Правительствон декъашхошца кхеташо

 

Шинара дийнахь Меликoв Сергейс д1адаьхьира цхьаьнакхетар. Иза лерина йара регионерчу бахархойн хьашташ кхочушдарна. Кхузахь дакъалоцуш бара цхьамогг1а 1едалан лаккхара белхахой.

 

Дисинчеран йукъахь, цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Х1енж-г1алин уллехь машенийн заправочни станци эккхар бахьана долуш хилла долу зиэнашна т1ехь болх бар а, 1едалан белхахоша бахархойн хьашташ кхочушдар а, бахархошна молучу хица кхачам бар а, иштта, кхерамазаллин информацин хаттарш а.
Кхеташо д1айолош, регионан куьйгалхочо дийцаре дира Керла Хушет поселкехь хилларг.
«Шеко йоцуш, боккха бохам бу хилларг. Цигахь баларш а хилла. Х1ун бахьана долуш хилла и бохам, х1инца цкъа хууш дац. Оцунна т1ехь болх беш следственни органаш йу. Амма, х1инца дуьйна ала мегаш ду, адамийн лар йоцуш дац кхузахь», — элира Меликовс.

Бахархойн хьашташ кхочушдар

Дагестанан куьйгалхочун информационни политикин г1оьнчас Акавов Рашида довзийтира, баханчу баттахь ЦУР-н белхалоша барх1 эзар сов бахархойн косташ д1айаздина. Царах дукхах дерш муниципалитеташка дерзина.
«Бахархоша сахьийзориг, х1инццалца схьа санна, — энергоснабжени а, молуш долу хи а, урамашкара ц1ано а йара. Т1аьххьара кхачамбацар, дукха хьолахь, Х1енж-г1алахь ду.
Иштта, Хасавюртан к1оштарчу Теречное йуьртахь медпунктан хьал чолхе хилар а дара меттигерчу бахархоша сахьийзош. Хасавюртан ЦРБ-н куьйгалло билгалдарехь, т1едог1учу шарахь капремонт йан йезаш йу оцу туьшехь», — элира Акавовс.
Кхин а цхьаъ сингаттам бу вайн бахархойн. Цара схьакхачадо ишколашкахь дешархошна киншкаш кхачам боллуш луш цахилар а, боьвха кхача балар ледара хилар а.
«Дешаран шо доладалале оха ма-дарра довзийтина электронни дневникаш лелоран хьал. Хьехархоша оценкаш керлачу системи чу йоьхкуш йу. Оьшучарна электронни 1аматаш а йу. Классийн куьйгалхойн йоццучу хена чохь таро йу бина болх электронни формехь д1айазбан. Ткъа хьалха оцу балхана дукха хан йолура.
Берашна кхача баларан хьал оха дика толлуш ду. Нагахь санна, цхьанхьа и г1уллакх кхачамбоцуш ду, аьлла, тхайна т1екхачахь, тхан белхалой цига боьлху. Меттигехь и хьал талла а толлу», — довзийтира образованин министр волчу Бучаев Яхьяс.
Къаьсттина дийцаре дира, муниципалитеташкахь берашца кхетош-кхиоран белхаш бар. Цхьацца йолу дешаран туьшашкахь биначу талламашца гучудаьлла, и г1уллакх чолхе даьлла хилар.
«Карара бутт чекхбалале таллам бе, к1ошташкахь а, г1аланашкахь а АТК-ан белхаш муха д1ахьош бу. Цуьнца цхьаьна, дуста деза ишколашкахь образованин мур д1абахьаран г1уллакх», — кхайкхам бира шен хьехамхошка регионан куьйгалхочо.
Информационни кхерамазаллех лаьцна дийцира терахьйн кхиаран министра Гамзатов Юрийс.
«Т1аьхьарчу хенахь интернетехь зиэне рассылкаш йахкийтар бахьана долуш, б1аьста дуьйна болийна болх бу, социальни туьшашкара компьютерийн з1е керлачу «e-dag.ru» почтови сервисана йукъайахийта. И интернет-г1ирс цхьа а кхечу пачхьалкхашца боьзна бац. Цундела кхерам боццуш болх бан таро йу 1едалан массо а хьукматийн», — элира профильни министра.
И белхаш сихха чекхбахар т1едиллира регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля