Бераш – вайн кхане…

 

Ткъа шо хьалха мультфильмаш харжаран хаттар дай-нанойн сагатдеш дацара: дуьненайукъара мультфильмийн терахь лаххара йара, йа уьш йукъара д1айохура. Амма таханлерчу дийнахь ч1ог1а дукха йаьржина йу уьш телевиденехь а, социалан машанашкахь а.
Берийн мультфильм къинхетаме а, забаре а, жимма хьехаме а хила йеза, оьздангаллин а коьрта кхетамаш луш. Цхьана дашца аьлча, цуьнга хьаьжначул т1аьхьа, беран самукъа дала деза.
Хууш ма-хиллара, бераша массо х1ума шайн коьрта чу лоцу. Ойла йейша, х1ун зеделларг хила тарло жимчу стагана, шовзткъа минотехь мультфильме хьаьжначул т1аьхьа, цуьнан коьрта ойла — дов, т1емаш, ц1ий 1анор, лелхийтарш, кхин долу «хазахетарш» хилча? Кегийчу берийн лергаша ладог1а деза, аьлла, хетий шуна, мультфильмашкахь турпалхоша вовшашна детташ долчу герзийн татанашка?
Х1ун ду оцу дерригенна т1ехь кхетош-кхиоран а, хьехаман а? Цаьрга хьажаро берана оьг1азло а, къизалла а бен 1амо йиш йац. Воккхачу, синкхетамца могуш волчу стагана а хир ду шена гуш долчух а, хезаш долчух а зен.
Цул т1аьхьа, боданех кхерар, цхьалха хиларх кхерар, ловзаршкахь, дахарехь кхин а дуккха а «жамlаш» гучудовларх цецйер йац со.
Лакхахь ма-аллара, цу тайпа мультфильмашка хьаьжча, бераш оцу «турпалхога» тера хила г1ерта, ловзарехь сацам бийр бу царех цхьаъ хила, дукха хьолахь хуьла а хуьлу. Цундела лерина тергал дан деза берийн ловзарш.
Шеко йоцуш, ас йуьйцург кхечу пачхьалкхийн мультфильмаш йу. Иштта къизаллин лар йац вайн махкахь йаьхначу мультфильмашкахь — уьш вуно дика а, къинхетаме а йу, кхерамечу дуьненаюкъарачарах къаьсташ.
Къинхетам гойтуш йолу вайн шира мультфильмаш ч1ог1а дика йу берийн иэс кхолла. Даима а дика чекхйолу уьш.
Мультфильмаш йоцург, вайн дуккха шира туьйранан кинош а йу, амма, халахеташ делахь а, телевизор чохь гойтуш йу уьш вуно к1езиг, хийрачу зуламечу мультфильмашца а, мультсериалашца а йуьстича. Ткъа уггаре а г1арайаьлла берийн программа «Буьйса дика хуьлда шун, бераш!», аьлла, йолу, хlинца пхиъ минотехь бен гойтуш йац.
Ткъа кхечу пачхьалкхийн мультфильмех а, мультсериалех а лаьцна аьлча, и инзаре х1уманаш хила ца йеза экран тlехь а, социалан машанашкахь а.
Шайн бераш ларде, ала лаьа, талхош йолчу мультфильмашка а, передачашка а хьовсарх. Оцу йоккхачу проблемина тидам т1ебахийта.
Оцу къизаллин мультфильмаш вуно кхераме 1алашонаш йолуш йу — уьш кхочушъярехь «болх» бо дуккха а психологаша а, цу тайпа «кхетош-кхиоран» мультфильмаш кхоьллинчара а. Амма, суна хетарехь, цу тайпа хьарамлонах «мультфильмаш» алар нийса дац. Т1екхуьучу чкъоран, кегийрхойн берриге а дика кхетамаш хийцабалийта лелош долу х1уманаш ду уьш.
Халахеташ делахь а, массо а дай-наноша лерина ойла ца йо оцу баланийн, иза генара лоруш.
Масал генахь леха ца оьшу. Ловзаран майданахь да ловзуш ву шен жимачу к1антаца. Цо шен ден коьрта т1ехула шаьлта лестош, вела а воьлуш, самукъадаьлла, мохь хьоькху: «Ас хьан корта баьккхина!».
Цуьнан да-нана белакъежа: «Хьекъале к1ант! Эх1, ма хаза ловзар ду-кх!».
Комментареш ца оьшу.
Цхьаммо дуьхьал ала тарло: «Дера, иза ловзар ма ду!», — аьлла! Иза иштта делахь а, и тайпа амалш а, ловзарш а къобал дан йиш йац вайн.
Компьютеран т1емийн ловзарша кхин к1езиг кхерам ца хуьлуьйту — уьш боккъала долуш санна ду.
Дукха хан йоццуш хаамийн г1ирсаша билгалдаьккхира, цу кепарчу ловзарийн 1аткъамехь воккхачу стага шен иэсана дуьхьал хьажо ирча, къиза зулам. Т1аккха х1ун ала мегар ду беран психиках лаьцна?!
Мультфильмаш а, компьютеран ловзарш а хилла ца 1а цу тайпа къизаллех дуьзна. Цу юкъа йог1у реклама а. Йогуртийн рекламехь скелетийн сурт гойту. Дукхахдолу бераш хазахетарца тайп-тайпанчу барамашкахь дакъалоцу, ярлыкаш гулйеш. Гуш дерг къинхетаме сурт дац: даима а lожалла а, вон мел дерг а т1ехь гойтуш долу скелет ду.
Цхьана дашца аьлча, «дика», «вон» боху кхетамаш хийцабелла вайна. Самукъадаккхаран каналаш ч1ог1а дукха кхиъна таханлерчу дийнахь. Кхиазхой хьоьжу цаьрга. Лакхахь хьахийначу цхьайолчу къизачу мультфильмийн масалш кест-кеста каро йиш йу музыкан каналашкахь. Берийн гайтамца дог1уш дуй иза?
Дерзош, т1етоха лаьа суна: со ца кхета, мел дукха нах бу цу тайпачу программашна, рекламашна, мультфильмашна тийна реакциш йан йиш йолуш. Х1унда ца йо вай уьш? Массо а х1уманна т1ехь хьекъале доза хила деза.
Кхеташ болу нах ларлур бу и тайпа передачашка хьовсарх, массо а кепара шайн бераш цунах лардийр ду, цаьргахь къинхетам а кхиор бу, аьлла хета.
Бераш — вайн кхане йу, церан нийса кхиорца доьзна дукха х1ума ду…

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля