Дагестанера кхелхинчу СВО-н декъашхошна лерина мемориал а, «Иэсийн беш» а схьайиллира Унцукулан к1оштарчу Шамилькале йуьртахь. Цигахь дакъалецира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс.
Декъашхойн йукъахь дакъалоцуш бара дай-наной а, гергарнаш а, кегийрхойн организацийн векалш а, к1оштан бахархой а, дешархой а.
Дагестанан бакъболу к1ентий кхиорна Меликов Сергейс доккха баркалла элира СВО-н декъашхойн дай-наношна. Республикан куьйгалхочо дагестанхойн майралла йуьйцуш, далийра Дагестанан халкъан поэтан Стальский Сулейманан дешнаш, вайн турпалхойн хьуьнар гуттаренна а дехар дуйла гойтуш.
— Т1ейог1учу т1аьхьенашна сийлаллин а, доьналлин а масал хилла буьсур бу уьш. Байинчу нехан доьзалшна суна доккха баркалла ала лаьа: церан майралла шун дозалла хилла ца 1аш, вайн массеран а дозалла ду.
Церан иэс цхьаьна лардеш 1ийр ду вай, берашна шайн латтане безам а, иза ларбан лаам а кхиорца. «Иэсан бошмаш» — вайн халкъан дахаран, иэсан, цхьааллин символ хир йу. Даима бехар бу уьш вайн дегнашкахь!» — элира регионан куьйгалхочо.
2025-чу шеран гурахь Дагестанан массо а муниципалитеташкахь «Иэсан бошмаш» кхуллур ю, аьлла, дийцира Меликов Сергейс.
— Еккъа диттийн проспекташ йац дагалецаман бошмаш, уьш вайн турпалхойн дийна х1оллам а, сий а ду.
Оцу бешара х1ора дитт дахаран а, иэсан а, дозалла даран а билгало йу. Вайн мохк ларбеш, шаьш ца кхоош д1абахана и турпалхой, вайн бераш машарехь бахийта.
Вайн турпалхой дагалоцуш, хьадог1ур ду вай «Иэсан беша». Иза Дагестанан халкъан доьналлин а, ницкъан а гайтам хир бу, — элира цо.
Т1аккха Меликов Сергейс, кхиболу декъашхошца, Даймахкана шайн синош д1аделлачу Унцукулан к1оштан бахархошна х1олламна хьалха зезагаш а дехкира.