
Эзар сом
Общество
В закладки

-Д1авалахь стаг, со маца гина хьуна дера! Со-м ю хьуна даима къежна , делла цициг санна.
-Им бакъ ду. Случайно, хьо ц1а яха лууша-м яц?
-Яц, кхин д1а алахь?!
-Дера хира яц, хьо, ахча дезаша-м!
- Хьажжал хьайна, ц1ийнада-м ву, хаза шен х1усамненан дагара хууш! Стаг, цхьа эзар сом дац хьоьгахь?
-Соьгахь-м дац цхьа сом.
-Хьоьгахь-м дац, амма соьгахь-м ду!
-Хьоьгахь мичара хуьлу? Сан кисана-м ца кхаьчна хьо?
(Кисана куьгаш туху).
-Хьуна мичара долу? Ас дехча-м цхьа сом ма дацара хьоьгахь?!
-Дара цхьа эзар сом, валар-висар хилахь, аьлла д1алачкъийна.
-Делахь ма ле суна, х1ара эзар сом ду алий.
-Оццул ас лачкъийна лардеш долу х1ара эзар сом, десара ала, хьо т1е муха кхечира?
-Хала ду ткъа, пуьтушна т1екхача, селхана хьан бедарш юьттуш кисана хьаьжира со, ванах кху стега документаш-м дац-те аьлла, т1аккха цу киснахь вай цхьа хаза, цхьа сийна эзар сом ду-кх.
Цхьа хазахетта суна!
-Х1аъ, хьуна хета мегар ду.
-Хьуна хета дезар иза-м.
Кисана ца хьожуш, стиральни машенчу хьан бедарш кхийсинехь х1ун хира дара? Шувв-шувв ,х1уф аьлла, хих иэ а делла и хьан документаш хилла меттиг хир бацара. Цундела хьуна г1уда дог1у, кхин цхьа эзар сом.
-Собар,собар ахьа-м кхин эхь ца хеташ со декхар ма вахийти!
-Шек д1а ма валахь стаг, вац хьо, декхар.
-Муха вац со декхар, х1инца хьо ма ю соьга кхин эзар сом г1уда?- бохуш.
-И теккха ваьлла хьо.
-Муха ваьлла со и текхна? Дера хир яц хьо, сан костюм кисана кхаьчна-м?
-Сом хьаха ца кхаьчна, хьан костюм яра-кх суна т1екхаьчнарг. Селхана костюмана иту хьаькхна, юха иза вешалки т1еуллуш, ца хууш киснара кхин цхьа эзар сом охьадуьйжи-кх.
-Ахь и 1уьнкара ерзийна-м яцара?
-Яцара дера, вешалка кагъеш, ша 1уьнкара елир-кх иза.
-Со-м ца хилла-те оцу костюм чохь?
-Вайй, д1авалахь д1а,дика дера ду цу ахчанна т1е бераш ца кхаьчна.Бераш т1екхаьчнехь х1ун хир дара?
-Х1умма хир дацар-кх, сан киснахь сан ахча хир дар-кх.
-Дара ч1ог1а, цара цхьа ловзо кехаташ ду моьттуш, эт1ийна, цаца санна дийра дара, т1аккха хьоькхучу мохо дуьненан еа маь11е д1ахьуруг хира дара.Цу т1е и пекъарш, хьехархой, субботникаш еш хир бара.
Кхин эзар сом декхар ву хьо, г1уда ду хьуна.
-Лаа вуй со декхар, юха а сан документаш стиральни машен чу тосур долуш-м дацара?
-Стиральни машен чу кхачарна кхерам бацара, амма и вайн бераша вайна ца хууш схьаэцна бага 1иттина хиллехьара, кийча кхераме инфекци яра-кх.
- Цунах х1ун инфекци хир яра? Хьайн даго хьоьхург ма дийцахь.
- Им эзар нехан карахула чекх долуш дай, валарна кхерам бу.
-Зуда, т1аккха хьай карара д1а ма даккхалахь.
-Х1ун бахар ахь?
-Дера боху, нах ахча ца хилчи ма ле, ткъа ахь ахча дерг ма волуьйту.
-Аса-м ца волуьйту, хьан 1ожалла т1екхаьчча цхьа минот совнаха вехар вац хьуна, шек д1а ма вала хьо!
Гигиена ларъян ма еза.
Г1уда ду хьуна эзар сом.
-Соьгахь-м дац, шадерг хьан кара ма дирзи иза.
-Ца оьшу, вайша расчетахь ду.
-Делан Вазлора хир яц хьо, сан т1оьрмиг чу кхаьчна - м?
-Селхана, хьуна хазахетийта, байт язъян къолам эца хьан т1оьрмиг чу хьаьжира со, къоламан метта сан кара х1ун еанера хаьий хьуна?
- Эзар сом деана хир ду-кха, кхин х1ун йог1ур яра хьан кара?.
-Ваййй, стаг, деа деера, вайша расчетехь ду, яхара со, туькана.Вададай, далалай, ма беркате деа хьо, таханлера де!
-Валлах1и бу х1ара зударий хьекьале а, саьхьара а.Зудрийн хьекъал дац тов!Валлах1 ду-кха.
Ватсапчохь со цхьаьнга язъеш велахь, мел дика хаьа алахь,хаац ватсап чохь кхин цхьа б1аьрг бацахь.Пуьтуш боттахь, теша теший, алахь!
- Дика хьаха ду, сан сбербанковски карта ца девзаш, цхьа визитка ду моьттуш 1аш ю, пекъар!
И хаахьара «Карта заблокирована» эр дара,тоххарехь сом чекхдаьлла хьан, аьлла.
Комментарии (1)

Б1аьстенан дийнахь, суьйренца лечкъаргех ловза дуьйладелира бераш. Дуьххьара дагар дора цара,го а бой, шена т1ехь чекхдаьлларг гуо юкъара д1аволура.Гуо чекхбаьлча цхьаъ

ХХ - г1а б1ешеран доьзткъе уьтталг1ачу шерашкахь журналистикехь къахьега волавелла Борхаджиев Хожбауди. Ша болх бечу газетан корреспондента т1ийра д1аволавелла, коьртачу