Суна уггаре а хьоме а, мехала а сан ненан мотт бу. Мотт ца хилча — къам дац. Нехан меттанаш бийца 1ама мегар ду, амма хьайн мотт цхьаъ бен бац. Къоман мотт ца хилча, адамийн ламасташ д1адовлу, мохк географин карти т1ехь а буьсур бац.
Стаг дуьненчу волуш, хьалхарчу минотехь дуьйна хеза шен хинболчу ненан меттан аьзнаш. Х1ора къоман матто цуьнан амал х1оттайо. Ша а, шен даймохк а лоруш волчу х1ора вахархочо ларбан беза шен ненан мотт, дуьххьара дуьйна шеца цхьаьна лелаш болу, шен деца-ненаца, гергарчаьрца, доттаг1ашца къамел деш болу.
Матто шена гонаха долу дуьне а, культура а гойту адамна, 1алашдо иза, дегара-ненера берашка д1акхачадо. Мотт хаарийн герз ду. Стаг шен ненан меттан лай ву. Муьлххачу а вахархочунна, шеко йоцуш, декхар ду шен ненан мотт ларбар а, 1алашбар а.
Цкъа мацца а сан мотт д1абала тарло, аьлла, ойла йича, кхерам тасало сан дега чу. Т1аьхьарчу хенахь кест-кеста ойла йан йолайелла со оцу г1уллакхана. Сан сагатдеш дерг ду, х1ора адамо (къаьсттина т1екхуьучу чкъоро) шен ненан мотт «тоьлла» хаьа шена, аьлла, дозалла дан йиш цахилар.
Зама д1айоьду, т1аьхьенаш хийцало, мотт а цхьана меттехь лаьтташ бац. Суна хетарехь, иза стагана уггаре а коьртачех цхьаъ ду, цундела шен ненан мотт беза а, лара а беза, х1унда аьлча, иза ца хилча, вайн дозалла дан меттиг буьсур бац.
Ненан мотт – беза мотт. Суна иза дукха беза, со ирсе ю айса и буьйцуш. Сан коьрта бахам бу иза, дозалла а, ирс а ду, аьлла, хета суна. Вайн дайша а, дедайша а бийцина иза, вайн бераша а, берийн бераша а цу маттахь уьйр латтор ю. Иза 1аламат мехала хета, х1унда аьлча, мотт 1алашбеш а, т1аьхьенера т1аьхьене д1акхачош а, цо халкъан ерриг истори гулйо, цуьнан синхаам, ойланаш шена чуоьцу. Шатайпа уьйр хаало суна ненан маттаца — цунах ойла йеш, пайдаэца беза, аьлла,а хета суна.
Сан мотт — сан дозалла. Со тешна йу, со санна, хlора а нохчочуьнна цуьнца цхьа шатайпа з1е хиларх.
Шайн меттан мах бицбелла цхьаболчу нахана. Цуьнан мах хадо дуьйлало адамаш, дукха хьолахь, шаьш дай баьхначу мехкашна генахь хилча. Мел хаза хета хийрачу махкахь дайн дешнаш хезча. Цхьаболчу наха шайн ненан мотт кlорггера 1амо хан а йоцуш, кхин меттанаш 1амадо. Иза ч1ог1а халахета суна.
Вайн массеран долахь йу интернет а, компьютерш а. Халахеташ делахь а, кинишкаш йешарх самукъадолуш к1езиг нах бу. Массо ишколашкахь а лелайо кхузаманан технологеш, ненан мотт юьстах буьсуш санна хетало. Хууш ма-хиллара, интернет а, компьютерш а оьшу, амма йешаро бен меттан ерриг а хазалла, цуьнан аз, интонаци д1акхачор йац. Цундела ч1ог1а мехала ду ненан мотт т1екхуьучу т1аьхьенашна ларбар. Ткъа цунна йешар оьшу.
Муьлххачу а халкъан литературо гойту цуьнан культурин мехаллаш — мотт, халкъ схьадалар, цуьнан истори а, барта дийцарш а. Литературо д1аяханчу замане кор схьадоьллу, йешархочунна ган аьтто луш, муха баьхна церан дай а, кхин долу адамаш а, шаьш беха мохк муха хилла а. Иштта литературо аьтто ло хьалха хиллачу наха динчу г1алаташка хьажа а, т1ейог1учу хенахь царех ларвала а.
Ненан маттахь литература йешарца вайн дешнийн хазна алсамйолу, нийса къамел дан 1ема, хьекъал совдоккху — иза ч1ог1а мехала ду кхузаманан дуьненахь.
Вайн Даймахках лаьцна ненан маттахь йазйинчу исбаьхьаллин произведенешкахула генарчу д1айаханчу замане доьрзу вай, уггаре а самукъанечу хиламийн теш а хуьлу, къонахийн б1аьргашца хьоьжу вайн дай баьхначу махка.
Халахеташ делахь а, х1окху заманахь литература шайн г1арайаларх д1айолуш ю. Стеган амал кхоллайаларехь, шен ненан мотт говза караберзорехь цо доккха дакъа лоцу, аьлла, хета суна.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ