Кху шарахь вайн пачхьалкхан куьйгалхочо Путин Владимирс къобалйира литературехь а, искусствехь а, хаамийн г1ирсашкахь а, дешарехь а — кхечу къаьмнийн лексика т1ехсов лелорца къийсам латторан план.
Вайна оьрсийн мотт а дика хуу, ненан мотт а буьйцу. Х1етте а дуккха а наха хийрачу лексикех пайда оьцу. Цхьацца бахьанашца вай массо а Европан географин объекташна т1ехь д1ах1иттийна ду. «Нью-Йорк», «Париж» и д1.кх. аьлла яздинчу билгалонех йуьззина йолчу вайн республикин коьртачу урамашкахула лела вай.
Ткъа иза, суна хетарехь, шен даймахкан, шен историн, шен культурин ларам ца бар ду.
Мотт — иза боккха ницкъ болуш г1ирс бу. Хийрачу культуран т1е1аткъам бар массо а нехан декхар ду, аьлла хета суна. Вай боккъалла а д1атосу б1ешерашкахь кхиъна йолу вайн культура а, дахаран мехалла а.
Къаьсттина, вайн кегийрхоша т1ехсов лелайо хийрачу пачхьалкхийн лексика. Х1ун ду иза? Модан сий дар ду? Йа кхиазхойн къаьсташ хила а, цхьана юкъараллин тобанна юкъабаха а лаарца доьзна ду?
Шеко йоццуш, кхечу къаьмнийн дешнаша мотт хьалдолуш бан тарло, амма церан т1ехдалар вуно во ду, аьлла, хета.
Цкъа делахь, кхечу къаьмнийн дешнаш т1ехсов алсам хиларо ненан меттан шатайпаналла д1айаккха тарло. Оьрсийн мотт халкъан культурин т1аьхьенан а, шатайпаналлин а дакъа ду. Дуьненахь уггаре а лексически хьалдолчу меттанех цхьаъ бу. Кхечу къаьмнийн дешнех алссам пайдаэцаро меттан дозанаш д1а а хьулдеш, культурин мехалла йохор йу.
Шолг1а делахь, кхечу папчхьалкхийн лексира алсам хиларо т1аьхьенашна йукъахь дуьхьалонаш йан тарло. Ингалсан мотт ца хууш а, ца кхеташ а болчу баккхийчу нахана хала хуьлу кегийрхошца къамел дан. Мехала хаарш а, зеделларг а д1асадаржо новкъарло йо цу хьоло.
Кегийрхойн къамелна т1е1аткъам барехь доккха дакъа лоцу социалан машанашкахь а. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара а, культурашкара а адамашца къамел дан аьтто хиларо а г1о до социалан сервисашкахь кхечу къаьмнийн дешнех шуьйра пайдаэца. «Схьаэцначу» дешнашка атта марзло уьш, церан ненан маттахь шайн ойланаш йовзийтаран ницкъ а лахло.
Амма и бала х1инцале а дикка боккхачу бараме кхаьчна, х1унда аьлча, вайн пачхьалкхан президенто Путин Владимира шуьйра тидам т1ебахийтина «арахьарчу лексикех т1ех сов пайдаэцарна» дуьхьало йарна. Цуо вайн пачхьалкхан къаьмнийн меттанаш 1аморан дикалла лакхайоккхур йу, вайн вузашкахь оьрсийн меттан а, Россин къаьмнийн меттанийн а говзанчаш кечбаран система тойийр йу, хетарехь.
Вайн баккхийчара, къаьсттина, дай-наноша, вайн берашна а, т1екхуьучу чкъурана а вайн меттанийн хазалла кхиийча дика хир дара, церан мах а хадош, керла хийра дешнаш д1а а дохуш. Вайн меттанаш ц1ена латто а, вайн берашна даймахке безам кхио а йиш йу вай — иза вайгара дозуш ду.
Вайн ламасташ лардарехь хьалхара а, уггаре а нуьцкъала г1улч а ду и.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ