РогIера даздаран де

Хьоме махкахой – йижарий, вежарий! Кху шеран августан 2-чохь ткъе шуьйтта шо кхочуш ду вайн газет кхоьллина. Йаьлларг дукха хан йацахь а, шен исторехь дуккха а тамашена белхаш гина кхунна. 1990-чу шарахь кхоьллина долу газет, шен болх ца-хаддош схьадог1у муьлхха а халонаш т1е1иттайаларах: Советски Союз йохар, лулара Нохчийчохь т1ом балар, мосазза экономически кризисаш хилар иштта д1а кхин а. Ала дог1у, д1а ца даларал совнаха, 2001-чу шарахь дуьйна региональни статусе а даьлла схьадог1уш ду х1ара. Ма-дарра аьлча, кхузара белхахоша шун – газетдешархойн г1оьнца бечу балхах доьзна ду и. Дукхахболчара олу, х1инца газетаца балаболуш цхьа а вац олий. Делахь, ишттачеран хабар йухатухуш, суна довзийта лаьа, х1ора шарахь, газетдешархой д1аязлун мур д1ахьош, редакце а бог1уш, дуьззина шерана, йа эха шеран ахчанаш а луш газете йазлуш нах бу вайна йукъахь. Царах цхьа а вац хьекъална иэшна йа телхина. Вуьшта аьлча, шайн мохк а, къам а, истори а, оьздалла а дукха а йезаш, иза дерриге девза а девзаш берш бу уьш – хьехархой, студенташ, лоьраш, йукъараллин организацийн декъашхой, йуртдай, хьоладай иштта цхьамогг1а 1едалан белхалой. Тахана вайн махкахь цхьаъ бен дац вайн къоман газет. Кхуьнан тираж шиъ эзар сов экземпляр йу. Дукха ду и терахь йа дац? аьлла хаттар кхоллалахь, х1ораммо а шен иэс-кхетаме хьаьжжина жоп лур ду. Амма, суна хетарехь, шиб1е эзар гергга нохчий бехачу республикехь кхин ца-хиллала к1еззига йу и тираж. Йог1учу ханна, «Нийсон» дахар вайх доьзна ду. Кхин дерг ца дийцича а, луларчу къамнех масал иэца дезара вай. Аса ца боху уьш вайла тоьлуш ду. Делахь, шайн къоман г1уллакхе уьш дика хьовсий те олий хета. Ткъа шун ойла муха йу, хьоме махкахой?
Суна даггара декъалбан лаьа кхоллараллин коллективан берриге а декъашхой. Тхо массо а ханна кийча ду вайн къоманна оьшучохь тхайгара г1о-накъосталла дан олучу дашца, йа кхин долчу г1уллакхца. Дала барт цхьаъ бойла вайн. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля