«Бекалахь, ненан мотт!»

Хууш ма хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Р. А. Кадыровс шен указца билгалдаьккхина 25 апрель – «Нохчийн меттан де» аьлла. Кху шарахь пхийтта шо кхаьчна иза кхайкхийна. Амма, цхьана Нохчийчохь даздина ца 1аш, вайн республикехь бехаш болчу нохчаша а шуьйра даздо и де.
Кху беттан 23-чохь, «Нийсо» газетан коьрта редакторан кхайкхамца д1айаьхьира «Бекалахь, ненан мотт» ц1е йолу, нохчийн меттан денна лерина фестиваль. Йуьхьанца цхьацца халонаш хиллехь а, билгалдаьккхина терахь герга кхочуш, дерриге нисделира. И мероприяти д1акхайкхийчахьана, Оргкомитетан декъашхоша («Нийсо» газетан коьрта редактор, Дагестанан Культуран хьакъволу белхало, байтшйазйархо Якиев 1умар, Всесоюзни исбаьхьаллин гайтаман лауреат, «Нийсо»газетан корреспондент, Оргкомитетан куьйгалхо – дуккха а шерашкахь нохчийн мотт хьехна волу Зайнулабидов Халид, Дагестанан образованин отличникаш, нохчийн меттан хьехархой Мазигова Малика а, Бачигова Инканат а, Султанбиев Авбакар а) дуккха болх бира кечамаш беш. Мероприяти д1айаьхьира Хасавюртан №11 йолчу ишколехь. Ала дог1у, кхузара куьйгалло, шен коьртехь директор Хункаров Висраил а волуш, дика кечам бинера хьеший т1елаца а, лаккхарчу т1ег1анехь фестиваль д1айахьа а. Ткъа Хатиев Мурата технически хьелашца кхачам бира. 
Дакъа лаца кхайкхинера: Хасавюртарчу педколледжан нохчийн меттан хьехархо, ДАССР-н хьакъволу хьехархо – Умаев Юсуп; адвокат, байтшйазйархо – Умаев Руслан; адвокат – Османов Рамазан; Хасавюртан образованин управленин ненан меттийн куратор – Рашидова Азра; Дагестанан халкъан артист – Шаипов Латип; вайн республикин хьакъволу артист – Тупиев Руслан; иллиалархо – Гиласханов 1ийса; Россин йукъараллин образованин Сийлаллин белхахо, Дагестана образованин отличник, ненан маттахь йазйинчу берийн произведенин Межрегиональни конкурсан лауреат, байтшйазйархо, гочдархо, – Татаева Хьурмат; хьолада – Гапуев Исма1л; Хасавюртарчу а, Хасавюртан а, Новолакски (Ауховски) а, Казбековски а к1ошташкарчу ишколашкара нохчийн меттан хьехархой а, дешархой а.   
«Иллига бирзича
1енадеш б1аьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш
Кийрара дог.
Кхолабеш, юха а
Белабеш б1аьргаш,
Йовхо лург хиллера
Сан ненан мотт
Диканехь я вуонехь
Дош ала дезча,
К1орггера ян воьлча
Хиллачийн чот,
Эхь, ийман я г1уллакх,
Доьналла эшча,
Хьекъал лург хиллера
Сан ненан мотт.
Даймехкан курачу цу лаьмнийн баххьашкара – кураллех дуьзна.
Даймехкан шийлачу шовданийн хишкара ц1еналлех дуьзна.
Даймехкан башхачу 1аламан исбаьхьчу йуьхь т1ера – хазаллех дуьзна.
Дикачу дас-нанас вайнехан 1адатехь кхиийначу т1аьхьенан оьздачу, маьршачу доьзалан ц1арах.
Къоман йуьхь-сий лардеш, цхьа оьзда кхиинчу вайнехан дикачу мехкарийн-йижарийн ц1арах.
Даймохк безар, жимчохь дуьйна, дагах, дег1ах, т1амарах доьлла.
Мехкан хьанала, тешаме кхиъначу, йахь йолчу вайн к1ентийн-къонахийн ц1арах шуьга ду, доттаг1ий, Салам-Маршалла!!!«Салам-маршалла ду шуьга, лараме хьеший, хьехархой, дешархой,  — дешнашца гулам д1аболийра программа д1ахьуш болчара – Маликас а, Инканата а.  — 25-г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан дезаде лерина ду. Таханлера вайн цхьанакхетар а ду нохчийн меттан денна лерина. Кхузахь вай йуха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта дийцаре дийрду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а. Уггара хьалха, таханалера цхьанакхетар д1адолош, доккхачу баркаллица дош дала лаьа, вай дерриге схьагулдинчу Республикански Йукъараллин-политически «Нийсо-Дагестан» газетан коьртачу редакторна Якиев 1умарна» — аьлла, мероприяти д1а а йолош, гулбеллачаьрга вистхилийта дош делира цунна.«Салам-маршалла ду шуьга хьоме хьеший, хьехархой, дешархой – волевелира 1умар – Шу дерриге марша дог1ийла. Де дика дойла шун массеран. Таханалера вай цхьанакхетар, ма-хаъара, лерина ду нохчийн меттан денна. Кху безачу мархийн баттахь х1ара нисдалар а ду Делера беркат. Вайн ненан мотт денна а базбеш, хазбеш, марзбеш, лоруш, кхиош, цуьнан сийдеш, хам беш хила веза массо а нохчо. Иза вайн къоман хазна йу. Иза биц бан а, ца беза а йиш йац вайн»!
Шайхиев 1алвадин «Аьккхийн илли» ц1е йолу илли а олуш, Шаипов Латипа д1айолийра фестиваль. Цул т1аьхьа илли элира Тупиев Руслана а. Кхин д1а берийн гайтам болабелира. Шайн ноьмаршкахь цара билгалдоккхуш дерг, иза – ненан матте, нене, Даймахке, доттаг1чуьнга болу безам бара. Ткъа х1ун хир ду царал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь, кхетош-кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна и безамаш.          Дуьне кхоьлличахьана оьздангаллийца, майраллийца, коьмаршаллийца, йахьца г1ардаьллачу къомах ду вай а. Нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1уш ду вайн къам. Мотт къоман оьздаллин бух бу. Иза д1абаьлча д1адолу дерриге халкъан къомалла а. Муьлхха а къомана Дала белла бу иза. Б1ешерашкахь дай-наноша доьзале къинхетаме бистхуьлуш 1амабеш, хин коьртехь мехкарийн ойланаш ловзайеш, тайп-тайпана майданашкахь хьехам хуьлий хьийзаш, захало дуьйцучохь х1илланча хуьлуш, дов луьстучохь масла1атана г1ирс хуьлуш, бу-боххучу турпалхоша хастабеш схьабеана бу вайн нохчийн мотт. Дуккха а йу вайн литературехь иза базбеш йазйина байташ а, иштта кхин йолу произведенеш а. Царах цхьайерш йийшира баьхкинчу декъашхоша («Ненан мотт» — 1. Якиев, «Нохчийн мотт» -Т. Умаханова, «Ненан маттаца къамел» — П. Петирова, «Сан нохчийн мотт» — Б. Магомадов, «Даймахке» — А-А. Асхабов, «Нохчийн зуда! Сийлахь Нана» — Хь. Татаева, «Нана» — Ф. Цалдаева, «К1ант воьжна нана» — Ш. Рашидов, «Цхьа доттаг1 вара сан…» — М-Х. Тухигов).
Иштта, фествалехь дакъалоцуш йара Дагестанан халкъан ансамбль «Ламан Аз». Хасавюртан к1оштарчу 1османюртара филиалан куьйгалхочо, региональни Правительствон «Дагестанан са» премин лауреата Султаханова Хавраас кечйина йара мехкарийн тоба. Цара йехкира кху мероприятина лерина композициш, шайна йукъахь хелхарш а, йиш лакхар а долуш. Иштта, дешархоша кечйина йара тайп-тайпана сценкаш: забаре  — «Пекъар хьехархо»; хьехаме — «Д1а коч-схьа коч»; дешаран — «Нохчийн меттан урок». Ткъа уьш йоцурш а, илли олурш, йиш локхурш, вота тухурш а бара декъашхойн йукъахь. 
Ала дог1у, уьш берриге а дика, лаккхарчу барамехь кечам бина бара. Иза, церан хьехархоша дешархой кечбеш, кхоччуш болх баран билгало йара. Махке, нене, матте, болу безам церан дагчохь ца хилчи, иштта гайтам кечбан а лур бацара царна. Массо а декъашхочунна, редакцес вайн махкахь бевзаш болчу хьоладайша цхьана ахчанца совг1аташ а, грамоташ а, дипломаш а йелира. Ткъа кхаа номинацехь толамхой къастийра. Амма из дац, бисинчеран ноьмарш вуон йу бохург. Схьалаьцча, муьлхха а дешархо вара шен лаккхара мах хадо хьакъ волуш. 
Чеккхенехь йиш хилира шайна хетарг ала баьхкинчеран. Царах массара а лаккхара мах хадийра мероприятин. Билгалдаьккхира, кечам лаккхарчу т1ег1анехь бина хилар а. Ткъа Рашидова Азрас Хасавюрт г1алин куьйгалхочун ц1арах, дуккха а шерашкахь ненан мотт хьоьхуш хьанала къахьегарна совг1атна грамота йелира Саиева 1айнаъана. Цул совнаха, редакцин ц1арах грамота а, ахчанан совг1ат а дира №15 йолчу ишколерчу нохчийн меттан хьехархочунна Хуцурова Тоиратана. Дагадаита лаьа, кху шарахь вайн республикехь «Шеран хьехархо» къовсамехь, ненан меттан хьехархойн йукъахь, Тоирата шолг1а меттиг баьккхинера. Иштта, массарна а баркаллина дош олуш, фестивалан жам1аш а деш, вистхилира Оргкомитетан куьйгалхо Зайнулабидов Халид. «Шуна массарна а Дела реза хуьлда. Баккъала а бакъ долуш ч1ог1а беркате цхьанакхетар дара х1ара. Иштта мероприятеш, таро ма-ййу, кест-кеста д1айахьа йеза вай йог1учу ханна а. Къаьсттина билгалбакхха лаьа хьехархоша дешархошца бина болх. К1еззигчу хена чохь шун таро хили лаккхара барамехь гайтамаш кечбан. Иштта беркате къона т1аьхье кхуьуш мел йу, вайн кхане йоьхна йац. Иза ду вайн дозалла а»! — шен къамел дерзийра Х. Зайнулабидовс.
Нохчийн кийрахь дог мел деттало, цуьнан пхенашкахь ц1ий мел кхехка, хьан меттиг баьрччехь хир бу.
Хьо даим бехар бу, хьо даим бекар бу, сан нохчийн мотт!
Ненан мотт,
Хьо бека бисалахь
Тахконза дисинчу аганна;
Ненан мотт,
Хьо хезчохь бисалахь
Ненан мотт мел безачунна;
Ненан мотт,
Хьо баха бисалахь,
Нохчийн къам мел деха цуьнца!
— дешнаш а олуш, массеран цхьаьна коллективни сурт даккхарца д1айирзира «Бекалахь, ненан мотт» ц1е йолу фестиваль.

Хууш ма-хиллара, вайн историн к1оргене хьаьжча, дуккха а хала киртигаш т1ех1иттина къомана. Амма, къар ца луш, г1иллакхех ца къаьсташ, матте безам ларбеш, схьабеана вайн дай, дедай. Ма-дарра аьлча, муьлхха къоманна санна, вайна а уггаре коьртаниг вайн мотт бу. Цуьнца доьзна ду вайн дахар. Гуттара а, нанас шен цхьаъ бен доцу бер санна 1алашбеш, лаккхарчу т1ег1анехь кхиош схьабеана иза. Иштта, кхуьучу т1аьхьене д1акховдо беза вай иза.

Суьрташ —  ЯКИЕВА Амнатан

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля