Декъала хиллий, ненан мотт, хьох къаьстинарг?

Со а ю-кх, нанас, пазатна йома юьллучу юкъанна, назманийн мукъамаш балош, когаца ага техкош кхиийначу йоIарех цхьаъ. Шух, бусалба динний, Даймохккий, ненан моттий безачарех со хиларна Далла хастам а беш ехаш йолу. Ткъа мах, Дала а, наха а хадор хир бу-кх вайн.
Децас (Дала декъала яро) олура тхоьга: «Наха хьо мел дашо-дато ву бахарх а, хьайн мах АллахIана гергахь хьайн болччул бен кхин сов боцийла хаалахь».      Децас, Iалелай, ма сиха йоьду зама, 40 шо хьалха баьхнарш тахана а, хIора дийнахь а хуьлуш лаьтташ ду. Далла гергахь сийлахь ву бусалба уммат хаздеш вехарг, дуьне эхартах ца хуьйцуш, ден-ненан сий лардеш, шен мохк а, къам а лоруш вехаш верг. Стеган вахар а, валар а АллахIа рицкъ яздинчохь бен хила йиш яц боху дин девзачу наха.
Вайн халкъана тIехIиттинчу баланаша а, тIемаша а дуьне ма-дду дIасадаржийна вайн адамаш… Нохчийн мухIажарийн ковранаш генарчу Хонкаран, Иорданин, Шемин мехкашка дIайоьлхуш гина дуьне ду хIара. Хьалха заманахь говран ворданашкахь дIаихна нах, хIинца вайн заманахь кеманашца, цIерпоштанекъашца дIабахана вайн махкахой…
ВаллахIи ца бахана уьш Даймохк ца безаш. Тахана Европе хьовха, 120 шо хьалха Иордане дIабаханчу нохчашна юкъахь а вац «Со гуттаренна а дIавоьду» аьлла, новкъаваьлла ваханарг!
Даймохк – иза иштта атта биталуш бац нохчашка. Вайн ворхIе а ден синойн зIийдиг ю хIокху лаьттан кIоргенехь тасаелла, марзонан хутал хадо цатуьгург.
Зарзлучу кIаденах тарлуш ю нохчалла олу цхьаболчара. Амма, дукха хьолахь, нохчийн гIиллакхаш ца лелош а, ца девзаш а болу «нохчий» нохчийн орамах ца хуьлу. Хи чу кхоьссина екъа дечиг санна, тIехула баьхна и нах хIокху замано. Шайн доьзалшна хIуъа могуьйтуш, шайн берашна нохчийн мотт цахаар иэшаме ца хеташ, иза школехь Iамор новкъа долуш нах бу вайн юкъараллехь.
Къомах къам дийриг Дала цунна белла мотт а бу, гIиллакхаш а ду. Нохчийн къоман гIиллакхаш хаза дуй хууш ду вайна, иза иштта хилар дика хиъна хIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман векалш дIакхаьчначу дуьненан массо маьIIехь а.
Лерсина аьхна бу, Iамо атта бу нохчийн мотт, ткъа цуьнан шорто, мел ю хаа луучо, ярташкахь бехачу баккхийчу нехан къамелашка ладегIа деза я вайн яздархойн говзарш еша еза.
Советийн Iедалан заманахь нохчийн мотт ца буьйцуьйтуш меттигаш яьхкира, къаьсттина Соьлжа-ГIалахь. Амма вайн заманахь нохчийн мотт нохчашна безийта, доьзалшкахь иза хаза а, нийса а бийцийта некъаш а, паргIато а шортта ю. Мотт ца буьйцуьйтуш цхьа а вац.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс оханан (апрель) беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де ду аьлла дIакхайкхийна 13-гIа шо ду. Боккха мур бу 13 шо, 156 бутт бу иза. ХIун дина вай вешан къоман мотт Iалашбарехь, иза кхиорехь? Вайга оцу декъехь даделларг кIезиг ду. Министерствийн, ведомствийн, учрежденийн цIераш оьрсийн маттана уллехь нохчийн маттахь язйина.
Яздархойн Союзо хаддаза зорбане йохуш ю нохчийн маттахь язйина книгаш. Амма дешархошка а, кегийрхошка а ладоьгIча хаало царна нохчийн мотт ледара я хаъанне а цахаар. Барта буьйцучу меттан культура хIинца цхьаболчу баккхийчаьргахь а яц.
Бакъду, цхьа а шеко йоцуш, нохчийн меттан сий деш, цуьнан кханенах дог лозуш, ненан мотт даггара безаш вайн школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой бу. Нохчашна шайн къоман мотт марзбан а, Iамон а безаш хиларна дехарш дан дезачу хьоле даьлла вайн гIуллакх, доккха эхь долуш хьал ду тахана дерг. Вай новкъа долчарна луург ду иза.
Нохчийн мотт ца оьшучу тIе даьлла вайн цхьаболчу, заманал хьалха цхьанхьа дIакхача сихбеллачеран хьал. Дала дикане кхачадойла вай. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн халкъах болу нах ца кхочуш шахьар, пачхьалкх ца йисина кху дуьненахь.
Суна санна, шуна а гина хир ду, гур а ду, хьо дIакхаьчначу пачхьалкхехь я гIалахь, аэропорта чуьра дуьйна, урамаш а, гIаланаш а шайн къоман маттахь долчу йозанца кечйина хилар. Хьо Германе кхаьчнехь немцойн мотт, хьо Ингалсан пачхьалкхе кхаьчнехь ингалсан мотт, Иордане кхаьчнехь Iаьрбийн мотт гаро хьуна хоуьйту хьо муьлхачу пачхьалкхе кхаьчна.
Аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а ю пачхьалкхан а, гIалин а юьхь. Цигахула новкъадовлу вай, юха цIа а доьрзу. Хьеший а цигахула дIасалела. Некъашца дукха ду вайн рицкъанаш. Амма дуьненахь тIаьххьара бо некъ вайн цIа, вайн дай баьхначу юьрта боьрзуш бу вай.
ДIавоьдург гуттаренна олий ца воьду, ваха а лур вац – гуттаренна. «Сайн гIуллакх нисдаллалц», олий, воьду. Букъа тIехьа дуьсуш дерг: хьан мохк, юрт, да-нана, дайн кешнаш, хIусам ю. Дела воцчунна ца хаьа оцу некъан чаккхе мичахь, маца хир ю.
Геннара вогIуш хилча-м, гуттар а, хаза а, хьогаме а ду цIакхачар. Амма хьо Нохчийчу, хьо хьайн махка кхачаран цхьа а билгало яц вайн ган. Нохчийн маттахь яздина цхьа элп, цхьа дош ца карийра суна Соьлжа-ГIаларчу аэропортера гIали юккъе кхаччалц. Из-за хьал ду вайн республикин ярташкахь а. Туьканийн, кафейн, урамийн цIераш оьрсийн маттахь хилла ца Iаш, ингалсан маттахь а ю.
Дика хир дацара аэропорте боьдучу некъан бохалла нохчийн яздархойн, поэтийн говзаршна юкъара даггара аьлла, доккха маьIна долу дешнаш далош, кечйина баннерш юкъ-кара мукъане а дIатоьхна хилча? Вайн республике богIучу кхечу кьаьмнийн векалшца йолчу йохьана а. Кхин хIумма ца хилча а «Вайн дай-нанойх бисина мотт хIара бу шуна!», – аьлла, нехан мехкашкахь бина, кхиъна Нохчийчу дуьххьара хьажа-хIотта богIучу кегийрхошна нохчийн мотт гайта хилча дика хир дацара?
Масала, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» байта юкъара:
«Бехачохь, дуьйцучохь боккхачу когаца,
Сийлахьчу Даймехкан сий айде боху цо».
ХIумма а ца товш хир дац нохчийн халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан дешнаш «Бийца мохккий, моттий бацахь, адамех ца олу къам»…
Иштта, Даймахке, дега-нене, ваьхначу юьрте болу безам буьйцуш, хьо мел геначу меттигашка кхачарх, хьуна хьайн бераллин некъаш идийна юрт йиц ца йолуьйту, йохьах, марзонах дуьзна кхин а дуккха а хаза дешнаш ду вайн халкъан яздархоша дитина.
Барта буьйцучу меттан а, йозанан меттан а культура цхьана тIегIана тIе нисъелла. Хьалха-м ненан мотт дика бийца хаьара, оцу маттахь яздан ца хаахь а. Мотт бийцаран культура (кхечу къаьмнийн мотт юкъа цаиэбар) ледара ю вайн. Культура суьйранна шифонер чу дIауллу бедар яц, я шен хьал-бахам массарал тоьлла хилар гайтар а дац. «Культура» дош латинийн маттера ду. «Сulture» – асар дар бохург ду. Хьайн маттаца, леларца, амалшца ца оьшу вуониг, асар дIадаккхар ду. Культура – иза даима а хелхадуьйлуш, эшарш лоькхуш Iар ду моттар нийса дац. Культура – уггаре а хьалха мотт бу. Мотт ца ларбича ларлур юй къоман культура?
Гиний шуна, догIанехь, дорцехь кхоьссина йитина бел я метиг мекха юлуш? Вайна оьшшучул бен бехар бац нохчийн мотт а.
Вайна иза эша беза. И ца хилча вайн йиш яц. Тахана хIора а нохчичо дIакхайкхо деза: «Мотт оьшуш бу вайна! И ца хилча вай – къам дац!» Нохчийн маттахь вовшашка кадам бо вай, доIа, весет, дехар до, дог оьцу, Iодикайо.
Мотт еккъа книгаш арахецарх я нийсаяздаран бакъенаш карлаяхарх а кхуьур буй техьа? Нохчичух нохчи хир вуй техьа цунна шен мотт хууш ца хилча? Нохчийн мотт буьйцийла вай дай-наноша шайн доьзалашка а, кегийрхоша вовшашка а.
Тахана дукха наха шаьш нохчийн къомах хуьлуьйтур бара. Хаттал иза Иорданехь, Хонкарахь, Европехь бехачу нахе. Нохчийн къоман гIиллакхаш а, къоман мотт а АллахIа дина совгIаташ ду. Нохчийн матто вовшахтухур ю дуьнен чохь дIасабаьржинчу нохчийн тIаьхьенаш.
Шайхиев Iалвадис (Дала гечдойла цунна) мел хаза аьлла: «Со дIавоьху? Стенна воьху? ХIун дицдина ас шун «дIахь»? Даго лаьмнийн эшарш лоькху, лаьмнаш ма ду кхузахь – цIахь! «Со дIавоьху? Стенна воьху? ХIун дицдина ас шун «дIахь»? Дайн кешнашна терго оьшу, кешнаш ма ду, кхузахь – цIахь!»                                                                                                                                          

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля