Яздархочун кхоллараллин суьйре

Д1адаханчу кхаарин дийнахь, хIутосург беттан 19-чохь, шуьйра вевзаш волчу нохчийн литературни критикан, яздархочун, поэтан Бурчаев Хьалиман кхоллараллин суьйре дIаяьхьира Нохчийн Республикин Къоман музейхь. Иза  вовшахтоьхнера Къоман музейн белхахоша, шаьш долчу республикехь бевзаш болу  поэташ, яздархой: Сейлмуханов Муса, Бухадиев Муса, Дагалаева Малика, Арсанукаев Муса а кхайкхина. Иштта Бурчаев Хьалимана леринчу суьйрене баьхкина Соьлжа-ГIаларчу школашкара дешархой а бара.Цхьаьнакхетар дIадолош, Къоман музейн белхахочо Баудинова Каринас Бурчаев Хьалимах лаьцна дийцира. Шен къамелехь критикан, поэтан кхоллараллин некъ а бовзийтина, Хьалиме хаттар дира цо: –Хьалим, хIун тема йолуш яра хьан дуьххьарлера «Накъосташка» цIе йолу стихотворени?
Хьалима жоп делира:
–И стихотворени студент волчу хенахь язйина ю сан. Цуьнан тема доттагIашка, накъосташка, халкъана а, махкана а пайден хила аьлла, кхайкхам бар яра. 
Юха ша литературе варах а, ша дуьххьара цу хьаьрмехь яьхначу гIулчех а лаьцна дийцира критика. Шаьш Нохчийн пачхьалкхан университетехь доьшучу хенахь, элира Хьалима, шайн вуно дика хьехархой бара: Казбек Гайтукаев, Нурди Музаев, Гилани Индербиев, кхиберш. Цара хьехарш дарца новкъа ваьккхира ша литературе. Ша стихаш а, литературех лаьцна статьяш а язйора, царна тIера дIаболабелира шен кхоллараллин некъ.
Ткъа дуьххьарлера критически статья поэтан Байхаджиев Зайндин кхоллараллех лаьцна яра шен, дийцира Хьалима. Иза Зайндина а, ешархошна а дика хийтира. Иштта цу кхиамо дог-ойла ира-карахIоттийра сан.
Хьалима критически а, литературоведчески а статья язъяза нохчийн литературехь цIе йоккхуш волу цхьа а яздархо а, поэт а висна хир вац. Хьеннан кхоллараллех ша язъечу хенахь леррина а, гIиллакхе а мотт лелабо цо. 
Ша зорбане яьхначу книгех лаьцна дуьйцуш, цо элира: «Дуьххьара зорбатоьхна сан статьяш тIехь йолу, «Слушать совесть» цIе йолу гулар оьрсийн маттахь ю. Иза ас къаьсттина лоруш волчу нохчийн яздархочун, драматурган, публицистан Нунуев Сайд-Хьамзатан кхоллараллех лаьцна ю. Ткъа шолгIа книжка «ГIиллакхийн хазна» нохчийн яздархоша шайн говзаршкахь далийна гIиллакхаш гайтарна лерина ю. Вевзаш волчу журналистаца Аболханов Хьаькимца цхьаьна язйина ю иза. 
 Литературни суьйрене баьхкинчу дешархошна а ло дош. Соьлжа-ГIалин номер 5 йолчу юккъерачу юкъардешаран школин дешархочо Сулейманова Раянас дIайоьшу Бурчаев Хьалиман «Ас ойланехь хьоьсту» цIе йолу стихотворени. Иштта Соьлжа-ГIалин номер 10 йолчу школин дешархочо Хаджиев ИбрахIима а йоьшу поэтан  «Вовшашна генахь» цIе йолу стих.
Суьйре дIахьош йолчу Баудинова Каринас хаттар ло Хьалиме:
–Хьайн кхоллараллехь пайден дерг а, доцург а хIун хета хьуна?
Хьалима жоп ло:
–Суна хетарехь, цхьа пайда боцуш яздархочун, поэтан, критикан кхолларалла хир яц. Со воккхаве, нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу хьехархоша шаьш сан статьях пайда эцна шайн балхахь аьлча. Иза цара сан белхан хадийна бокккха мах бу, ас хьегна къа эрна ца дайна. Ткъа иштта сан стихаш дика хийтира шайна олуш болчара а хаза хьаам бо сан дагна. Ткъа пайден доцург хIун ду? Яз ца деш, керла говзарш ца кхуллуш, эрна дIаяхийтина хан ю-кх. –Кхоллараллин шовкъ йоцуш хан йогIий хьуна?  – хотту Каринас.
–ЙогIу, хьаха. Ас хIинцца, охьа а хиъна, стихотворени язйийр ю олий, ма ца язйо иза. Цунна тIебогIу некъ бехха хуьлу. Наггахь шерашка а болу иза. Масала, цхьа тема яра дукха хенахь дуьйна сан коьрте хьийзаш. Масех шо дIаделира сан цунах говзар хилале. «Хьо ма генахь хилла» цIе йолу стихотворени яра иза. Эххар а, со висинчу цхьана буса иза язйина велира со. Цуьнан дешнаш тайначу вайн башхачу иллиалархочо а, композитора а Усманов 1имрана  керла илли даьккхира.
Цул тIаьхьа дош ло суьйрене баьхкинчу яздархошна. Бурчаев Хьалимаца шайн хиллачу цхьаьнакхетарех а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна дийцира цара. 
Сейлмуханов Мусас, шен кхоллараллина боккха тIе1аткъам бина ву Хьалим, элира. Цо гIо дина шена, поэтана санна, кога-ирахIотта. Ша воккхаве Хьалимаца долчу адамаллин а, кхоллараллин а гергалонах, чIагIдира Мусас.
Иштта, Хьалимах хаза дош олуш, вистхилира поэт Бухадиев Муса. Шена иза вевзина 90-гIа шераш чекхдовлуш. «СтелаIад» журналехь зорбатоьхначу шен стихийн лаккхара мах хадийра Хьалима, элира Мусас. Ткъа шена иза Iаламат мехала дара, хIунда аьлча вевзаш волчу критика шен тергоне хьан говзарш иэцар, царах дош алар яздеш волчунна доккха нвкъосталла ду. Иштта хIетахь дуьйна схьадогIуш ду шайн доттагIалла, тIетуьйхира Мусас.
Дагалаева Маликас а дийцира, шена дуьххьара Хьалиман кхолларалла маца а, муьлхачу хьелашкахь а  евзира. Шайн Нажи-Юьртан кIоштахь арадолчу газета тIехь йийшира ша Хьалиман «Йинчу денца» цIе йолу стих. Иза шена дика хийтира, дийцира Маликас. ХIетахь дуьйна поэтан а, критикан а кхолларалла тергонехь латтайора ша, иштта шен стихаш а цунна гойтуш, дагайолуш болх а бора. 
Шена Хьалим вовзарх лаьцна дийцира яздархочо а, журналиста а  Арсанукаев Мусас. 80-чу шерашкахь дуьххьара цуьнан стихаш а, литературех йолу статьяш а евзира шена. Ткъа «Даймохк» газете 2009-чу шарахь балха веача, «Орга» журналехь къахьоьгуш волу Хьалим  вовзар а хилира шен, дийцира Мусас. Кхузахь болчу шен накъосташна санна, шена а кхоллараллехь доккха гIо дина ву иза. Хьалим говза критик хилла ца Iаш, дика накъост а, доттагI а ву. ХIоранга а ала дика а, беркате а, аьхна а дош ду цуьнан. Иза къаьсттина мехала ду Хьалимехь.
Цхьаьнакхетар дерзош, музейн белхахоша даггара баркалла элира яздархошна Бурчаев Хьалимана леринчу литературни суьйренехь дакъалацарна. 

Суьрта тIехь: Къоман музейхь цхьаьнакхетар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля