Хатуев Iабдулхьамидах дош…

 

Кхоччуш хьох дош ала хьакъвоций хуъушшехь,
Денна хьо, доттаг1а, хиларна дагахь,
Ойланша хьийзорна холчахь со воллушшехь,
Х1етте а вист хила ву-кха со дагахь…

…Ма сиха уьду хьо, зама. Иттех шо д1адели нохчийн къоман Халкъан Поэт Хатуев 1абдулхьамид кхелхина. Ц1еххьана беанчу шийлачу кхаьъно и вевзаш хиллачеран дегнаш чахчийра. Коьрте деара цуьнан цхьана байта т1ера «…со везначо шайн дог делхаделаш» боху дешнаш. Хеталора, 1абдулхьамидана шех хир дерг хууш хилча санна…
1абдулхьамид дика вевзачарех со а вара. Бакъдолш, цунах кхоччуш дош ала со хьакъ ву бохург дагахь-ам дац сан. Хийла вовшехдетталуш литературех, поэзех, чолхечу дахарах къамелаш дар а нислора тхан. Дог ц1ена адам дара 1абдулхьамид. Халкъ, Мохк, вайн ненан мотт, литература, доттаг1ий безар шеца а долуш.
Адмашца вог1уш, цаьрга вистхилар, зен делларг доькъуш чекхваьллачех цхьаъ вара иза. Нохчалла шен ц1ийца дара цуьнгахь. Т1екхуьуш болу кегийрхой, къаьсттана поэзи йовза лууш берш вуно дукха а безара 1. Хатуевна. Тахна дозаллица билгалдаккха лаьа суна цо совг1ат деш, шен куьг а йаздина жайнаш сайгахь хилар. Царех пайда а оьцу ас, балхах, ц1ахь, арахь – кегирхошца цхьанакхетаршкахь а.
Ткъа х1инца суна довзийта луур ду 1абдулхьамид даголоцуш, Ночийн Республикехь хилла ца 1аш, Россехь а йевзаш, лоруш йолчу журналиста Барзанукаева Айзана дина къамел.

Дахарехь лар

«Тамашийна ду хьо, х1ай маьлхан дуьне! Хьайх 1ехадалийта хаьа хьуна. Б1аьрг белаболуьйтуш, дог ойбуш, дуьне серладоккхуш хьосту ахьа тхо.. Ткъа наг-наггахь дог 1овжош, б1аьрг белхош, сирла дуьне бодане дерзош тхо чахчадо ахьа. Иштта чахчи ахьа тхо х1окху январь-баттахь доккха пох1ма долу Халкъан Поэт хеназа тхуна юккъера ваьккхина, анайист йоцчу паналлехула оцу Везчу Аллах1ана дуьхьал х1оттош…
Вай массо а даладезаш кхоьллина Дала.Делахь а, хала ду дагна велла, аьлла, болу ирча кхаъ т1еэца, цунах тиэша. Амма бакъ хилла д1адирзи: вац вайца тахана Хатуев 1абдулхьамид. Г1орасиз а хилла, гуттаренна а сеци цуьнан дог, кхин деттадала ницкъ боцуш. Байлахь биси цуьнан доьзал. Дог дуьйхи йиш-вешин, гергарчеран, юьртахойн, и везаш-вевзаш хиллачеран массеран а. Олуш ду, поэт цкъа а леш вац. Дан а ду иза иштта. Вайна юкъара 1абдулхьамид д1аваьллехь а, цкъа а довр дац цо дитина Дош — Поэтан Дош.Цунна тоьшалла деш долу ши масал далон лаьа.
Хатуев 1абдулхьамидан хеназа кхалхар хилла, аьлла, буса т1аьххьар хуьлучу телевиденин керланашкахь хезна, дог доьхна, йилхина, 1уьйранна шен балха яхара ша, бохуш дийцира соьга Соьжа-г1алара №54 йолчу школера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Жантаева Шукрана. Ала дашна, Шукран а, Хьамид а — тхо пхеа шарахь цхьаьна дешна дара университетан къоман отделенехь (оха цунах Хьамид олура — Б.А.). Пхоьалг1ачу классера берашна хьалхарчу деношкахь дагахь 1амо Хатуев 1абдулхьамидан «Аьрзунан илли» т1ера кийсиг елла хилла цо. «Ма тамашийна нисдели иза иштта: Хьамид вайна юкъара д1авели. Аса берашна ц1ахь бан болх лучу хенахь иза дийна ву, ткъа шолг1ачу дийнахь — бераша суна и схьаюьйцучу хенахь — цуьнан хеназа кхалхар хили. Амма цуьнан поэзи вайца йиси»,- бохура Шукрана.
Цул т1аьхьа, масех де даьлча, Соьлжа-г1аларчу Зорбанан Ц1ийнан актови зала чохь гулбелла бара республикера журналисташ, шайн корматаллин Де билгалдаккха. Цига кхайкхина бара шайн программица артисташ а. Журналисташ декъал а беш, иллиалархочо Межидов Сахьаба билгалдаьккхира ша олучу иллин дешнийн автор Хатуев 1абдулхьамид хилар. Иштта дуьсу-кх Поэтан дош адамийн иэсехь.
«Халкъан яздархо», аьлла, ц1етиллина Указ арадалале дуьйна а Хатуев 1абдулхьамид республикехь дукха нахана вевзаш стаг вара — цуьнца бераллехь дуьйна левзинчарна, школехь а, университетехь дешначарна, эскарехь г1уллакх деш цхьаьна хилчарна, тайп-тайпана белхашкахь болх бинчарна. Церан массеран а хир ду цунах лаьцна дийца дуккха а дика х1умнаш. Со цуьнан юьртара а, тайпана а яцара. Университетехь цуьнца цхьаьна пхеа шарахь дешнера. Х1етте а соьга дукха наха телефон а етташ, кадамаш бира.
Шен юьртахь, Мескер-эвлахь, школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш волчара сан х1усамдас Барзанукаев Ахьмада ша редактор волчу Шелан районан «Коммунизман байракх» газете балха кхайкхира цуьнга, шаьшшиъ студент волчу хенахь дуьйна хиллачу гергарлонца, ненан матте а, журналистике а Хьамидан безам буйла а хууш. Тахана республикехь г1арабевлла болу яздархой а, журналисташ а цу редакцехь кхиъна а, болх бина а бара. Зангаев Бадрудди, Мукаев Х1арон, Эпендиев Мохьмад, Аслаханов Ибрах1им, Ахмаров Рамзан, Саидов Сайд-Селим, Исаев Гилани, Алимханов 1умар-1ела, Мадаев Саламу, Дадулагов Ваха(уьш тахана бакъдуьненахь бу, Дала гечдойла царна!). Тахана а кхиамца белхаш беш бу Хатуев Хьамидца хьирчина болу бевзаш болу журналисташ Ильясов Мовсар, Уциев Абу, Баширов Сайд-Мохьмад, Муцураев Олхазар, Гапураев Хьасан, Радуев Хьасин, Дикаев Тургун, Чабаев Лоьма, кхиберш.
Царалахь шен пох1маллица къаьсттина билгалволуш вара Хьамид. Иза журналист хилла ца 1аш, цу хенахь а ц1ейоккхуш поэт вара. Цундела цо куьйгалла а деш, редакцехь вовшахтоьхнера къоначу литераторийн цхьанакхетаралла — ТОМ (творческое объединение молодых). Хинболу поэташ кечбеш бакъйолу пхьалг1а хилла д1ах1оьттира и ТОМ. Поэзин башхачу дуьнене х1етахь 1абдулхьамидан г1оьнца шайн хьалхара г1улчаш яьхна дуккха а поэташ бу вайн республикехь , шайн стихийн гуларш а йолуш зорбанехь араевлла. Царех бу Пашаев Нурди, Уциев Абу, Закаева Фариза, Дакаев Са1идбек, Гапураев Хьасан и д1.кх.
Ткъе пхийтта шо хьалха Хьамид школехь хьехархо волчу хенахь Барзанукаев Ахьмада цунах лаьцна язйинчу очеркан ц1е яра «Дахарехь лар». Цу хенахь Хьамид 25 шо а кхачаза жимстаг вара. Шен къоналле хьаьжна доцуш, б1аьрла г1уллакхаш дан а, дахарехь шен лар йита а кхиънера иза. Цул т1аьхьа даьхкинчу шерашкахь нохчийн литература, журналистика кхиорехь, халкъан кхидолу коьрта хьашташ кхочушдарехь 1абдулхьамида дина г1уллакхаш дуккха а ду. Цундела х1окху сайн мог1анийн коьрте а дехкира аса изза дешнаш — «Дахарехь лар».
Со ч1аг1дан х1уттур яра: къоначарна — вайн мохк а, къам а, литература а, поэзи а езачарна — шех масал а оьцуш, шена т1аьхьах1итта дахарехь дика лар йитина д1аваха Халкъан яздархо Хатуев 1абдулхьамид.
Дала гечдойла хьуна, Хьамид! Дала ийманца собар лойла кху дуьненахь хьоьца гергарло лелийначарна массарна а!»

Накъосташка

Доцург алий, со ма хеставелаш,
Дерг д1адаккхий, со ма вожаве.
Бакъдерг алий, сан дог 1овжаделаш.
Бакъдерг алий, сан дог деладе.
Къайлах-къулах со ма кхайкхавелаш,
Шалхадовлий нах ма кхардабе.
Дуьхьал алий, сан дог 1овжаделаш,
Дуьхьал алий, сан дог деладе.
Шайн дог эшча, даим юьстах лелаш,
Со д1ататтий, шайха хер ма ве.
Бохам беънехь, сан дог 1овжаделаш,
Кхаъ а баккхий, сан дог деладе.
Со д1аваларх, юрт ма елхаелаш,
Сан сий айба чурт ма х1оттаде.
Со везначо шайн дог делхаделаш,
Ца везначо шайн дог 1абаде!

1абдул—Хьамидах дош олуш вист хиларан сан коьрта 1алашо цунан кхоллараллин а, дахаран а некъ бовзийтар йу. Дуьнент1ехь даха кхоьллинчу адаман мах беза хилар а, и дахар лардан дезаш хиларан ойла кхио цунан произведенаша.
И вайца массаьрца дог- мерза, ийна вара. Дикане сатуьйсуш а вара поэт. Дайн ц1ена г1иллакх, яхь, кхерчара ц1е санна, даима 1алашйар дара цунан дег1аца, ойланашца. Стихотворенин говза мотт бара цунгахь. Уьш мукъаме сиха йоьрзуш а йара цундела. Вайн х1ораннан даг чохь нохчийн литературе болу безам кхиош поэт вара Хатуев 1абдулхьамид.
Зорбане кечйинарг
журналист Якиев Iумар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля