Дуьсур-те, «Нийсо», хьо байлахь… » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Дуьсур-те, «Нийсо», хьо байлахь…
24.07.2019 17 0 niyso

Дуьсур-те, «Нийсо», хьо байлахь…

Общество
В закладки
Кху деношкахь чекхбели газеташка шолг1ачу эхшаре язбаларан рог1ера мур.Цхьаъ бен доцчу «Нийсо» газете вай яз ца луш хиларх, цецваьлла а ца волуш ву со. Вайнах сибрех болчу хенахь, ненан маттахь радио (Алма – Атехь, Казахстанехь) болх бан йолаелча хилла кхаъ, тахана а биц ца ло сан хенарчу нахана.


Цул т1аьхьа «КЪИНХЬЕГАМАН БАЙРАКХЬ» газета арадалар кхин а цхьа совг1ат дара. Ненан маттахь радио, газета хилар оцу пана махкахь, Кавказе, вайн ярташка, сатуьйсуш долчу тхуна, г1о – наккъосталла хиларал совнаха, доккха дозалла а, герз а дара.
Кху деношкахь коьртачу редактора Якиев 1умара, шен колонкехь яздинарг дагах ца кхеташ, цо кийрара дог тоха ца долуьйтуш велахь (къамел вайнехан а, оьрсийн а маттахь дара) газетан тираж ца йийцича а, вай декъаза даьллий – те, боху, ойланаш а юссу коьрте.
Газеташка, журналашка язваларан мехаш алсамбовлар кхоллараллин коллективех дозуш ца хилар хууш хила а деза вай. Цул совнаха, «Нийсо» газет бен дац вай проблемаш ойуш, уьш йийцаре еш, уьш йовзуьйтуш. Цундела газете язвлар, я иза ас яздийр дац, боху, къамел хила дезаш а дац, суна хетарехь.
Журналистийн тобано «Халкъан Аз» долуш дуьйна деш долу г1уллакх девзаш а ву со. Аблиев Зайндес ( шу марша) коллектив вовшахтухуш хьегна бала а дагахь бу – кх вайна. Цхьаболчаьрна. 
 И шадерриг диц дан бакъо юй – те вай? Сан кхетаме и г1уллакх диллича – м яц! Кхоллараллин болх беш болу нах цкъа а ца хилла «ахча–бохча» лоьхуш. Церан 1алашо - газетадешархочунна бух болуш, барт ларбеш, къаьмнийн юкъара гергарло 1алашъеш информаци латтор ю. Оцу жоьпаллечу декхаршца «Нийсо» газетан коллектив ларош схьайог1уш а ю.
Вовшен сий – пусар дар, вовшашца лараме хилар, вовшех дашар лолда вайна везачу Дала! 
Тахана вайн цхьаъ бен доцчу газетана г1о – накъосталла оьшучу киртигехь, юьстаха латта бакъо яц шен кийрахь вуьззинчу вайнехан дог долчу къонахчун!
Вай оцу г1уллакхах кхеташ ца хилахь, «Нийсо» газета байлахь дисарна кхоьру-кх со…
Автор: Минтемиров 1имран, Хасавюртара вахархо, къинхьегаман ветеран
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
...Ас дозалла до
...Ас дозалла до
...Ас дозалла до
03.04.19 Общество
Хьалхара апрель – Дег1астанан Радиохь нохчийн маттахь йолу редакци кхоллаелла де.
«Нохчийн туьйранаш» книгин презентаци
21-чу февралехь, Соьлжа-ГIалахь, Республикин берийн библиотекехь дIаяьхьира евзаш йолчу журналистан, гочдархочун Чагаева Тамарин «Нохчийн туьйранаш» цIе йолчу книгин
Журналист санна вевзина ца Iа иза
ХХ - г1а б1ешеран доьзткъе уьтталг1ачу шерашкахь журналистикехь къахьега волавелла Борхаджиев Хожбауди. Ша болх бечу газетан корреспондента т1ийра д1аволавелла, коьртачу
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
09.01.19 Образование
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъ-ян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а,
Алихан, хьо воцуш цхьа шо дIадели…
Зама. Дуьне. Адамаш. Доттаг1ий. Вон – дика. Де – буьйса. Б1аьсте. 1а. Аьхке. Гуьйре. Валар – висар. Вер – ваккхар. Адмалла. Яьхь. Г1иллакх. Доьналла. Ма дукха ю – кха











«    Август 2019    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1234
567891011
12131415161718
19202122232425
262728293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать