ЭЗАР ДОТТАГ1 ВЕРГ ВАЬЛЛА, ЭЗАР СТУ-ЕТТ БЕРГ ВАЙНА

Вай нехан стеган дахарехь доккхачу маь1не ду доттаг1алла. Деца, ненаца-м х1унда дуьйцура, шен йиша-вешица а эвхьаза хуьлуш дац вайн. Цундела ч1ога оьшу хьайх кхеташ, тешаме доттаг1 хилар. Бевзарш накъостий дукха хиларх, уллера доттаг1ий дукха ца хуьлу.
Ц1еххьанчу бохамо базбина корта т1етовжо юххехь дика накъост, доттаг1 оьшу. Хьаьнг — хьаьнга дийцина, нахала даккха йиш йоцуш х1ума а ма хуьлу. Иштта йолу хьайн деган къайле йийцина дог даста тешаме доттаг1 оьшу. Хьайн дика, хазахетар декъа а оьшу доттаг1. Лаа олуш ма дац: «Доттаг1алло воккхавер шозза совдоккху, сингаттам шозза эшабо». Кхузахь дагайог1у А. Сулейманов доттаг1аллех байташ:
Сан дахаран стигла кхолош,
Кхана х1оттахь йочана,
Хаьйн г1уллакхаш юкъахдитий,
Суна орцах кхачалахь
Букар бердах ирхо йоккхуш,
Хьо к1елвисахь, х1оьттина
Т1етовжа сан белш ю хьуна,
Хьан вешина меттана.

Доттаг1аллехь уггаре а коьртаниг тешам бу. « Г1алат гечде, ямартло ма гечъе. Хьуо даима тешаме а хила доттаг1чунна. Накъост кхерамехь а витий, к1елхьара а ма валалахь цкъа а, дийна воллушехь велла ву хьо хьайн сица», — яздо М. Сулаевс. Башха кицанаш кхоьллина халкъо доттаг1аллех:

«Доттаг1 шираниг тоьлу, бедар — керланиг»; «Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал»;  «Сакхт доцуш доттаг1 лехнарг и воцуш вуьсур ву»;  « Доттаг1чунна цу а хьовла хетта»;  « Доттаг1 д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву»;  «Зийна воцу доттаг1 — кагдаза б1ар»;

Доттаг1алло къаьмнаш ца къестадо. Нохчийн к1ентийн кхечу къаьмнийн к1енташца хиллачу тешамечу доттаг1аллех лаьцна дукха халкъан иллеш ду. Масла, Г1ебартойн Курсолтица доттаг1алла леладо нохчийн к1анта, Эвтархойн Ахьмад резахуьлу г1алаг1азкхийчуьнца гергарло лело:
«Даггара тешаме доттаг1ий хила вайша?
— Майралла ва гайта меттигаш нислур ю.
— Собаре хилахьа, Эвтархойн Ахьмад,
— олуш, лен ва ваьлча и г1алаг1азкхи.
Ша реза ма хили Эвтархойн Ахьмад».
Бакъболу доттаг1ий (шира дийцар).
Дехаш хилла наний, к1анттий. И к1ант т1ехь луралла долуш хилла. Цхьана буьйсанна, лечкъина шен нана муха ю хьажа веанчу кхунна хабар деана; сихонца ц1ера вала, хьуна ч1ир екха бог1уш нах бу аьлла. Сихонца д1аваха дагахь х1ара воллуш, кхин хабар кхаьчна: хьан езаш йолу йо1 кхечанхьа д1алуш ю, д1айига вола боху аьлла. Деллахь, х1инца ша х1ун дийр дара-техьа, аьлла х1ар воллуш, кхуьнга кхечо, — тховса хьан ца тору доттаг1ий бу бог1уш, шаьш т1еэца аьлла,- хабар схьатоьхна.
Х1ара иштта шадерг цхьаьний т1е г1оьртина, воьхна 1аш волуш, нанна тосабелла кхунан сингаттам. Цунах ца лачкъийна к1анта х1умма а, — Деллахь, нана, иштта хабар хезна суна, ас х1ун де аьлла? – хаьттина.
Нанас аьлла:
— Ч1ир екха бог1учу наха, Дела 1ожалла хилла яьллехь, шайн ч1ир оьцур ю хьуна. Хьан езаш йолу йо1 хьо шена везахь, соцур ю хьуна. Доттаг1ий т1еэца ахь, уьш карор бу хьуна. Резахилла к1ант, дотттаг1ий т1еэцна цо. Х1орш сакъоьруш 1аш болуш, к1ант сингаттаме хилар тоса а делла, хаьттина цара: «Шаьш дахкар ца тов те хьуна, я кхин сингаттам бу-техьа хьан дагчохь?» — аьлла. К1анта дийцина т1аккха. Шен нана муха 1аш ю хьажа веанера ша, хабар деара суна сихонца ц1ера вала аьлла, д1аваха кечлуш ша воллуш, кхин хабар деара шена, еза йо1 д1алуш ю, д1айига вола аьлла. Т1аккха х1ун дер ца хууш ша воллуш, кхечо шун кост схьатуьйхира сох. Цуьнан ойла еш 1ара ша аьлла, дийцина к1анта.
-Шайна моттара, хьан дагахь берг кхин сингаттам бу. Хьо вен вог1уш хилла хьан мостаг1 вийна, хьуна езаш йолу йо1 дехьа кертахь йоссийна, хьо волчу даьхкина к1ентий ду-кха тхо. Тхо муха к1ентий хета хьуна? — аьлла.Т1аккха кхетта к1ант ша динарг нийса хиларх. Нанас аьлларг дича, ша юьхьк1айча х1уттург хиларх а кхетта иза. Сулейманов Ахьмадан байташ ялайо оха:

Доттаг1аллаш ма хедаде,
Уьшша-м вайна оьшуш дай.
Шад ца хуьлуш, хотталац-кха
Хадахь, доттаг1аллин тай.

Тешаме доттаг1а ч1аг1онан б1ов ю баьхна вайнаха. Цунах лаьцна ду халкъан дийцар а. Ша леш шен цхьаъ бен воцчу к1анте весет до дас, х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1алахь, олий. Иза кхелхинчул т1аьхьа ойлане хуьлу к1ант, шен ден весетан маь1нех ца кхеташ. Оцу к1ентан х1усамнанас кхетийна иза: х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1а бохург, хьоьга цхьацца доттаг1а лаца бохург ма ду аьлла..

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля