ТIекхуьучу чкъорана дицлуш лаьтта …

Сийлахь Боккхачу т1амехь толам боккхуш, цхьа а шеко йоцуш, дакъа лаьцна Советийн массо а халкъаша. Дуьххьара фашистийн эскар СССР-ан дозанал чоьхьа даьлча дуьйна, т1аьххьара Берлинехь Толаман байракх Рейхстагана т1ех1оттолца, шайн могашалла, са ца кхоош, мостаг1чунна йан ма йезза дуьхьало йеш, доьналлица а, хьуьнарца а чекхбевлла советийн салтий.
Толаман денна лерина сан цхьанакхетар хилира Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин вешик1антаца Нурадилов Асрудеца.

— Асруди, хьо марша вог1ийла. Хууш ма-хиллара, т1екхочуш Толаман Де ду. Ткъа шун доьзалан дукха хуьлу х1окху г1уллакхна лерина мероприятешкахь дакъалацар. Дийцахьа, муха хета хьуна тахана и де даздаран хьал?
-Де дика хуьлийла массеран. Сийлахь Боккхачу т1амехь толам баккхар диц дан мегар дац. Цунна лерина мероприятиш дуккха а йан а йеза. Къаьсттина, ишколашкахь тидам бан беза оцу г1уллакхна. Х1унда аьлча, берийн иэс-кхетам доьшуш болучу хенахь кхоллало. Историн урокашкахь царна хьеха йеза ма-йарра истори. Таханлера дешархой ледара хета суна и г1уллакх довзарехь. Кху беттан иссалг1а терахь т1екхочуш ишколашкахь цхьацца мероприятеш-м хила тарло. Делахь, дешархойн иэсехь ца дуьсу дукха-х дерг. Иза хала а хета.
— Ткъа дешархойн хьокъехь х1ун болх бан беза?
— Со хьехархо вац. Делахь, суна схьахетарехь, и де т1екхаччалца а ца 1аш, къаьсттина историн урокашкахь сих-сиха дийцаре дан деза, масала: муьлхачу хьолехь хилла оцу хенахь вайн пачхьалкх; герз а, т1еман оьшу техника кхоччуш хилла йа иэшамехь йара; муха г1аьттира дерриге халкъ фашистийн зуламна дуьхьало йан хьала; х1ун бахьна дара вай Толам баккхаран; муххала адам кхелхира Толаман Де гергадалош, иштта кхин д1а а.
— Советски Союзо Толам баьккхина хиларан гайтам – иза Рейхстага т1е Толаман Ц1ен байракх йаккхар дар-кха. Хьуна х1ун аьлла хета, Асруди, тахана муха хам бан безаш бу вайн махкахь оцу Байракхна?
— Массо а пачхьалкхехь Ц1ен Байракх Толаман коьрта гайтам хилла д1ах1оьттина. Лаамза дац иза. Х1унда аьлча, муххала синош иэгна и де т1екхачош. И Байракх ц1ен басахь хилар ду вайна ша тайпа хьехар – ц1ийн бос бу иза. Ткъа мел дукха ц1ий 1анийна Советийн къаьмнашна и Байракх д1ах1оттош? Цунна ойла йича, мел мехалла йу иза вайна. Цул совнаха, иза Рейхстагана т1ех1оттийнарг а ма ву вайн махкахо а волуш, Чаг1ар-отарара Исмаилов 1абдулхьаким.
— Бакъдолуш, атта баьккхина толам бац иза. Брестан гIопахь д1аболабелла, йукъ-кара бен сацар доцуш, буьрса кхихкира иза 1418 дийнахь. Йохийна, йагийна г1аланаш а, йарташ а, хIаллакйина оцухенахьлера йерриге бохург санна инфраструктура. Ткъа белларш-м ткъе итт миллионал сов бу бохуш а дуьйцу. И дерриге чекхделира Толаман байракх Берлинехь хьала ма йаьккхинехь. Вайн къамел д1адерзош, х1ун ала лаьа хьуна газетдешархошка?
— Дийцича-м дуккха а дара. Делахь, халахетарг – иза, т1екхуьучу чкъоро оцу Толамна хам цабар ду. Кхин диснариг ца дийцичи а, дуккха а вайн къомах берш ма хилла Гитлеран эскаран дуьхьала бевлла. Вайн исторехь 1амийна а, иштта, дайшкара схьадеана а хууш ма ду, нохчий мостаг1чунна хьалха горахIиттина меттиг йоций. Сийлахь Боккхачу т1амехь шайн хьуьнар а турпалла а гайтина цара массара а. Х1унда дицдо вай иза? Со кхеташ г1уллакх дац и.
Хьалхуо-м ветеранашна довха дешнаш олура. Халахеташ делахь, х1инцп-м дукха а ца бисина уьш. Аьтто баьллачара, суна даггара декъалбан лаьа Толаман денца берриге а вайн махкахой. Лаьар-кха, дуьненахь мел болу т1емаш сихха чекхболийла а, дерриге а адам маьршачу дахаре дерзийла а.
— Дела реза хуьлийла хьуна, Асруди. Цхьанни а къомана ма гойла т1еман 1азап!
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля