалха дай-нанойн бу аьлла хета суна, х1унда аьлча, баланийн орам доьзалера бу.
Ницкъ беш ца гуш долу х1усамера бер къиза кхуьур дац, х1унда аьлча, цунна и тайпа та1залаш гина дац, иза хила йиш йуйла а ца хаьа ишттачу кхиазхочунна. Хаза бертахь 1ачахь, бераш, дукхахьолахь, ч1ог1а къинхетаме а, оьзда а хуьлу, дай-наной а, хьехархой а, нийсархой а лоруш. Царна дика хаьа, кхечу стагана йетта а, иза йуьхь1аьржа х1отто а мегар доцийла.
Шолг1а бахьана, хетарехь, карарчу хенахь шуьйра йаьржина х1ора беран карахь йолу гаджеташ а, компьютерш а хилар ду. Нагахь санна интернет йолу г1ирс белахь, берийн аьтто бу массо а къиза киношка, т1еман ловзаршка, ницкъбаран сценаш чохь йолу муьлхха а видеошка хьовса а, и.дI.кх.а.
Хууш ма-хиллара, берана цунах масал хуьлу, цо иза схьаоьцу, и дерриге а ган а, 1амо а г1ерта. Карахь смартфон а йолуш, йа компьютерна хьалха охьа а хуий, денош а, буьйсанаш а «машанашкахь» д1ахьош, ц1ий 1енош долчу ловзаршкара йа киношчуьра турпалхойх тарвала г1ерта иза. Церан къиза амалш т1еоьцу цо, эвхьаза дешнаш леладо, уьш т1аккха комаьрша «д1адоькъу» шен нийсархошна а, баккхийчарна а.
И тайпа бераш шаьш лелочунна т1ера жоп дала ца хууш хуьлу. И бала вуно к1орггера бу, психологин т1ег1анехь массара а цхьаьна д1абаккха беза и, медицинан белхахой йукъахь а болуш.
Шайна т1ехь та1зар деш долу бераша т1аьххьалца шайн дай-наношка мук1арло ца до, шаьш нийсархоша хьийзадо, аьлла. Эхь хета хир ду царна шайн а, шайн дег1ан а ледарло гайта. Иштта, ишколин гонехь шайн «ненан коч д1а а лаьцна», боьлхуш лелаш бу алийта а ца лаьа царна, х1унда аьлча, т1аккха кхин а ч1ог1а шайн т1ехь та1зар дарна кхоьру и жима нах.
Цундела дика хир дара дай-наноша шаьш шайн берашка даггара къамел дича. Берана хаа деза, шена г1ортор йийр йуйла а, хьийзор сацор дуйла а.
Аьтто белахь, зуламхочун деца-ненаца з1ене а ваьлла, цаьрга хаам бан беза, шен бер сацаде, аьлла. Классан куьйгалхочуьнца а цхьаьнакхетар дан деза, и вон хьал д1адаккхаран план хIотта а йеш.
Халахеташ делахь а, бераш нийсархоша хьийзор а, цаьрна т1ехь та1зар дар а тахана вайн йукъараллех д1а ца къаьста, цундела цуьнца къийсам латто массо а цхьаьнакхета веза: баккхийнаш а, кегийнаш а. Х1ора бер кхето деза, шен нийсархочуьнца иштта лелар нийса доцийла а, мегар доцийла а довзуьйтуш.
Оцу хьолана реза хилла 1ан йиш йац вай, и тайпа х1уманаш къобалдан а мегар дац.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля