ДIадаханчу шинарин дийнахь, эсаран беттан 31-чохь, Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь дIайаьхьира Нохчийн Республикин халкъан йаздархочун Айдамиров Абузаран 90 шо кхачарна лерина юбилейни суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Йаздархойн Союзо Къоман библиотекин гIоьнца. Библиотекин исбаьхьачу, «аьхкенан беш» олучу зала чохь охьахаа меттиг йацара – оццул дукха бара Айдамиров Абузаран кхолларалла йезаш а, йевзаш а болу йешархой. Царна йукъахь бара: нохчийн йаздархой, Iилманан белхахой, журналисташ, йукъараллин гIуллакххой, студенташ, йаздархочун кхолларалла даггара йезаш болу йешархой.
Суьйре дIахьош вара шуьйра вевзаш волу поэт, литературовед, гочдархочо Цуруев Шарип. Цо, суьйрене баьхкинчаьрга маршалла а хаьттина, Айдамиров Абузарах лаьцна говза а, хьекъале а дош элира. Шарипа дош ло Нохчийн Республикин Йаздархойн Союзан председательна Ельсаев Iаламахьадна. Цо элира сийлахь а, йеза а йу нохчийн халкъана Айдамиров Абузаран цIе. Вайн литературехь йитина ца Iаш, йерриге а къоман культурехь йовр йоцу цIе йитина цу доккха похIма а, граждански доьналла а, йоккха къонахалла а шегахь хиллачу, оьздачу стага, йаздархочо, шен къоман дикачу кIанта. Цо бина болх Iаламат мехала бу, цуьнан маьIна халкъана гергахь цкъа а довр дац. Абузаран аьтто хилира шен кхоллараллица, говзачу довхачу дашца нохчийн къам самадаккха, цунна шен буьззина болу мах хадор дIагайтира. Вайна дика ца йевзара вешан истори, Абузара вайна иза йовзийтталц. Йаздархочо йохийра дуккха а шерашкахь вайн коьрташкахь йехаш йолу чагIйелла ойланаш: «Вай бехке ду Iедална хьалха. Вай аьрха а, цо бохург ца деш а хилла, цундела вайна таIзарш дора». Йаздархочо гайтина къомо шен паргIатонехьа къийсам муха латтийна. Шена Iедална гергахь кхераме доллушехь, халкъе цуьнан исторех бакъдерг дийцина Абузара. Тахана цуьнан цIе вайна йукъахь йехаш йу, и санна болу нах гуттар а сийлахь хуьлу шен халкъан иэсехь.
Iаламахьада дийцира кху шарахь Айдамиров Абузаран юбилейна лерина, Йаздархойн Союзо кечйеш цуьнан говзарийн гулар хиларх лаьцна. И болх хIинца чекхбала гергабахана. Цу тIехь доккха гIо дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен Администрацина дан деза гIо кхочушдар тIе а диллина.
Нохчийн къоман театро Айдамиров Абузарах лаьцна спектакль хIоттор хаза хилла тIеийцира йазадархочун кхолларалла йезачу хьовсарша, элира Iаламахьада. Цо даггара баркалла элира зала чохь йолчу театран куьйгалхочунна Ахмадова Хьавана а, цуьнан накъосташна-артисташна а сел мехала а, къоман культурина оьшуш болу а болх цара барна.
Иштта, Абузарах лаьцна шен дагалецамаш бовзийтира НР-н Парламентан депутата Джамалдинов ШахIида. Иза Iаламат хьекъале а, шегара боккха пайда болуш а къамелахо вара. Шен цуьнца дукхазза а цхьаьнакхетарш хилира, цунах дагаволуш а вара ша, элира ШахIида.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администарцин куьйгалхочун заместитела Цамаев Iаьрбис шен куьйгалхочун Таймасханов ГIаласан цIарах маршаллин кехат дIадоьшу суьйрене баьхкинчарна хьалха. Йаздархочух лаьцна хаза дешнаш олу цо. Айдамировн произведенеш нохчийн литературин хазна хилла ца Iа, иза дерриге а халкъан хазна йу. Къомо йезаш тIеэцна цуьнан книгаш, царах боккха пайда а эцна, тIетуьйхира жимачу стага.
Дош ло НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна. Айдамиров Абузар вайн сийлахь йаздархо ву, вай цунах доккха дозалла до, цуьнан кхолларалла йезаш тIе а оьцу, лар а йо, элира цо. Цуьнан книгашкахула йевзина вайна вешан истори, цундела иза йаздархо хилла ца Iаш, серлонча а, къомана шен орамаш довзийтинарг а ву, элира Дудаев Ахьмада.
НохчийнРеспубликин халкъан артиста Дудаев Зеламхас куьйгалла дечу, НР-н филармонин «Илли» цIе йолчу иллиаларан тобано Айдамиров Абузаран дешнаш тIехь илли дIаолу. Леррина ладугIу зала чохь болчара исбаьхьачу мукъаме а, дешнашка а.
Дош ло филологин Iилманийн докторна, профессорна Овхадов Мусана. Цо йаздархочун произведенеша нохчийн кхетам-ойла кхиорна бинчу Iаткъамах лаьцна дуьйцу. «Дуккха а нохчашна шайн маттахь йеша Iемира Айдамиров Абузаран «Йеха буьйсанаш» роман бахьанехь. ХIоранна шена лаьара йаздархочун дош довза, цу дешан марзо схьаэца, шен къоман исторех дерг хаа,– элира Мусас. – Iаламат хаза мотт бу цуьнан произведнийн, говза суртхIоттор ду царна чохь. Уьш кхетам самабоккхуш, хьекъал кхиош йу».
Йаздархочо Мамакаев Эдуарда Айдамиров Абузарах лаьцна шен дагалецамаш бовзийтира. Шен ден уллера доттагI вара Абузар, элира Эдуарда. Шена чIогIа дукхвезара иза, дегара ца эцна марзо Абузарера эцнера ша. Шен дола дина вара Абузар, бохуш, дийцира Эдуарда. «Дош дийна мел ду, стаг веха. Доьзална кхалхарх, вайна ца кхелхина Абузар», – тIетуьйхира цо.
СовгIаташ далар дIадоладо. Нохчийн къоман театрехь Айдамиров Абузарах лаьцна спектакль хIоттийначу режиссерана Ахмадова Хьавана а, спектаклехь ролаш ловзийначу актерашна: Джамаев Амранна а, Багалова Зулайна а Айдамиров Абузаран мидалш йаларца совгIаташ до.
Оьрсийн маттахь йаздархочун 5 том арахецначу тобанан декъашхошна а мидалш ло. Ткъа иштта керла кечйечу, нохчийн маттахь арахоьцучу йуьззинчу гуларна тIехь болх бинчу Йаздархойн Союзан редакторшна а до Айдамиров Абузаран мидал йаларца совгIат: Цуруев Шарипна а, Бурчаев Хьалимна а, Арсанукаев Мусана а.
Абузарах дош ала лууш дукха а нах бу. ХIоранна лаьа йаздархочуьнга шен болу ларам гайта, цунах дош ала. Шена иза гинарг, цуьнца йукъаметтиг хилларг шен дагалецамаш кху суьйрене баьхкинчарна бовзийта лууш вара. Иштта царах цхьаъ академик Дадашев Райком а вара. Ша дукха хилла Абузар волчохь, дуьйцура Iилманчас, цо гуттар а хазахеташ тIеоьцура ша волчу веанарг, милла иза велахь а. Шаьш Гадаев Мохьмад-Салахьах лаьцна проект кечйечу хенахь Абузара шайна доккха гIо дира, дуьйцу кхидIа а Райкома. Йаздархо гуттар а шен къомаца вара, цуьнца халонаш а, эшамаш а боькъуш, нохчех дог лозуш, вайна диканиг хила лууш.
Иштта, цхьамогIа йаздархоша, журналисташа, Iилманчаша, йукъараллин гIуллакххоша, хьехархоша къамелаш до сийлахьчу нохчийн йаздархочух лаьцна. Иза массеран иэсехь оьзда, гIиллакхе стаг а, похIме йаздархо а, вуьззина нохчийн къонах хилла висина. Къамелаш диначара хIораммо ша цунах дозалла дар а, воккхавер а, цуьнга шен ларам хилар а хоуьйтура.
Нохчийн литературехь а, культурехь шортта хила а хилла, болуш а бу вай дозалла дан хьакъ болу къонахий а, зударий а. Цара халкъан дуьхьа къахьегна, хьоьгуш а ду. Ишттачу нахана йукъахь шатайпа меттиг дIалоцуш ву Айдамиров Абузар, цо шен халкъан дуьхьа динарг лаккхара мах болуш а, цкъа довр доцуш а гIуллакх ду.
Нохчийн сийлахьчу йаздархочунна, оьздачу къонахчунна Айдамиров Абузарна лерина суьйре йерзош, Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба Абузарна лерина илли дIаэлира.
Арсанукаев Муса,
Нохчийн Республикин
хьакъволу журналист