Хууш ма-хиллара, д1абаханчу беттан чаккхенехь Керла Хушет поселкехь АЗС а иккхина, дуккха а зиэнаш хилла. Цул совнаха, мосуьйтта стаг валар а нисделла, шайн йукъахь бераш а долуш.
Оцу г1уллакхна лерина кхеташо д1айаьхьира Меликов Сергейс. И д1айолош, беллачеран гергарчаьрга а, иштта, массо а махкахошка а кадам бира цо.
«Герггарчу ханна, вайна довза деза, и чолхе г1уллакх х1ун бахьана долуш хилла. Х1унда аьлча, йог1учу ханна йисинчу АЗС-ашкахь иштта дериг хилийта йиш йац. Лазийначаьрна дан дезаш долу г1уллакх а ду коьртачарах цхьаъ. Берриге а г1ирсаш т1е а бахийтина, церан г1уллакхе хьажа деза вай.
Кхуззахь билгалдаккха лаьа, и ц1е д1айойуш къахьегначара дина г1уллакх. Церан йукъахь ц1ед1айайаран службин а, МВД-н а белхалой а, иштта, меттигехь нисбелла болу, шайна дан лучу кепара г1о дина долу бахархой а.
Беллачеран доьзалшна цхьацца миллион сом дала а, лазийначарна 250 эзар соьмера 500 эзар соьме кхаччалца а ахчанца г1о дан сацам бу Правительсвос бина.
Массо а г1о диначаьрна даггара баркалла ала лаьа суна», — д1айерзира шен кхеташо регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс.