Анайистехь ага


Ага техка. Аганан чохь Iуьллу баьццарчу дарин кохкаршца дIадихкина бер. Ага техкочу зудчо олучу аганан иллин мукъам баьржа дуьненахь. Беро леррина ладугIу. «Ча-борз хилий, хьо кхиалахь. Шаьлтий-доьхкий ахь дехкалахь. Дуьне маьрша ахь даккхалахь. Сий-яхь долуш хьо вахалахь…». КIантана мотт бийца ца хаьа, делахь а цо леррина ладугIу. Цуьнан бIаьрг-негIарш меллаша набарна тIедоьлху. Илли кхидIа а дека: «БIаьрзечуьнан бIаьрса долуш, къорачуьнан лерса долуш, мискачуьнан накъост волуш, гIийлачуьнан верас волуш…». Ша доллу дуьне а ладугIуш ду иллига. «Могуш-маьрша хьо вахалахь, нохчо ву и алийталахь…». Сан иэсехь дека иллеш а, аьзнаш а. Карлайовлу цIерш. Цара чIогIа тIеIаткъам бо иэсана а, кхетамна а, дагна а. ТIаккха суьрташ. Бераллера суьрташ. ТIулгах йоьттинчу кертах букътоьхна, дечигпондар белхош гIеметтахIоьттина стаг. Баганаш а гIиттийна, ладоьгIуш бераш. Пондаран мерзашца ма дукха дуьйцу пондарчин пIелгаша. Уьш тийсало кхечу суьртех а, аьзнех а. «Не хнычь. Вас в садике учили петь? Спой маме…». Жимачу кIанта мохь хьоькху: «Не хочу слушать чеченские дебильные песни». Нана, йоккхаеш, йоьлу. ТIаккха кхин сурт. «Цунах вай «кукла» ца олу, иза тайник ю. Хьо-м нохчо яй… Баппанаш ду… яьлла цIе санна ю-кх хьо… и гIиллакхехь дац… «Я пить хочу! Хочу воды». Цунна юха а дуьхьал долу бераллера аз: «И ма эхь дара. Хьан пхи шо ма ду. «Молий» а ца олуш, молуш ца хуьлу хи… Нехан шуьнехь важа мегар дац… баккхийчарна гуш, нанина тIегIерта мегар дац… эхь ду…». И суьрташ тийсало, къийсало. Нохчийн маттах дуьйцу хьехархочун аз а геннара дека. «Дала адамал хьалха кхоьллина Iалам. ТIаккха – къаьмнаш, меттанаш, кхиндерг. Массо а меттанаш оьшуш ду, делахь а уггаре а коьртаниг ненан мотт бу.» Мацах шен дешархойн ойланашка кхача ницкь тоьъна, и аз хIинца а иэсехь дека. «ХIокху диттах акхтарг олу, хIара IиндагIа ду. Вай долчохь суна хааделла дацара хIара… Цхьаъ-шиъ делахь, кхин хир ду моьттуш вац со хIорш». Бабин аз кхочу лере: «Нохчийн маттахь бен яц седарчийн иштта хаза цIе – Ча такхийна тача. Шира дийцар ду иза… Сахуьлуседа серлаболу хан яра… уьш нохчийн цIерш ю: Дареш, Кемса, Турпал, Муста…». Мотт, сан сийлахь нохчийн мотт, хьан сий ойуш, хьо бийцар садеIар санна, ша-шех хуьлуш дерг долуш, хьо буьйцуш хилла дайша, хьуна Анайистехь ага ЭЛЬДИЕва Марет 113 Орга — 2021 (1) лерина шайн хастаме байташ язйина нохчийн поэташа, хьан хазалла екийна иллешкахь илланчаша, хьан сий-ларам беш, хьо ларбина къонахаша. Тахана ойланаша са хIунда хьийзадо? Сан елха дог хIунда догIу тилпонан лоьмар хаьттича, йоIа дуьхьал «бархI, исс бIе ткъе бархI, цхьа бIе ткъе цхьаъ, кхоъ шиъ, кхоъ исс» аларан меттана «восемь девятьсот двадцать восемь, сто двадцать один, три два, три девять», – олуш хезча? Аганан иллеш олуш хилла и оьзда, нохчийн кхерч ларбина наной, мичахь бу? Муьлхачу дуьненахь бисна? Мичахь ду аганаш? Ага анайистехь деса лаьтта. Иза техкаш а дац. Гуш кохкарш а дац. Аганан иллеш а хийцаделла. ХIинца шаьш хьекъале хетачу къоначу наноша шайн берашна кхин иллеш хозуьйту. Уьш-м дика хила а тарло, делахь а нохчийн маттахь нохчийн синан мукъамехь дац уьш. ЦIа дайша, анайистехь лаьтта ага! Агана диллийша бер. Алийша цунна аганан илли. Иза-м хинволу къонах, яхь йолу оьзда йоI яй. Алийша ненан маттахь илли. Беран лерса хьастийша нохчийн маттаца. Аганан иллица долалуш ма ду мотт бовзар, безар. Ма дитийша анайистехь деса ага!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля