Хууш ма-хиллара, Советийн заманахь дуьйна х1утосург беттан 7-чохь билгалдоккхуш схьадог1у Радион де. Г1араваьлла волчу оьрсийн 1илманчанца Поповца доьзна ду и терахь а, радио а. Мацца а цкъа ишколехь дешначарна хууш хила дезаш а ду иза.
Бахархошна иэца йиш йолуш, шуьйра йаржа йолайелира радион приемникаш ткъалг1ачу б1ешерийн шовзткъе итталг1ачу шерашкахь. Бакъду, и хан, вайнах берриге а бехк боцуш, йоцу ц1арш а техкина, Сталино Сибреха бахийтина йолу хан йу. Баккхийчара дуьйцуш хезна вайна, — «Къамел до Алма-Атара», аьлла, дуьххьара радиочухула нохчийн аз хезча, церан даьлла самукъа. Амма, массеран а доьзалехь ца хилла иштта аьттонаш. Радиоприемник йол-йолучу х1усамашкахь гуллуш хилла йуьртара нах, нохчийн маттахь йолу передаче ладог1а. Ткъа цунна т1аьххье концертни программа а хуьлуш хилла, шен чаккхенгахь хелхаран йиш а йолуш. Хелхарбал баккха сатесна 1аш берш а хуьлуш хилла, и йиш д1а ма йолайеллинехь хьалалелхаш.
Цул т1аьхьа, махках баьхна 13 шо хан йаьлча, ц1аберза бакъо йелира нохчашна а, г1алг1ашна а. Делан къинхетамца, вайнах Даймахка бухабирзира (Дагестанехь болу нохчашна бакъо йелла йацара 1овхой к1оштарчу йарташка бухаберза). Метта х1оттийра Нохч-Г1алг1айн автономи а. Болх бан йолаелира театр, радио, цул т1аьхьа – телевидени а. 90-чу шерашкахь цигахь хиллачу т1емийн г1уллакхийн жам1ашкахула хилла зенаш, къаьсттина нохчийн къоман культуран декъехь, вайна дика девза. Делахь а оцу къизчу зиерех кхиамца чекхйаьлла, тахана цкъа а ца хиллачу кепара заза доккхуш схьайог1у Нохчийн Республика. Цунах вай дозалла а до. Ткъа вайх, Дагестанехь бехачу нохчех аьлча, вай дуккха а т1аьхьа дисна культуран декъехь кхиарехь. Цуьнан бахьана, суна хетарехь, тахана вайн вешан административни к1ошт юхаметта х1оттийна цахилар ду. Бакъду, республикански радио а, газета а-м ду вайн. Амма и г1ирсаш тоьаш бац вайна кхечу къаьмнашца цхьана мог1аре д1ах1итта.
«Къамел до Махачкалара!». И дешнаш дуьххьара 1982-чу шеран оханан беттан 1-чохь хезира Дагестанехь бехачу нохчашна. И ладаме хилам боккха кхаъ хилла т1е а ийцира вайн халкъо. Дагестанан Радион нохчийн редакцехь белхаш бина Испайханов Явмурада, Гамзатова Амината, Умаев Юсупа, Умаханов Эдильгерейс, Арсланалиева Зухрас, Баймурадов Салвадис, Якиев Умара. 2008-2010-чу шерашкахь сан а таро хилира цигахь болх бан. Йаьккхинариг дукха хан йацахь а, дагахь диса дуккха а дара. Балхан некъашца тайп-тайпана меттигашка а кхечира, нах а бевзира. Ткъа тахана нохчийн редакцехь коьрта редактор Умаханова Джамиля йу. Цо хьаннала къахьобгу, ладог1архошна керланаш довзийтарца. Иштта, Джамиляс кечйо тайп-тайпана программаш, шайна йукъахь актуальни интервьюш а, литературни аг1онаш а, берашна лерина передачаш а йолуш.
Аьтто болччара, суна даггара декъалбан лаьа радиохь къахьоьгуш болу белхахой, церан корматаллин денца.
Балха т1ехь кхиамаш, дахарехь ирс, аьтто, доьзалашкахь ийман, беркат, барт хуьлийла шун!
БАЙМУРАДОВ Мовсар