С. Меликовс актуальни хаттаршна лерина кхеташо дIайаьхьира

Кхузахь, дукха хьолахь, дийцаре дира бахархойн хьашташ кхочушдар а, къоман проекташ кхочушйаран хьал а, Буйнакск-г1алахь бахархошна г1о дар а.

Уггар хьалха, Меликов Сергейс хьахийра Стальский Сулейман вина де даздарах лаьцна а, Х1енж-г1алара «Динамо» футбольни тоба Россин Премьер-лигина йукъа йахар а. Шегара дог1учунна, Дагестанан куьйгалхочо баркаллина дешнаш элира Стальский Сулейманан иэсана мероприятеш йиначаьрна а, дагестански футбол а, иштта, йерриге а спорт а лакхарчу т1ег1ане йоккхуш, къахьоьгуш болчарна а.
Цул т1аьхьа, цхьанакхетаран коьрта хаттаршна т1ебирзира гулбелларш. 1200 вахархочун кост дара оцу к1иранчохь 1едалан белхалошна лерина. Иза билгалдира ДР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхочун хьалхара г1овс волучу Омаров Махача. Цо хаам бира, косташ дерриге а кхача деззачу д1акхаьчна ду аьлла: 434 — г1аланашка а, к1ошташка а; 159 – 1едалан лаккхара белхалошка; 153 – токаца, газаца, хица а хоттаделларш. Цаьрца нийсса, бахархойн хаттарш кхоллалора ишколийн а, машенан некъийн а, урамаш ц1ена латторан а аг1орашкахула. Оцунца доьзна, Меликов Сергейс довзийтира гулбеллачаьрга шен дагахь дериг
«Хьалхуо хиллачу кхеташонан жам1аш билгалдохуш, аса тидам т1ебахийтир, муниципалийн а, иштта 1едалан лаккхара белхалоша а, рог1ера бахархошна деллачу жоьпашна. Уьш дерриге а бохург санна, тера дог1уш дара. Со нийса кхетарехь, бахархойн лаамаш кхочушбан лерина жоьпаш дацара уьш. Иштт а хилийта мегар дац. Тоьар ду, «оха и дийр ду» бохуш, нах 1ехабан. Церан х1ора а хаттаран а, резабацаран а ша-тайпа жоп хила деза, вайн бахархошка ларам а болуш», — аьлла, С. Меликовс и г1уллакх тидаме лацар т1едиллира Премьер-министрана.
Къоман проекташ кхочушйар
Хьалхара вице-премьер волучу Алиев Руслана довзийтира, Дагестанехь д1ахьош 14 къоман проект хилар.
«Леррина низам ду, кехаташца болу белхаш лахбаран бахьна долуш, документаци йерриге электронни г1ирсашкахь кечйеш йу. Иза атта а, сиха а хуьлу. Уггар хьалха, бахархошна боккха пайда бу иза. Церан таро йу шайн дагахь дериг вайна довзийта. Ткъа церан и аьттонаш хилар, вай декхарийлахь ду, бовзийта» — билгалдира Р. Алиевс.
Цхьанакхетар д1адерзош, Дагестанан куьйгалхочо кост дира гулбеллачаьрга
«Шеко йоцуш, болх д1аг1уш бу. Вай дечу г1уллакхах рог1ера бахархой кхеташ а бу. Законаца цхьана а дог1уш, йерриге а республикехь бахархошна дика хьал д1ах1оттор ду вай», — элира С. Меликовс.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля