Воккханиг ларар – вайн оьзда гIиллакх

Вайн халкъан дуккха а долчу гIиллакхашна йукъахь коьртачех цхьаъ ду воккханиг ларар. Ширачу заманашкара схьадогIуш ду иза. Тахана вайна ца хаьа и гIиллакх муха а, маца а кхолладелла, делахь а вайн, шеко йоцуш, ала йиш йу, иза халкъана зеделлачунна тΙехь кхиъна, дахаро, оьшуш хиларна, йукъадаьккхина аьлла. Ойла йича, воккханиг ца лору йукъаралла йоха герга йоьдуш йу, хIунда аьлча, воккхачуьнгахь зеделларг а, хьекъал а ду, тIекхуьучарна дан хьехар а ду. Дахаран халачу хьелашкахь хIун дан деза, нехан йукъаметтигаш муха дIанисъян йеза, халкъана тIе бохам беача, хьанна тIетовжа веза – и дерриге а баккхийчаьрга хьажийна ду, цара къасто дезаш ду. Иштта даьхна вайн къам шен дIайаханчу хенахь.
Цхьашира хабар духалкъалахь дуьйцуш: мацах ширачу заманашкахь воккха хилларг, тускар чу а вуьллий, лаьмнашка дΙа а хьой, Iинах чу кхуссушхилла, боху. Ишшта цхьа кIант хилла шен да дIакхосса тускар деш. Меттахь Iуьллучу дас хаьттина: «ХIун деш вухьо, кIант?» «Хьо дIакхосса тускар деш ву-кх», – аьлла кΙанта. «Ондда делахь иза, хьан кIантана а оьшур ду хьуна иза, хьо, со санна, воккха хилча, – аьлла дас. Кхетта кIант ша лелош дерг нийса доцийла: «Дада, ас хьо дIакхуссур вац хьуна, валлалц кхобур ву. ХIинца суна хиъна со нийса воцийла, – аьлла цо. И хIума билггал хилла йа ца хилла вайнаца хаьа, делахь а, халкъалахьдийцарна, вайн деношка схьакхаьчна иза. Воккханиг оьшуш хилар а, цуьнга ларам хила безар а гойту цо.
Ткъа муха ду вайн йукъараллехь воккханиг ларар тахана? Ма-дарра аьлча, айпе хΙуманаш вайна йукъахь кест-кеста нисло. Кегийнаш леларца а, духарца а, буьйцучу маттаца а гΙиллакхах боьхна сурт денна а го вайна, гΙалин урамашкахь гина ца Ιаш, ур-атталла йарташкахь а, вогΙу-воьдучу некъашкахь а, кхечу меттигашкахь а.
Воккхачуьнга болу ларам а, нахаца лело деза муьлхха а гΙиллакх доьзалех кхио деза, хIунда аьлча, беро дукхахдерг шен баккхийчаьргара схьаоьцу. Уьш оьзда а, гΙиллакхе а хилахь, тΙекхуьуш долу бер а оьзда хирду, цо диканиг схьаоьцур ду цаьргара. Цундела вай, даккхийнаш, лардала деза вониг, хаза бIегIийла доцург аларх, хIунда аьлча, вайн хьалха жима доьзалхо ву, дерриг а вай олург, хударго хи санна, схьаоьцуш. Дика тIаьхьекхио, цуьнга гΙиллакхаш лардайта, иза оьзда, хьанал йахийта атта гΙуллакх дац, амма иза вайн декхар а, коьрта Ιалашо а хилла дΙахΙотта деза тΙейогΙучу хенахь.
Замано хийцина вайн дахаран хьелаш, даран-леларан куьцаш, йукъаметтигаш. Амма къоман гIиллакхаш хийцадала йиш йолуш дац, хIунда аьлча, халкъо бIешерашкахь схьадахьаш ду уьш, шен дахарехь шена оьшу дела. Цу гIиллакхашца, уьш лелош, лардешдаьхна вайн нохчийн халкъ, диканиг тIеоьцуш, иза кегийчарна довзуьйтуш, вониг йукъара дIадаккха хьовсуш, цунах долу зулам гойтуш. И гIиллакхаш тахана вайн дахарехь долуш ду, уьш лардар вайн декхар ду.
Муса Арсанукаев

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля