Х1ара тема аса мосуьйттаза хьахийна сайн материалаш т1ехь, амма суна юха а дийца лаьар дара т1аьххьарчу иттаннаш шерашкахь болу иэшамех лаьцна — вайн кегийрхоша литература ца йешар. Дукхахболчу доьзалех хьакхалуш бу и бала, цундела вай массара а къасто а беза.
Со жима йолуш, массара, бохург санна, дика доьшура ишколашкахь. Тахана санна, информаци йацара, шорттачу хьостанашкара схьаэца йезаш хуьлура тхан иза. Интернет йацара, амма тхо самукъане дехаш а дара, х1унда аьлча, тхо доьшуш а дара, тайп-тайпана ловзаршкахь дакъа а лоцура и д1.кх.
Хьалхе дуккха а нехан х1усамашкахь киншкаш алссам йара: классикийн, поэзин, дуьненан а, оьрсийн а литературин, и.дl.кх.а.
Оха йоьшура классика а, детективаш а, поэзи а. 3-4-чу классашкахь ишколан дешархошна уггаре а йезаш киншка йара юьхьанцарчу классашкахь т1етоьхна йолу йеша «Зарница» йара. Иза самукъане хьехаме дийцарш а, стихаш а йолуш йара. Киншкин т1ехь тайп-тайпанчу меттигашкахь, хьелашкахь доьшуш долчу берийн а, баккхийчеран а суьрташ дара.
Иштта, массо а литературах пайда а оьцуш, йоьшура оха х1уъа — йеша лаам гуттаренна а бара.
А. Дюман романаш ч1ог1а хазахетара суна. Цаьрца «1одика ян» йезаш хилча, г1айг1ане хуьлура со. Сайна хазахетта произведенеш йуха а йешна ас, шозза а, кхузза а йоьшуш. Х1аъ, киншкийн меттана кино хьажа атта хир дара — амма, и иштта мехала ца хетара суна.
Ткъа х1инца вайна гуш дерг г1айг1ане сурт ду: вайн бераш, баккхийнаш гаджеташ чохь «дехаш» ду, социалан машанашкахь а хиъна…
Соьга ала тарло: «Х1ара зама ю-кх иштта», — аьлла, амма цхьаммо а юкъахдаьккхина дац «дийна» киншкаш йешар.
Цхьана аг1ор, инзаре х1ума ду х1ара… Хlун дан деза-те, вайн бераш хаддаза интернет чохь ца хилийта, цаьрга дика дешийта а, книгаш йешийта а? И чолхе хьал вайн юкъара муха д1адоккхур дара-те?
Берашна йешаре безам кхиоран тайп-тайпана некъаш бу, аьлла, хета суна. Амма вайн бераш пайда киншканашкара ца оьцуш, социалан машанашкара оьцу.
Массара а ца доьшу ала бакъо а йац сан — дика доьшуш долу бераш дуккха хила тарло, амма х1етте а, дукхахболчарна г1оле хета социалан машанашкахь хан йаккха.
Хьоме дай-наной, йешар д1адоло деза вай. Доьзалшка литературин вайна хазахеташ йолу меттигаш йовзийта хьовса, стихаш дагахь 1амо аьтто хилийта. Оцу г1уллакхо иэс меттах1оттор ду, къайлаха долу пох1ма гучудоккхур ду.
Йоьшуш йоцчу т1аьхьенан мог1аршка а ца кхеташ, йешначу т1аьхьенан мог1аршка д1акхетийта вайн бераш… Церах йозуш йу вайн кхане: керла а, сирла а!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ