Йуьртан цlе бохург, цхьа мух-муха а доцуш, доккха а, сийлахь а хlума ду. Хlора йахь йолчу стага, цхьаьнге а ловза а ца йойтуш, шен ден а, ворхlе а ден а цlе санна, ларйан йезаш йу иза. Иза ахь лар ца йича, цкъа мацца а, хьо дуьненна а къинтlера а ваьлла, «иза-м хlун бен дара» бохуш, вижина lуьллушехь, цхьа бохь волу ша ву хlара йурт йиллинарг а, цунна цlе тиллинарг а, ша ву кху йуьртан а, мехкан а да, олий. Тlаккха цунна дан хlума а ца хуьлу.
Вайна дика дагадогlу нохчийн къам цlерадаьккхинчул тlаьхьа Нохчийчохь мел йолчу йартийн цlераш хийцина хилар. Цlадирзина 65 шо даьлча а, церан цlераш меттахlиттор хlинца а дуьззина чекхдаланза ду. lедало хийцамаш бичи а, тахана а «Ермоловка», «Сипсо-гlала», «Айвази» бохуш лелаш ду вай.
Цуьнца доьзна масех дош ала лаьа суна паччахьан заманахь хийциначу Хьалха-Мартан цlарах а («официально» долчу декъехь оьрсийн маттахь цуьнан цlе йаккхарца), дукха наха, шаьш мартанхоша а тlехь, и къобалдеш тlеэцарх а.
«Марта лаьттинчохь гlалгlазакхий баьхна», «цигахь Мартынов бохуш цхьа гlазакхи lийна», «Марта хlирийн дош ду», иштта цхьа могlа кхин а хабарш даржийна Хьалха-Мартан цlе кхоллайаларх, цхьа а бух боцуш. Уьш дерриш а – нохчел хьалха кхузахь кхин нах lийна, вай кхузахь тlедаьхкина нах ду ала гlерташ кхоьллина туьйранаш ду. Цунах ца кхеташ верг – йа коьртана дика вац, йа вайха вац.
Олуш там бацахь а, оьрсийн махкарчу къийго боьхал а ца еъначу, Нохчийчоьнан дегайуккъехь, Марта-хин йисттехь lуьллуш йолчу нохчийн йуьртах — Хьалха-Мартанах – вайн наха «Урус-Мартан» ала («Оьрсийн-Марта» бохучу маьlнехь) цхьа а бух а, бахьна а ца хилла. Цкъа делахь, цигахь, и гlап йиллале хьалха, цхьа а гlазакхий а, кхечу къомах болу нах а ца lийна. Хууш ма хиллара, Теркал сехьа уьш XVIII бlешо чекхдолуш – XIX бlешо долалуш бен ца бевлла. Шолгlа делахь, вайна ма хаъара, нохчаша оьрсийн къомах болчу нахах «гlазакхий», «оьрсий», «нетlара» («нет» бохучу дашах кхоллайелла этноним) бен, цкъа а «урус» ца аьлла. Иштта хилча цуьнан цlе нохчаша «Урус-Мартан», аьлла а ца йоккхуш, «Гlазакхийн-Марта», «Оьрсийн-Марта» йа «Нетlера-Марта» — аьлла, йоккхур йара.
«Марта» дашца орамера масех аз догlуш хилар бен, кхин Хьалха-Мартанца дозалуш хlума а доцушшехь боху иза вай «дукха дезачара» «Мартын» бохучу оьрсийн стеган цlарах коллаелла йу (декъаза вара хьуна иза цу хенахь цигахь нисвеллехь). Вукхара боху иза хlирийн «мардон» бохучу дашах схьадаьлла ду. Кхечара йаздо и цlе Марта йиллинчу «орсойн» тайпанан цlарах тиллина йу (шаьш «орсой» оьрсийн къомах схьабоьвлла лору цара). Тlаьххьарчух аьлча, Марта орсоша-м муххале а ца йиллинера, цу тайпанан нах цу йуьртахь хилла а бац.
Ишта тидарш вай дича-м «урус» бохург цхьамогlа меттанашкахь кхин маьlнаш долуш а карор ду (нохчийн маттахь «нож» бохург ду иза, латинийн маттахь — «медведь», овхlанхойн маттахь – «белый»).
«Урус-Мартан» боху цlе нохчийн латта тlехь а, нохчийн маттахь а «Кавказски» олучу тlамехь оьрсийн эскаро «Хьалха-Марта» олучу йуьрта йуххехь оьрсийн тlеман гlап йиллалца, Нохчийчохь-м хьовха, ерриге Кавказехь а хилла йац. Уьш «баснеш» йу, цхьана наха Нохчийчохь шайн олалла чlагlдан, хlара мохк, шайн ницкъ кхачахь, вайн долара дlабаккхан кхоьллина йолу. И lалашо йолуш «Кавказски тlом» а бира, нохчий Туркойн махка дlа а кхалхийра, 1944 шарахь вайн къам махках а даьккхира.
Мосуьйттаза йурт йага а йина, цу чуьра бахархой, вуьрг – вуьйш, лоллург – лоллуш, чувеъначу мостагlчо тиллина-кх «Урус-Мартан» бохучу гlопан цlе, и меттиг шайн долахь хилар билгалдоккхуш (гlопал арахь цара доладеш ца хилла). Хlинц-хlинцалца и цlе шаьш оьрсаша а, кхечу къаьмнаша а бен иштта йоккхуш хилла а йац. Ткъа нохчаша Марта (Хьалха-Марта) олуш хилла цунах массо а хенахь, вайна тlе кхаччалц.
«Урус-Мартан» («Урус-Мартановское укрепление») олуш йолу тlеман гlаппий, «Хьалха-Марта» цlе йолу йурттий, цхьаъ йоцуш, ша-ша хилла. Гlопан (гlалин) чоьхьа нохчех волу стаг ваха хоуьйтуш а ца хилла, царех ца тешаш. Цул тlаьхьа, «Кавказски тlом» чекхбала герга бахча, мелла паргlато а йаьлла, цхьацца болчу пхьерашна а, йохк-эцархошна а, шайн гlуллакх деш болчарна а гlопан гуонаха баха ховша магийна. Цул тlаьхьа, кхин хьашт ца хиларна, ша гlап дlайаьккхина.
Оцу гlопан «Урус-Мартан» боху цlе «делопроизводство» оьрсийн маттахь хиларна а, ма-дарра дийцича, хlинццалца вайн карахь хlумма а ца хиларна а, карадеъча а бен ца хетарна а оьрсийн кепехь йаккхан йолийна. И «недоразумени» ма хуьллу сиха дlайаккха йеза, Нохчийчоьнах «Чечня» бахарца цхьаьна.
Суьрта тlехь: Хьалха-Мартантlехь 1894 шарахь дина хиллачу Рузбанан маьждигах 1949 шарахь (нохчий цlера баьхна болуш) йина хилла ишкол. Кху ишколо болх бира 1972 шо кхаччалца. Цул тlаьхьа, 1981-чу шарахь, и гlишло йоха а йина, цуьнан метта тахана а йолу районан администрацин гlишло йира. Хlокху ишколехь дешна ас 9-чу классе валлалца.