«Орден Мужества» дiайелира росгвардейцан доьзале

Росгвардин белхалочун Атциев Рамазанан лерина йолу Орден цуьнан доьзале д1акхачийра Меликов Сергейс. Шен декхарш кхочушдеш, Атциев Рамазан д1акхелхина вара Х1енж-г1алахь йиначу терактехь.

Кхузахь дакъалоцуш Къилбседа Кавказехь КТО д1айахьа лерина Цхьанатуьйхина эскаран тобанийн буьйранчийн ханна декхарш кхочушдеш волу Магутин Алексей а, Росгвардин региональни урхаллин куьйгалхо Орехов Александр а.
Цхьанакхетар д1адолош, Меликов Сергейс кадам бира цуьнан доьзале.
«Тхо а ду шу санна и халахетар хилла. Доккха баркалла ду шуна иштта к1ант кхиорна. Шен са а ца кхоош, зуламхошна дуьхьалло йина цо. Цигахь иза кхеравелла вухаваьлла велхьара, дуккха а нахана зиэнаш хиларан кхерам бара. Хан йаьлча, цуьнан к1ентаршна а хуур ду, шайн да муха хилла. Со тешна ву, цара а д1ахьур бу шайн дас схьальцна болу некъ», — доьзале вистхилира регионан куьйгалхо.
Мероприяти д1айерзош, Меликов Сергейс элира, муьлххачу а ханна, оьшучу г1уллакхана 1едалан белхалоша г1о дийр ду, аьлла.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля