ХIинжа-ГIалахь урхалла аттачу даккхаран дикачу агIонех лаьцна дийцира Муртазалиев Абулмуслима

 

2024-чу шеран лахьанан беттан 29-чу дийнахь Дагестанан Республикин Халкъан Гулламо т1еэцначу «Г1алин округан статус хийцаран хаттарехь бахархошна хетарг тидаме эцарх» № 87 йолчу Законца. Хетарехь, Х1инжа-г1алахь баккхий хийцамаш хир бу меттигерчу 1едалан системехь. Реформин чулацамах к1орггера дийцира ДГУ-н юридически институтан пачхьалкхан а, бакъонан а теорин кафедрин куьйгалхочо Муртазалиев 1абдулмуслима Магомедовича.

 

Цо кхетийра, и низам шен 1алашонца процессуальни хилар а, «Россин Федерацин х1оттаман субъекташкахь пачхьалкхан 1едал вовшахтохаран йукъарчу принципех лаьцна» №414-ФЗ йолчу Федеральни законо билгалъйаьхначу реформашца дог1уш т1еэцна хилар а. Иштта йийцаре йеш йу меттигерчу ша-шена урхалла дарх лаьцна низаман проект, и система пачхьалкхан 1едалан цхьана структуре йерзоран 1алашонца.
Эксперто билгалдаьккхира, 2016-чу шарахь Х1инжа-Г1алахь и проект йуьхьанца критика йеш хилла ахчанан бух ца хиларна. Самарехь а, Челябинскехь а, масала, и проект боккха кхиамца болх беш йу, х1унда аьлча, оцу г1алийн экономика алсам дика йу. Махачкалан таро йацара субсиди луш йолчу бюджетан хьелашкахь изза говза урхалла дан. Цуьнан жам1 дара г1алин к1ошташкахь муниципалан г1уллакхдаран бакъонаш лело аьтто ца хилар.
Г1алин чоьхьара к1ошташ д1айахар а, урхаллин цхьана системе дерзар а, Муртазалиев Абулмуслимна хетарехь, бюрократин меттигаш аттачу йохур йу. Лелаш йолчу системица к1ошташна шайн декхарш кхочушдан аьтто бацара, аьлла ч1аг1дира цо, ресурсаш ца хилар бахьана долуш.
Х1инца к1оштийн администрацин бакъонаш йуккъерчу г1алин 1едалшка д1алур хир йу, цо г1о дийр ду урхаллийн дикалла лакхайаккха а, оьшуш йоцу бюрократи д1айаккха а.
Реформех лаьцна аьлча, говзанчас ч1аг1дира, и низам 2020-чу шеран Конституцехь бинчу хийцамашкахь билгалъйаьккхинчу Оьрсийчохь пачхьалкхан 1едал хийцаран концепцица дог1уш хилар.
«Х1инца, вайна ма-гарра, вайн пачхьалкхахьвай сихделла хила а тарло меттигера урхалла кхолларехь, х1унда аьлча, цунна ахча ца тоьуш ду», — элира Муртазалиев Абулмуслима.
Цо ч1аг1дира, г1алина йукъара администрацеш лахъйаро хьаькамийн терахь лахдан мегаш хилар. Эксперто т1етоьхира, уггаре а говза а, жоьпалле а белхахой балха т1ехь бита беза, аьлла, шен догдарца боьзна а боцуш.
Иштта Муртузалиевс билгалдаьккхира, урхаллин структура аттачу йаккхаро бюрократин лахйийр йу, сацамаш т1еэцаран процессаш сиха йийр йу, аьлла.
К1оштан г1оьналлин структурашка кхачаран хьокъехь, говзанчана хетарехь, к1оштан администрациш латтор йу кхин а аттачу кепехь.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля