Оршот дийнахь Дагестанан куьйгалхочо кхеташо д1а-йаьхьара Пачхьалкхан жам1ийн аттестацин кечамаш баран лерина. Иза доцург а, цхьанакхетарехь дийцаре дира экзаменаш хилайезачу туьшашкахь кхерамазалла ларйар а, токаца а, интернетаца а долу хьал кхоччуш барамехь хилийтар а, цига лоьраш балор а.
Коьртачу декъана, Меликовс билгалдаьккхира, экзаменашкахь нийсо хила йеза аьлла. Цо элира, жам1ийн экзамен дешаран урхаллехь коьрта дакъа ду аьлла.
«Д1адаханчу шарахь, дукха хьолахь, вай реза долуш чекхделира и г1уллакх. Амма, резабоцурш а бара. Цулт1аьхьа т1екхоьхьуш къамелаш а дара. И резадацарш х1окху шарахь а иштта ца хилийта, вай дуккха а белхаш дан деза. Цул совнаха, кхачам боллуш оборудовани кеч йан йеза. Иштта, лоьрийн болх а баккха беза лаккхарчу т1ег1ане. Экзамен йоьдуш а йолуш, берийн са маллуш, лоьрийн г1о оьшуш меттигаш хуьлу. Ток а, интернет а д1айалийта йиш йац вайн. Къаьсттина х1ара кхайкхам лаьмнашкарчу ишколашка бу.
Вайна хууш ду Москохара вайн регионана деш долу г1о-накъосталла. Цуьнца доьзна, суна баркалла ала лаьа Минпросвещенин а, Рособрнадзорн а белхалошна. Цара гуттара а жигара дакъа лоцу вайн регионан хьашташ кхочушдарехь а, шайн аг1орахула муьлхха а мероприяти д1айахьарехь а. Нагахь санна, цара деш долу г1о лаца ма-дезза т1е а лоцуш, вай кхин д1а болх бахь, вайн таро хир йу регионера дешаран г1уллакх лакхарчу т1ег1ане даккха.
Рособрнадзорн куьйгаллехь волу Музаев Анзора лаккхара мах хадийна, вайн республикехь пачхьалкхан жам1ийн аттестацин кечамаш баран. Шен д1ахьедарехь цо билгалдира, Дагестанерачу дешаран урхаллас, шеца цхьана муниципальни белхалой а болуш, т1аьхьарчу шерашкахь дуккха а белхаш дина хилар. Цундела, д1адаханчу шарахь, федеральни центрера схьа вайна цхьа а бехк боцуш д1аберзира вай экзаменийн мур. Цул совнаха, Дагестанера предметни эксперташ жигара дакъа лоцу йерригероссин тренировочни а, организационни а цхьанакхетаршкахь. Иза лаккхара мах бу регионана. Оцу белхийн жам1 – тахана ишколашкара дешаран хьал тодалар ду. Ша тешна ву аьлла довзийтира А. Музаевс, кху шарахь и г1уллакх кхин а дикачу аг1ора хирг хиларх. Иштта, шен къамелехь Музаев Анзора элира, техникин а, оборудованин а балхат1ехь кхачамбацарш хилахь хаийта деза аьлла. Х1унда аьлча, иза иштта хиларан бахьна хаа а хиина, т1едог1учу шерашкахь йуха а иштта чолхе дериг ца хилийта болх бийр бу вай аьлла.
Иштта, Рособрнадзоран куьйгалхочо довзийтира экзаменш ца йеллачеран хьал муха хир ду аьлла. Цо ма-довззийтара, экзаменш йуха йала йиш хир йу мангалан 4-чохь а, 5-чохь а. Лаккхарчу дешаран туьшашкахь абитуриентийн кехаташ схьаэцаран мур чекхбалале аьлла, билгалдаьхна и денош».
Шегара дог1учунна, д1ахоьттина хьал довзийтира Дагестанан образованин а, наукин а министро Бучаев Яхьяс.
«Кху шарахь пачхьалкхан жам1ийн аттестацина йукъавог1уш 60 эзар гергга дешархо ву. Царна кечйина 4 эзар классаш йу, шайна чохь видеонаблюдени йолуш. Цул совнаха, экзаменаш д1айахьа лерина йолу ишколаш технически аг1орахула кечйина йаьлла. Верриге, и г1уллакх д1адахьарна йукъавог1уш 11 эзар сов стаг ву, шайна йукъахь хьехархой а, муниципалийн а, министерствон а белхалой а болуш. Цул совнаха, нуьцкъаллин структурийн декъашхой а, могашалла1алашйаран белхалой а хир бу.
Бекарг а, оханан а беттанашкахь кечамбарийн экзаменаш д1айаьхьна йерриге а республикехь. Ткъа х1инца д1аболабелларг – иза экзаменийн коьрта мур бу. Вай керла штаб кхолла лерина, муьлхха а внештатни хьал т1ех1оттахь, йоццачу хеначохь и г1уллакх дикачу аг1ора д1адерзор долуш.
Сайн къамел д1адерзош довзийта лаьа, шо шаре мел долу, лаккхара баллаш йохуш болу дешархой дукха хуьлуш лаьтташ бу. Иза ч1ог1а ладаме а ду».
Чоьхьарчу г1уллакхийн министран г1овс волучу Власов Сергейс бовзийтира кхерамазалла ларйаран белхаш.
«Х1инццалца схьа санна, муьлхха а мероприятехь коьртаниг кхерамазалла йу. Х1окху г1уллакхна вай вуно дика кечамаш бина. Тидам т1е ца бохуьйтуш цхьа а аг1о ца бисина».
Кхачам боллуш ток хилийтаран хьал довзийтира энергетикин министра Шихалиев Марата.
«Оцу деношкахь, ток д1а ца йалийта ч1аг1о йолуш, белхаш ду д1ахьош массо а г1аланашкахь а, к1ошташкахь а. Оцунна лерина хьалхуо тхан цхьанакхетар хилира ресурсоснабжающи организацийн векалшца. Эшахь а аьлла, экзаменаш хила йеза ишколашкахь ток йаккхаран генераторш а йу кечйина».
Могашалла1алашйаран министра Беляева Татьянас бовзийтира шайн аг1орахула бина кечамаш.
«Оцу г1уллакхна билгалбаьхна 278 лоьраш а, медицински белхалой а бу. Нагахь санна, эшалла хилахь, кечйина лаьтташ лоьрийн кхин а тоба а йу. Тхайгара дог1учунна, хьехархошца а белхаш бина оха. Довзийтина дешархой тайп-тайпана цамгарш йолуш хилар а, царна оьшучу барамехь терго йан йезаш хилар а. Экзаменаш хилайезачу ишколашкахь кхоьллина медпункташ, шайна чохь оьшуш мел йолу препараташ а йолуш. Цул совнаха, скори помощь машенаш а йу билгалйаьхна».
Минтранс аг1орахула бина кечамаш бовзийтира министрествон куьйгалхочо Салавов Джамбулата.
«Экзаменаш д1айахьаран муьрехь транспортца долу хьал цхьа а шеко йоцуш кхоччуш барамехь хир ду. Ишколашна йуххехула некъаш тобаран белхаш а сийцор ду».
Цу т1ехь кхеташо чеккхенга йирзира. Цхьанакхетар д1адерзош, Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуха а д1ахьедар дира баьхкинчаьрга, и г1уллакх тесина дита мегар дац аьлла. Цо кхайкхам бира, берриге а мунициапалийн куьйгалхой тидам т1ебаххийтина 1абезаш бу аьлла, экзаменаш йаларан мур чекхбаллалца.
БАЙМУРАДОВ Мовсар